Шед а карахь, кеп йина стаг? Таханлерчу гIалгIазакхех лаьцна дуьйцу атаманан хьехамчо

Оьрсийчуьра гIалгIазакхий, зорбан гIирсаша вочу агIор бен хьехош бац тIаьхьарчу шерашкахь, прогрессан а, культуран а, Ӏилманан а мостагӀий (мракобесаш) а, оппозицица къийсам латточу ницкъаллин структурийн белхахойн бекхам боцуш буьсу гIончий санна.

2012-чу шарахь буьрса хатI долчу суркуйнаш техкинчу божарша Краснодарехь юкъахдаьккхира галерейхочун Гельман Маратан гайтам схьабеллар а, Москвахь Pussy Riot тоба дакъалоцуш йолу "актулан иконийн" гайтам а.

2013-чу шарахь Анапан аэропортехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн байракхца садукъо гIоьртира гIалгIазакхий Америкерчу Bloodhound Gang рок-тобан басистан, амма полицина ци гира хиллар зулам хилар. ТIелетира гIалгIазакхий оппозиционерана Нвальный Алексейна а, "Гринпис" юкъараллин жигархойн лагерна а.

Таханлерчу гIалгIазакхаша хIинца а жоп делла дац шайна, шаьш муьлш ду бохучунна: этнокультуран юкъарло, шен мотт а, дахаран кеп а йолуш я "гIуллакх деш вац пачхьалкхана – гIалгIазакхи вац" принцип йолу юкъараллин тоба? Кубанка а, чоъа а тIедохало хIоранга а, лууш волчуьнга, амма гIалагIазакхий ву и стаг я вац билгалдоккху градаци йоцуш ю.

Оьрсийчуьрчу гIалгIазакхех а, церан проблемех а, церан дан дезачу гIуллакхех а лаьцна Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел дира "Союз казаков-воинов России и Зарубежья" юкъараллин вовшахтохаран Лаккхарчу атаманан хьехамчица, "Архонт" журналан редакторца, историн Iилманийн кандидатца Бредихин Антонца.

– 30 шо хьалха тIеийцира "Репрессеш лайна къаьмнашна реабилитаци ярах" низам (О реабилитации репрессированных народов). Сталинан репрессеш лайначу ГIирмера а, Кавказера а къаьмнашна, цхьацца билламаш бахкарца а цестийна кеп йолуш хиллехь а гIортор йир ю аьлла зира оцу низамехь, культуран ламаз дендарехь а, ненан меттанаш Iаморехь а, къоман идентичность кхиорехь а. Оцу агIор муха хьал лаьтта "культуран-этникан юкъарло" аьлла хьахийна болчу гIалгIазакхашкахь?

– Лаккхарчу кхелан "ГIалгIазакхашна реабилитаци ярх" сацам а, президентан "Репрессеш лайначу къаьмнашна реабилитаци ярх" низам кхочушдан оьшучу гIуллакхех" гIалгIазакхашца доьзна" (О мерах по реализации Закона Российской Федерации "О реабилитации репрессированных народов" в отношении казачества) указ а тIеийцира тIаьхьо, 1992-чу шарахь.

ГIалгIазакхий къам ларахь а ца ларахь а цо Iаткъам бийр бац уьш хьокъехь лелочу пачхьалкхан политикана

И акташ ду гIалгIазакхий хьокехь пачхьалкхан политика кхочуш еш бухе дехкинарш. Оцу указехь де-факто олу низаман база кхоьллина, гIалакъазакхийн юкъараллин дахаран кеп билгалйоккхуш йолу.

И документаш карарчу хенахь мехала лоруш хиларх лаьцна гойту кхушара ГIуран-беттан 4-хь указна тIехь бинчу хийцамаша. Царна тIехь емал еш ю Советан Iедалша "гIалгIазакхий бохош" (расказачивание) дIахьуш хилла политика. Билгалбаьхна гIалгIазакхалла юхаметтахIотторан а, кхиаран а аьттонаш.

