Айдана (цIе хийцина ю. – Ред.) 8 бутт болчу бераца майрчо дIайигинера Шема пачхьалкхе 2015-чу шарахь. 4 шо даьккхира цо тIеман конфликтан куьрехь.
"Вай цIа доьрзур дац Казахстане"
Со маре яхара 18 шо долуш, Делах тешаш волчу сайл а 13 шо воккха волчу стаге. Дуьххьара сайн хир волу хIусамда суна гучу хенахь а яра со ламаз деш. Маре яхале болх беш яра со динца йоьзна цхьацца хIуманаш юхкучу туьканахь. Цул тIаьхьа майрчо дихкира суна болх бан.
Лаккхара дешар дешна вара иза, инженер вара мехкадаьттан компанехь. Цкъа а суна халахетар ца динера цо, суна луъург дора, Iалаш йора. Цундела делахь а, да воцуш кхиъна йолчу суна, хIора цуьнан дош дара низам.
2015-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь, тхойшинна кIентан 8 бутт а болуш, садаIа Истанбуле дахара тхо. Ахча дара тхоьгахь гулдина оцу гIуллакхана, билеташ а дара юха цIадерза эцна. Дуккха а гӀалин историн сийлаллашка а хьажна, цIа дахка кечлуш дара тхо, амма кхана новкъа довла дезаш а долуш майрчо элира: Шемахь кхуллуш исламан пачхьалкх ю, шарIан низамашца нах бехаш йолу. Тахана буьйсанна отеле нах богIур бу, вай туркойн-шемахойн дозане дIадига. Вай кхин цIадоьрзур дац Казахстане"!
Оцу дийнахь хиира суна, иза Шемарчу "вежаршца" дийцарш дIахьуш хилла хиларх лаьцна. Мел со елхарх, дехарш дарх шен ойлана тIера ца велира иза.
Тхо отелера дIадигира бевзаш боцчу наха. Машенахь Шеман дозанца йолчу туркойн Газиантеп гIала кхечира тхо, доза хадийра оха буьйса юккъе яьлча. Суна дагадогIу сой, карахь бер а долуш, хьаьжкIин аренехула едда яхана.
Тхо а, кхин а Актобера цхьа доьзал а, хIусамда мехкадаьттахо вара церан а, севцира Шеман къилбаседехьа йолчу Эл-Меядин гIалана гергахь йолчу мехкадаьтта доккхучу меттехь ("Исламан пачхьалкх" тобано иза дIалаьцнера 2014-чу шарахь Товбеца-беттан юххьехь, ткъа тIамца маьрша яьккхира иза Iедалан эскарша 2017-чу шарахь ГIадужу-баттахь. – Ред.).
Сан майра зеделларг долу, ингалсан мотт а хууш, инженер хиларна, тхуна дика хIусам елира, "дерриг а хьелаш кхоьллира". ШолгIачу доьзалехь кхуьуш 3 бер дара. Оцу пхеа адамах даймахка юхавирзина цхьа ялх шо долу Асан (цIе хийцина ю. – Ред.)
Тхо Iийначу мехкадаьтта доккхучу меттехь дуккха а суданхой а, тунисхой а, индонезихой а бара. Майра дукха Iуьйранна балха водара, тIаьххьа цIа верзара. Юкъа-кара ,бомбанаш тохара. Оцу миноташкахь зударий, бераш а оьций, дIаловчкъара подвала чохь.
Эл-Меядинехь ялх гергга бутт баьккхира оха, тIаккха дехьадевлира къилбаседехьарчу Эт-Табка гIала. Майра вара иза лууш.
2016-чу шеран юьхье яра иза. Ас даима а дехара: "ЦIа дахийтахь вай, бохуш". Оцу хенахь сан хIусамден а – иза герз латто гIишло ларйеш вара – ойла хийцаяла йолаеллера ДАIИШ-ах шен хилла.
Цхьана дийнахь цо соьга элира: "Кхузара арадовла хала хир ду вайна. Нагахь со лахь, вайшина кIентан дуьхьа ледара ма хилалахь. Уьйр дIа ма хада елахь Казахстанца".
Хууш хиллера цунна шена ваха дукха хан йисна ца хилар. Иза кхелхира, герз чохь долчу гIишлонна тохар дича, 2016-чу шарахь ГIура-беттан 23-хь. Оцу шарахь кестта 36 шо кача дезаш дара цуьнан.
