Коронавирусна дуьхьал вакцинаци яйта реза берш а, боцурш а билгалбоху комисси кхолла еза, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И къамел цо дина Соьлжа-ГIалахь COVID-19 цамгарна дуьхьаллаьттачу оперативан штабан кхеташонехь Стигалкъекъа-беттан 25-чохь.
Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, дIахьедина Кадыровс.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчуьрчу пенсионеро нах шена къинтIерабаьхна махкахь вакцина ницкъаша йойту аларнаЦунна гарехь, бахархой кхоалгIачу локдаунах, комендантан сахьтехь, масканаш лелорах кIелхьарбахалур бац вакцина массара а ца тохийтахь.
- Хьалхо баьржинчу хаамца, Кадыров шена къинтIера ваьккхина ца цунах "шайтIа" аларна Пермерчу цхьана кхизхочо. Оцу хьокъехь видео яра яьржина нохчийн инстаграм-каналашкахула.
- Кадыровс "малончаш" элира деношкахь мехкан бахархойх. Цунна хетарехь, дуккха а белхан меттигаш ю Нохчийчохь, амма бахархошна ца лаьа къахьега. Регионехь оцу бахьаница ю белхазалла лакхара, тешна ву иза.