Нормативан а, бакъонан а оцу актийн цхьатерра мах хадор дац гIалгIазакхашна юкъахь. Цхьаберш тоам беш бу, вуьйсуш – бац. Амма кхето дезаш ду 1917-шарал хьалха юкъаметтигийн а, бакъонийн а система кхин хилла хилар. Иза юхаметтахIотталур долуш дац, хIунда аьлча хийцайелла пачхьалкхан кеп, хийцайелла эпоха.

И хаттар дийцаре деш, тидамехь латто еза карарчу хенахь йолу реалеш, тидаме эца деза СССР йоьхначул тIахьа юкхаметтахIуьттучу заманахь гIалгIазакхийн хIун дан аьтто баьлла бохург.

– Тахана реестран гIалгIазакхашна юкъаоьцу муьлхха а лаамберг. Ур-аттал эскаран атаманаш а бу гIалкхазакхийн тайпанах боцурш. Нийса дуй иза?

– Дац, со ванне а реза вац оцу позицица. Бовш бу культуран бух, довш ду дукха хенахь дуьйна схьадогIу васт. Ткъа жамI гуш ду. ГIалагIазакхалла юхаметтахIотторах лаьцна хIун дуьйцур ду? Таханлераниг 15-гIа бIешо ма дац, гIалгIазакхех схьаваьлла воцу стаг "гIалгIазакхийн тIамарх" воьлла, ша гIалгIазакхий хилар хааделла цунна бахар гIалгIазакхийн боламна дискридитаци яр ду.

ГIалгIазакхийн гIуллакхашкахула презиндентан Iуналлехь йолчу Кхеташонан хиллачу гIандас Беглов Александара далочу терахьца, тахана Оьрсийчохь вехаш ву 7 миллион гергга гIалгIазакхийн тIаьхьенех схьаваьлла стаг. Реестрехь дIаязвина вац 180 эзар стаг а бен, и терахь а ду тIаьхьарчу хенахь вуно сиха лахлуш. Мелхо а, гуш ду реестран гIалгIазакхийн юкъарлонаш дIайовлуш хилар, иза дийца аьтто бу масаллина Ростов схьаэцча. Цигахь гIалгIазакхийн юкъараллин цхьаьнакхетараллех (реестран йоцу юкъарлонаш) дIакхетта уггар жигара хиллачу станицех а, кIотарех а доккхах долу дакъа.

Ткъа мичахь бу бисна болу гIалгIазакхехь схьабевлла нах? Терахьаш инзаре цхьаьнадогIуш дац. Ткъа вай хьехош а бац арахьара гIалгIазакхий.

ГIалгIазакхий Москвахь тIеман парадехь. 9 Стиг. 2021 шо

– Цхьаболчарна хета пачхьалкхо гIалгIазакхий ца къастийна къам санна, шаьш шайга Iедал а кхоллийта, латтанаш а ло, бакъонаш а ло аьлла уьш дехарш дан буьйлалур бу аьлла кхерам хиларна. Тахана хила мегаш дуй гIалгIазакхийн къам ду аьлла даре дар, тахана оьшуш дуй иза гIалгIазакхашна?

– 2020-чу а, 2010-чу а шерашкахь дIадаьхьначу бахархой ларарийн жамIаш ду вайна девзаш. Оцу терахьашца а догIуш, къомах "гIалгIазакхий" бу аьлла билгалбевлачу нахан терахь лахлуш ду. 2015-чу шарахь дIадаьхьначу микро-ларарехь, 2,2 миллион стагах къомах гIалгIазакхий ша хилар гайтина 219 стага. И гайтам берриг махкарчу бахархошца буьстича нисло ша гIалгIазакхий хеташ 14 эзар стаг хилар.

ГIалгIазакхийн юкъараллин хьалханчаша дуьйцурш кхин терахьаш ду, бахархой лаларехь далош дерш а цхьаьна. Амма билггал ала мегар ду цхьаъ: гIалгIазакхий къам ларахь а ца ларахь а цо Iаткъам бийр бац уьш хьокъехь лелочу пачхьалкхан политикана.

1990-чу шерашкахь дуьйна кхолла ца белла, гIалгIазакхийн бакъонаш ларъярехь къахьоьгу цхьааллин политикан гIалгIазкахийн болам

– Кавказан а, ГIирман а къаьмнаш, гIалгIазакхий санна репресеш лайна ду Советан заманахь. Амма церан шайн къоман кхетам а, ламасташ а, этикан Iедалш а дисна. ГIалгIазакхийн хIунда ца йисна шайн дайшца хилла уьйр?

