Нохчийн диаспора а, къобал ца йинчу Ичкерин векалш а юкъахь болуш, 2000-чу шарахь яьккхина, Голландин режиссеран Лео де Буран "Соьлжа-ГIала цIерпошт" (Train to Grozny) кино гайтина Роттердамехь. Фильмехь гайтина тIамо лаьцначу Нохчийчуьра суьрташ, иштта оцу хиламийн декъашхой хиллачаьрца йина интервью а. Оьрсийчоь тIамца Украине гIоьртинчул тIаьхьа и кино юха а мехала яьлла.
69 шо долчу режиссере хеттарш дира Кавказ.Реалиино, хьенан документалан белхашна совгIаташ дира кеп-кепарчу Европерчу фестивалашкахь, 2000-чу шарахь цунна Соьлжа-ГIалахь гинчух а, Малхбузенна Украинех лаьцна хетачух а, маьрша боцчу хьелашкарчу Оьрсийчоьнан бахархоша муха дIахьедан деза, пачхьалкхан политикана шаьш резадацар а.
– Хьайна дуьххьара Нохчийчохь гинчух хIун хийтира дийцахьа?
– Ерриг Соьлжа-ГIала охьаатар, дуьненаюкъара цхьана а кепара гIо цахилар, масала, "ЦIечу жIарера" йа "Доза доцчу лоьрашкара". Хетарехь, уьш хиллера цигахь, амма сепаратисташа шайна кхерамаш тийсинчул тIаьхьа а, шаьш лачкъон гIоьртинчул тIаьхьа а дIабаханера.
– Атта дарий 2000-чу шарахь Европерчу режиссерна Нохчийчу кхача? Оьрсийчоьнан Iедалхошца цига воьдучу хенахь дицарш мел лаьттира, цхьа а хьовзам барий цуьнца доьзна?
– Билгалдоккху, со цкъа бен Нохчийчу вахана цахилар. Цига вахарх дуьйцуш, бакъонан хеттарш луьстуш ерг сан продюсер а, гочдархо а Новикова Маша яра (оьрсийн орамаш долу голландхойн режиссер. 2019-чу шарахь кино яьккхира цо, АхмадовгIара Рамзана а, Айзас а вовшахтоьхначу нохчийн халкъан берийн "Даймохк" хелхаран ансамблах лаьцна. Свобода Радионо яздарехь, церан йоI, ансамблан декъашхо Амина – Кадыров Рамзанан кхоалгIа зуда хилира. – Редакцин билгалдаккхар.). Нохчийчу даха тхуна ийшира прессана аьлла, леррина пропускаш. Масех де а, жимма ахча а дайра тхан барт беш.
– Къаьсттина муьлхачу историно Iадийра хьо, хьан чIогIа эмоцеш а гIиттош?
Со Iадийнарг хила тарлора, йохийначу Соьлжа-ГIаларчу базарахь хилла адамаш. Шайн ма-хуьллу хене бовла хьийзара уьш, массо а хIуманна оьрсий бехке а беш
– Фильман Iалашо яра, могIарерчу бахархошна тIамо бина Iаткъам гайтар. Коьрта идея яра иза, цундела цIерпошта тIехь дIадоьлхура тхо, кхачам боллуш и дерриг а ган. Со Iадийнарг хила тарлора, йохийначу Соьлжа-ГIаларчу базарахь хилла адамаш. Шайн ма-хуьллу хене бовла хьийзара уьш, массо а хIуманна оьрсий бехке а беш. Оьрсий йолу гочдархо Маша а цхьаьна яра оцу бехкийн "стеласацорг" ("громоотвод" – Редакцин билгалдаккхар.).
– Оццул шерашкахь дуьхьало латтийначул тIаьхьа хIунда ийшира Нохчийчоь оцу тIамехь?
– Со тIеман эксперт вац, амма делахь а, бахьана – хIаллакден тIеман ницкъаца дара, Соьлжа-ГIала йохор кульминаци а хуьлуш. Дуьхьал тийсалора нохчий, партизанхойн кепашца а цхьаьна.