"Сан Iожалла ю-те тIекхаьчнарг?"
МостагIчунна луур дацара суна оцу шерашкахь Шемахь айса лайнарг. ТIаьххьара ши шо ах шо даьккхира оха дийна диса гIерташ. Сахуьллуш, дерриг а гонаха серла доккхуш, бомбанаш лелхаш, стигала а хьожуш, ойла йора ас: сан Iожалла ю-те тIекхаьчнарг? Iожаллах кхерара со, кIант бахьана долуш: хIун хир ду-те цуьнах со кхалхахь?
ДАIИШ-а хIусамдай байъина зударий дIагулбора "бисначу зударий хIусаме". Цигахь беа баттаххь итт дийнахь чIир кхабара цара. Цул тIаьхьа зударшна бакъо лора маре баха. Цхьа хан яьккхира ас оцу кепарчу цIийнехь. Со маре йига луурш дукха а бара, амма сан дагахь дерг дара, сайн кIант ларвар дендаргех а, цIарах а.
ТIаьххьара ши шо даьккхира оха цхьана меттера кхечу метте довлуш. Наггахь цхьана меттера вукханхьа гIаш доьлхара тхо. Тхо мичча долхарх тхуна тIаьхьа лелаш яра хIоъ-молхан а, цIийн а хьожа. ДАIИШ-ан тIемалой а, меттигера бахархой дIабохка ца ларабора байъинарш. Тхуна тIехула лелара тIехь пилоташ боцу кеманаш, жимма а меттах долу хIума хIаллакдеш.
Тахана а бIаьргашна дуьхьал лаьтта суна Раккехь соьца цхьаьна нисйелла хилла зуда. Цуьнан 13 шо долу кIант вийра, цуьнан дакъа Iиллара некъа юккъехь. Массаьрга а дехара цо иза дIавуллуш гIо дахьара шена бохуш. Амма цунна гIо ца дира цхьаммо а. Адамаш кхерара арадовла. И зуда текхна тIеяхара шен вийначу кIантана, маIарш хьоькхуш ор даьккхина дIавоьллира цо шен кIант, жIаьлешка а, къийгашка а иза ца ваийта…
Саьмгаршна чохь левчкъина Iийра тхо масех дийнахь. ДАIИШ-а Iуналла до тIаьххьара меттиг - Багуз гоне лаьцначу хенахь, оха буьйса яьккхира эрна арахь Ефрат хин берда йистехь.
Хица йолуш яра цхьа буц, четар-зазанах тера а йолуш, цуьнан цIе дага ца йогIу суна. Иза кIа аьхьна йисначу дуьйрех а тухуш йиъира оха. Дийнахь наран (гранат) генаш а дохуш, царах кочарш дора оха. Буьйсанна уьш дагадора.
Со кхийтира Багузехь тхоьга хьожуш Iожалла хиларх, кIелхьаръяла гIорта сацам бира ас. ТIаьххьара сайгахь хилла 200 доллар дIа а делла, меттигерчу цхьана вахархочуьнга сайна курдийн лагере некъ гайтийтира ас.
Некъ гойтуш лелачу нахах лаьцна дуккха а хабарш лелар меттигерчу бахархошна юкъахь. Цхьаболчара дийцара, цара ахча а оьцуш, нах Iеха бо бохуш, кхечара цара нах минанаш йоьхкинчу аренашка буьгу, бохуш дийцара. Сан дагчохь кхерам бара, амма кхин харжам бацара сан. 2019-чу шарахь Дечкен-баттахь цхьана стага, некъ а гойтуш, дIакхетийра тхо "Ал-ХIол" тIамах бевдда лелачу нехан курдийн лагере.
"ХIумма а хьулдан лаам бац сан"
"Ал-ХIолехь" со тIенисъелира Асанна, Шема дIакхаьчначу хенахь тхо цхьаьна Iийначу Актоберчу доьзалерчу воккхаха волчу кIантана. Да-нана кхелхинчул тIаьхьа бомбанаш тоьхча йийнера Асанан жимаха йолу йиша. Цуьнан жимаха волу ваша веллера мацалла. Ша иза лагере валийнера кхечу Iаьрбийн боберашца цхьаьна.