– Советан Iедалш вуно дика кхеташ дара гIалгIазакхийн ницкъах. Билггал и бахьана долуш тIеэцна яра гIалгIазакхий бохор хьокъехь директива, репрессеш йора изза бахьана долуш. Амма со реза вац хаттарна. Нагахь тIаьхьенашна юкъара зIе хаьдда хиллехьара, церан юхаметтахIоттар а хир дацара, гIалгIазакхий хир бацара тахана.

– ГIалгIазкхийчун зорбан гIирсашкахь дукхачу хьолехь васт ду, хьалха мидалш а оьхкина, кеп йина кара лаьцна шад йолу стаг. Иштта хIунда го гIалгIазакхи?

– И проблема тахана я 30 шо хьалха гучуяьлла яц. ГIалгIазакхийн вон васт, там боцуш лелар гайтар дIахьора иттаннаш шерашкахь советан Iедалша, ткъа юхаметтахIоттор дIадолочу ханна иштта жамI дара вайга кхаьчнарг. Шеко йоцуш, хIоранна а карахь гаджет хилча, гIалгIазакхийн имиджна тIехь болх бан беза, дикачу агIор васташ кхуллуш.

Масленица даздеш Москвахь бу гIалгIазакхий. 2021 шо

– ХIун ду Оьрсийчуьрчу гIалгIазакхашна цхьаьнакхета новкъарло йийриг?

– Амбицеш йитча, цхьа а хIума дац. Президентан указ оьшу, Ерригоьрсийчоьнан гIалгIазакхийн юкъараллица иза ма хиллара. Цхьаьнакхетаран план оьшу, иза меттигашкахь кхочуш ярна Iуналла дар а оьшу.

– Таханлерчу гIалгIазакхийн политикан хьежамех лаьцна хIун эр дара ахь?

– Къаьсттина дукхахберш гIортор еш бу Оьрсийчоьнан Федерацин президентана Путин Владимирна. Церан идеологи ю - патриотизм. Цуьнца цхьана гIалгIазакхаша кхаж тосу ерриг а политикан партешкахьара. Бахьана цхьаъ ду: 1990-чу шерашкахь дуьйна ца кхоллабелла, гIалгIазакхийн бакъонаш ларъярехь къахьоьгу цхьааллин политикан гIалгIазкахийн болам.

– ГIалгIазкахий дIахада йиш йоцу дакъа дуй Кавказан?

– ГIалгIазакхий дукъ ду Оьрсийчоьнан къоман. Шаьш хьалхабелла боьлхуш хиларна, гIалгIазакхий хьуьнар долуш бу Кавказерчу къаьмнашца баланс йолу юкъаметтигийн система кхолла. Ламанхойн къаьмнашца ОЬрсийчоьнан хала а, наггахь цхьаьна ца йогӀу а юкъаметтигийн системехь цхьаалла хилийта "российскость" а, "совместничество" кхуллуш тIай ду гIалгIазакхий.

Кубанерчу гIалгIазакхийн эскаран парад, Краснодар, 2018 шо

***

Ставропол мехкан администрацино 2020-чу шарахь 4 гергга миллион сом дайина гIалгIазакхийн хьашташна. Иза масийттаза дукха ду бахархой могашаллан кеп йолу дахаре марзбарна, вочу хьолехь болу хIолламаш меттахIитторна я муниципалан гIишлош цIарах ларъян дайинчу ахчанал а.

Стигалкъекъа-беттан 9-хь Краснодар махкахь гIалгIазакхаша полисхошца цхьаьна йиттина меттигерчу жигархочунна Русин Григорина, плакат а карахь, Назаров Дмитрийн байт йоьшуш волчу. Махкахь бахархойн дахаран хьелаш телхаш а долуш, Сийлахь даймехкан тIамехь толам баьккхина 76 шо кхачарна хьажийна тIех сов даздарш оьуш хилар шеконе дуьллуш дара оцу байтехь.