ГIелонах бевдда зударий дIалечкъачу хIусамна тIелетта ХIинжа-ГIалахь

ХIинжа-ГIалахь тIелетта цIерачара ечу гIелонах бевдда зударий дIалечкъинчу хIусамна. Нохчийчуьра бахкина нах а, меттигера полици а хилла дакъалоцуш. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаам бина бакъоларъярхочо Анохина Светланас.

Корреспондентца иза къаелдеш а Iаш, дина тIелатар. Зударий дIалечкъинчу петар чулилхина божарий. Анохина а, цуьнца кхин йиъ йоI а петарара араяьккхина, маситтазза тоьхна царна. Гарехь, Нохчийчуьра бу гIелонах Iалашлуш шен цIера едда дIайига баьхкинарш.

Анохинас Кавказ.Реалиига дийцарехь, полисхой баьхкина, цара Нохчийчуьра едда йоI федералан лехамехь ю, аьлла. Зудабераша чубитина уьш, уьш дареш дIа а яздина, дIабахана. Амма хан генаялале юхабаьхкина полисхой, шайца кхин нах а болуш.

Анохина, кхиболу волонтераш а полице бигина. Iедална дуьхьалоярх долу кехаташ хIиттийна царна дуьхьал. Нохчийчуьра едда йоI петарахь йисина цIера баьхкинчу нахаца, цул тIаьхьа хилларг ца хаьа Анохина Светланина. Цунна хетарехь, Нохчийчу дIайигина цигара едда еънарг.

"Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" ша "Медиазона" ресурсе бинчу хаамехь цIеяьккхина цуьнан – Тарамова Хьалимат Аюбовна. Цо бахарехь, шен сексуалан башхалла бахьанехь цахь еттачуьра кIелхьараяьлла, едда хилла иза. Нохчийн оппозицин 1Adat телеграм-канало видео яржийна юьцучу йоьIан. Цо шен це а йоккхуш, боху, ша цIера едда шена ечу гIелонех, доьху ша йолу меттиг цайийцар. Телеграм-канало дицарехь, лаккхарчу хьаькаман йоI ю иза.