Царнаев ЖовхIарна вен кхел яр юхаметтахIоттор доьху Байденан администрацино

Царнаев ЖовхIар

Джо Байденан администрацино кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Шататийн Лаккхарчу кхеле, Бостонерчу марафонехь терроран акт ярна Царнаев ЖовхIарна вен кхел еш бина сацам юхаметтахIоттор хькъехь, президент (махкахь) вен кхелаш ярна хьул а ца деш дуьхьал велахь.

Цунах лаьцна яздо " америкехь арадолучу Boston Herald (Бостон ХIералд) газето.

Царнаев ЖовхIар карарчу хенахь луьрачу хьелашкахь чувоьллина латтош ву Америкехь уггар чIогIа ларйеш йолчу Колорадо штатан Флоренция гIаларчу ADMAX набахтехь

Цо яздарехь, Юстицин министраллан юристаша оршотан дийнахь дIаделлачу документашкахь яздина Бостонера гонан хьалхара аппеляцин кхел галъяьллера, стохка юхайоьккхуш 27 шо долчу жимачу стагана вен кхел яра юахадоккхуш, бехккъастохой хоржу процесс нийса хиларна шеко ю аьлла.

Царнаевн гIуллакх "мехкан исторехь терроризмаца доьзначу гIуллакхашна юкъахь уггар мехала долчерах" хилар билгал а доккхуш, лараме суьдехь президентан администарцин цIарах дакъалоцучу инарлан солиситоран офисо дIахьедина, Лаккхара кхел декхарелахь ю "и гIуллакх нийсонца чекхдаккха юхадерзо" аьлла.

Boston Herald газето билгалдаккхарехь, КIайн ЦIийнан векло Бейтс Эндрюса аьлла ша яздинчу электронан кехата тIехь, Юстицин министралла (Justice Department) "оцу тайпачу дискуссешкахь йозуш йоцуш ю ". Амма президентана "хета Департамент юхаерза еза вен кхелаш ян ца оьшу аьлла ша хьалха юьхьарлаьцна хиллачунна тIе", аьлла Бейтса.

Газето билгадаккхарехь, шен тIаьххаьарчу 6 баттахь 13 федералан тутмакхна вен йина кхел кхочуш йиначу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хьалха хиллачу президентан Трамп Дональдан администрацино Бостонерчу апеллацин кхелан сацамна апелляци йира Лаккхарчу кхеле 2020-чу шарахь Товбеца-баттахь.

ТIаьхьо цу хенахь Американ инарлин прокурор, юстицин министр хиллачу Барр Уильяма дIахьедира, Царнаевна вен йина кхел юхаметтахIоттаяйта "дерриг а оьшург дийр ду" шаьш аьлла.

Царнаев Тамерлан вийра лелхийтар дина масех де даьлча полисхошна герз детташ а волуш. Иза дийна а волуш схьалаца гIоьртина полицин эпсар Пульезе Джеффри пенсе вахара хIара бутт болалуш, 41 шарахь полицехь болх бинчул тIаьхьа

Стохка Товбеца-беттан 31-хь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхира 2013-чу шарахь Охан-беттан 15-хь Бостонерчу марафонехь терроран тохар дарна Царнаев ЖовхIар вен кхачош бина сацам.

КХИН А ХЬАЖА: Царнаевн адвокаташа Американ Лаккхарчу кхелехь жоьпаш лур ду, иза вен кхел юхайоккхуш бинчу сацамна Iедало латкъам барца доьзна

Суьдо жамI дира, и гIуллакх луьстуш волчу суьдхочуьнга "хила ма-безза болу бехккъастархой харжа цабеллера, озабезам ца бан доьналла долу аьлла. Американ Хьалхарчу гонан апелляцин кхелан кхаа кхелахочух лаьттачу коллегино сацам бира кхелан кхеташонийн тIаьххьара долу дакъа юхадIадахьа деза, бухболлуш жамI карор Iалашонца: билггала вен везаш вуй 27 шо долу Царнаев, 3 стаг а вуьйш, 260 стагана чевнаш а еш хиллачу тIелатарехь дакъалацарна.

КХИН А ХЬАЖА: Ша ца вуьйриг талламчашца бертаваха дагахь хилла Царнаев

Царнаев ЖовхIаран адвокаташа кхел йолалуш даре дира цо а, цуьнан воккхаха волчу вашас Царнаев Тамерлана а, марафонан финишехь ши бомба эккхийтина хилар Охан-беттан 15-хь. Амма цара чIагIдора ЖовхIар кIезиг бехке ву иза кечдинарг цуьнан воккхаха ваша хиларна бохуш.

ЦарнаевгIара Тамерлан а (аьтту агIорхьара), ЖовхIар а Бостонехь ши эккхийтар дале хьалха

Царнаев Тамерлан вийра лелхийтар дина масех де даьлча полисхошна герз детташ а волуш.

Иза дийна а волуш схьалаца гIоьртина полицин эпсар Пульезе Джеффри пенсе вахара хIара бутт болалуш, 41 шарахь полицехь болх бинчул тIаьхьа. WBZ-TV телеканалана интервью луш Царнаев Тамерлан тIаьххаьара минотех лаьцна полисхочо дийцинарг даладо меттигерчу Boston Herald газето.

"Тхо герз детташ дара вовшашна, хIинца хаьа суна цуьнан тапчин патармаш кхачийна хилла хилар. Оцу хенахь тхуна иза ца хаьара, тапчана цхьаъ хилла моьттура тхуна. Иза сецира. Карахь тапча а йолуш, сан бIаьргашчу хьаьжира иза. ТIаккха суна тIеластийра цо шен тапча, иза сан белшах кхийтира. Сайн тапча хумпIарна чу а йоьллина, тIеведда схьалецира ас иза", - дийцира Пульезе Джеффрис.

КХИН А ХЬАЖА: ЦарнаевгIара Бостонехь дина зулам дагадоуьйту "Патриотан де" кинохь

Газето дуьйцу кхин д1а хилларг: "Пульезес а, кхин а шина эпсаро а Царнаев Тамерлан охьавиллина латтош а волуш, джип машенна хьалха а хиъна, тIехаьхкинера Царнаев ЖовхIара, - яздо газето. - Пульезе гIодаюкъ лаьцна дIатакхо гIоьртира Тамерлан, иза тIейогIучу машенах кIелхьарваккха дагахь. Амма полисхочунна метта машен кIел вахара Тамерлан Царнаев".

"Машен тIехъэккхаш цо юьхьтIе тоьхна мох хаабелира суна", - дийира полисхочо Пульезес.

Царнаев ЖовхIара тIехула машен эккхийтина вийра шен воккхаха волу ваша, дерзадо хилларг газето.

Царнаев дIавоьллина меттиг юьйцуш яц. Полицино 2013-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь (май) баржийначу хаамехь дуьйцуш дара, Царнаевн дакъа кхин доцуш ду Массачусетс штатерчу Вустер олучу гIалахь йолчу стаг дIавуллучу бюрохь аьлла. Цигахь латтийра иза масех дийнахь.

Царнаев ЖовхIар карарчу хенахь чувоьллина латтош ву Америкехь уггар чIогIа ларйеш йолчу Колорадо штатан Флоренция гIаларчу ADMAX набахтехь, вуно луьрачу супермакс (supermax) олучу системан хьелашкахь.