Шемахь ас Iамийна курдийн мотт суна хааро чIогIа гIо дира суна, Асанан хьокъехь ас дехарш деш.
ХIора денна, сайн кIант а оьций, Iаьрбийн мухIажарш болчу лагере йоьдура со. КIант соьга схьавала ца лаара царна. Амма со юха ца йолуш лийлира цига, сой кIорда йойтуш, эххар иза дIавига аьтто белира сан. Цхьаьна Iийра тхо "Ал-ХIол" лагерехь а, Актаухь реабилитацин центрехь а. ХIинца Асан ненан гергарчу нахехь ву Актюбехь. Сан кIанта иза шен ваша лору.
Казахстан шен махкахой кIелхьар боху операци дIаяхьа лууш хиларх лаьцна хиира тхуна, арахьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой баьхкича. Казахстанера нах лоьхуш лагершкахула чекхбовлуш хиллера уьш. Цкъа хьалха цIераш тIехь йолу кехат хIоттийра, ткъа цул тIаьхьа автобусахь дIадигира тхо аэропорте.
Кема охьахиира Актаун аэропортехь 2019-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 7-хь Iуьйранна. Тайп-тайпана ойланаш хьийзара сан коьрте. Сан дагчохь ийнера баркалла алар а, эхь хетар а.
Цхьа бутт баьккхира оха Актаухь реабилитацин центрехь, тIаккха цIа дахара Актобе. Майрчун дас-нанас хазахетарца марахьарчийра шайн цхьаъ бен ца хиллачу кIентан бер.
2015-чу шарахь Актобера Истанбуле дахча, сан хIусамдас цунна ловзо машен эцнера. ЦIаргара а, герз деттарна а кIелхьара яккха аьтто баьллера тхойшинан иза. Ас дийцира кIанте дас динчу оцу совгIатах лаьцна а, иза валарх лаьцна а, амма кхета ца велира соьга кIант мухачу хьелакхаш кхелхира да бохучух. Воккха хилча дуьйцур ду ас цуьнга дас динчу гIалатах лаьцна а, кхалхарх лаьцна а. Суна хетарехь, иза кхетар ву.
Карарчу хенахь сайн кIантаца со ехаш ю ненаца. Иза школе вахна юьхьанцарчу классе. Шахматаш дукха еза цунна. Дукха хан йоццуш совгIат делла цунна хьалхарчу шен турнирехь.
ЦIера дIа доьшуш ю со Оьрсийчоьнан университетехь "теологан" говзалла караерзош.
Со Iехаеллера, динан дешар со дешна ца хиларна. Ца лаьа суна, кхечара а ас санна гIалат дойла. ТIейогIучу хенахь сайна зеделлачух а, хаарех а пайда эца дагахь ю со, кхечарна гIо деш.
Сайн кIант патриот санна кхио лууш ю со, диплом даккха, нанна хетарг дийр ду ас. Хьалха сох тешаш яра иза. Цуьнга хьажа дагахь ю со, шерашкахь цо хьегнарг бахьана долуш.
Сан дахаран диъ шо хан яйна эрна. Сайн кхелхина майра бехке ван а ца лаьа суна, кего ца лаьа дIадахнарг. Цо а дина гIалат. Дукха тIаьхьа дара, ша нийса цахиларх иза кхеттачу хенахь.
Тхо Шема доьлхуш хиларх лаьцна сайна ца хаара ас аьлча, цхьаберш ца теша а мега. И бахьана долуш оьгIазоьхур яц со. Адамаш гIалаташ дахарна тIера бу, амма цхьа а вац, АллахI воцург, сан дохкоялар ган лууш. ДIасахьовсийша гонаха: со цхьаъ хилла ца Iан нийсачу новкъах яьлларг. Бакъду, сан гIалаташ тера дац кхечеран гIалатех. Иза суна дика хаьа. Ца оьшу со дIатетта. Суна иштта а дина таIзар.
Далла бу хастам, тахана цо хIара де даларна. Наггахь сан дагчу кхерам эккха, гIан хила мегара хIара олий.
КХИН А ХЬАЖА: "Дала дитина бераш". Оьрсийчоьно муха цIа балабо (ца балабо) Шемара шайн бахархой