Къилбаседа Кавказера схьаваьлла виъ стаг лаьцна Францехь

Францин Лахара Рейн департаментехь лаьцна Къилбаседа Кавказера схьаваьлла виъ вахархо. Талор дан кечбаларх йолчу шеконца лецна уьш, хаам бо le Parisien газето.

DGSI урхаллерчу (чоьхьарчу талламийн хьукмат) полисхоша лецна уьш Стигалкъекъа-беттан 26-чохь террорхойн тобанаш Iорайохучу Халкъан антитерроран прокуратуро (Pnat) дIахьочу зерашца доьзна.

Веаннах кхоъ ву кхаизхо (16-17 лет) шераш, 18 шо ду цхьаьннан. Кхоъ ву царех нохчо.

Хьалхо хаам баьржира 39 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Гантемиров Якъуб лацаран хьокъехь, Францерчу Монтобонехь деши оьцучу туькан да вара иза, лаьцна 75 къолан декъахь хиларца йолчу шеконца.

  • Хьалхо Францино депортаци йира Нохчийчуьрчу мухIажарна Гадаев Мохьмадна. Иза карарчу хенахь Нохчийчохь ву, амма иза Iедало къайлаваьккхина меттиг хууш яц гергарчарна. Ша Францера араваккхале, протест кхайкхош, шен гай этIийра Гадаевс.
  • Охан-бутт боьрзуш 7 кавказхо лецира Францехь. Шема ахчанаш хьийсорах а, террористаш хиларх а шеко йолуш лецна уьш.