– Гонахарчу адамийн муьлха реакци къаьсттина дагахь йиссира хьуна?
– Оьрсийчоьнан эскархойн карахь, Соьлжа-ГIалина гергарчу Ханкаларчу тIеман куьпахь тхо долчу хенахь, цхьахволчу тIемалочо хаьттира, хьо хьангахьа ву аьлла. Ас кхетийра иза, со Голландин телекомпанин векал ву, цхьана а политикан тIеIаткъамах а, мах хадорах а воьзна вац аьлла. Сан Iалашо – ма-дарра кхузахь хуьлуш дерг гайтар ду. ХIетахь тоьшийла дацара цуьнан цунах. Чот йоцу хIума хийтира цунна йозуш йоцу, маьрша пресса хилар, кхинболчу дуккхаъчу Оьрсийчоьнан бахархошна а санна.
– ХIинца Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийна. Хьуна хетарехь, керлачу агрессин орамаш лоьхийла дуй оьрсийн-нохчийн тIемийн хиламашца? Лууш варий-те Путин хIетахь СССР юхаденъян?
- Вара. Путинан тIаьххьара Iалашо – СССР юхаметтахIоттор ю. Советан зама йохорна цо бехкево Горбачев. Хрущев а во бехке (тIеман агресси бакъян гIертачу Оьрсийчоьнан президенто дIахьединера Украинан доза "ша-шаха" кхолладаларх, иштта чIагIдора, "цхьана хIуманна Хрущевс Оьрсийчоьнера ГIирма схьа а яьккхина, Украинана совгIатна елира" бохуш.- Редакцин билгалдаккхар.).
Цамзанаш юхахьовзон гIерта Путин, шен къонахаллехь хиллачу муьре машар юхаберзон
"Ачкан кирхьанан хенахь вехаш ву хIинца а Путин. Шийлачу тIеман хенахь оьрсех массо а агIор кхоьручу хьелашкахь кхиъна со. Берлинан пен охьабоьжначул тIаьхьа а, Советан заманан система ерзош, 1990-чу шерашкахь Оьрсийчохь баккхий хийцамаш хиллачул тIаьхьа а, цамзанаш юхахьовзон гIерта Путин, шен къонахаллехь хиллачу муьре машар юхаберзон. Цхьана хенара ву со а, Путин а, цхьана заманахь ваьхна тхойша, хIетте а, тайп-тайпана бу тхан хьежамаш.
Нийса дIа тералла го суна тахана Украинехь хуьлуш долчуьнца Нохчийчохь хиллачу тIамца дуьстича. Сайн бIаьргашца гина ву со Оьрсийчоьнан эскаро Соьлжа-ГIалахь динарг, цундела чIогIа сагатдо ас Киевн кхолламна. ХIетахь цхьана Оьрсийчоьнан салтичо элира соьга, вела а воьлуш: "Оха йина яра хIара, юха йохон йиш хилийта!"
–Шен хенахь Москваца тIом боьдучу заманчохь нохчаша далийтина гIалаташ юха ца дан ницкъ кхочур буй украинхойн?
– Йоккха башхалла ю кхузаманан Украинан а, йозуш йоцчу Нохчийчоьнан а хьолана юккъехь. Европхой, къаьсттина, дозанехь йолу Венгри а, Польша а, Румыни а хьоьжу Украине Европан декъе санна. ТIеман хенахь Нохчийчоь къевлина яра арахьарчу дуьненах а, цуьнан гIоьнах а. Амма коьрта хаттар ду: Украинан дуьхьа мел гена дIаяха а, тIеман агресси юхатоха а кийча ю Малхбале?
– Нохчийн кампанешкахь Малхбале юкъа ца гIортарна ийшира Нохчийчоь. Хьуна хетарехь, тахана а изза хуьлийла дуй?
Нохчийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а интересаш тоъал мехала яцара Европерчу политикашна
– 2000-чу шерийн юьхьца къаьсташ ду хьал. Ас дийцаредира и хаттар нохчашца а, гуьржашца а, 2008-чу шеран тIеман конфликт а хьахош. Суна эхь хета бакъдан, европхошна Гуьржийчоь а, Нохчийчоь а- Iаламат геннара дозанаш ду. Царех доглозийла ду тхан, церан Москван империн амбицешна дуьхьало яр нийса лара а, амма Малхбузен стратеги яра юкъа ца гIортар. Нохчийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а интересаш тоъал мехала яцара Европерчу политикашна.
Ткъа хIинца тIом боьдуш бу вайн неIсагIи тIехь, Европан баккъал а интересаш йолчу Европан пачхьалкхехь.
Кхеташ ду, НАТО ю, Къилбаседаатлантикан альянса юкъайогIучу пачхьалкхан муьлхха а тIеман леларш, КхозлагIа дуьненан тIамна неI йоьллучу йоллу блокан леларш санна хетар ду. ГIайгIане ойла хилийта йиш ю, агрессор Iаборхьама Украина цунна сагIа ян еза аьлла. Амма вай тешна ду, шога экономикан санкцеша Путинан Оьрсийчоьнна Iаткъам бийриг хиларх. Иштта вай тешна ду, оцу роже "хIан-хIа" ала, тоъал Оьрсийчоьнан бахархой арабевр бу аьлла.
Украинера тIом Путинан шен болуш санна тIеоьцу Европехь, Малхбузена дуьхьал Оьрсийчоьнан бахархойн тIом ца лору
– Дукхахболу хьан коллегаш - оьрсийн режиссераш, суртдиллархой- дIабаха декхареихилира пачхьалкхера репрессеш бахьана долуш. Дуккхаъ болу бакъоларърхой а, журналисташ а, бизнесменаш а санна. Муха гойтур ду цара, Оьрсийчоь – Путин а, цуьнан го а хилла ца Iа, оьрсий агрессорш санна тIеэца мегар доцийла?
- Iаламат коьрта мIаьрго ю хIара. Цхьа осала, уьш агрессорш хеташ, оьрсашца инциденташ хьалхарчу деношкахь сан махкахь а хилла. Тахана дукхахболчу европхошна хаьа, Оьрсийчохь тIеман дуьхьалончаш дуккха а буйла, шайна хетарг дIа ала царна Iаламат хала ду – гIуданашца, лецаршца, бехкзуламан гIуллакхш делларца доьрзур ду.
Тхо цецдевлла Хьалхарчу каналан редакторо Овсянникова Маринас динчух, эфир йоьдучу юкъанна, тIамна дуьхьал плакат кечдина, араяла ца кхийрира иза. Оцу вахархочун майраллех боккха пайда хилира!
– ХIинца бехктакхаман гIуллакх делла там бу редакторна Овсянникована дуьхьал. ТIамна дуьхьал болчу Оьрсийчоьнан бахархоша хIун дан деза, церан позици бахьана долуш царна тIаьхьабовлуш хилча?
Коьртаниг, Украинехь хуьлучух лаьцна оьрсашна бакъдерг хаар а, доллу дуьненахь цунах лаьцна хетарг а
– Малхбузехь вехачу суна атта ду хьеха. Амма со кхета, оьрсий бехачу бакъдолчу хьолех. И хIораннан а шен харжам бу, ша стенна кийча ву хаа дезачу хIораннан а жоьпалла а ду. Ас юха а боху, Овсянниковас динчо доллу дуьне цецдаьккхина. Иштта кхета со, цо охьабилла безачу мехах а.
Ишта йа вуьшта хIораннан а йиш ю, шена хетарг дIахаийта. Ас дешна, шаьш тIамна дуьхьал хилар дIахьедеш, ресторанийн онлайн- хьежарх пайдаоьцучу Оьрсийчоьнан бахархойх лаьцна. Кхоллараллица дан мегаш хIума ду и. Коьртаниг, Украинехь хуьлучух лаьцна оьрсашна бакъдерг хаар а, доллу дуьненахь цунах лаьцна хетарг а
***
2000-чу шарахь арахецна "Соьлжа-ГIала цIерпошт" кино гайтира Голландин телехьожийлехула, цхьа могIа IDFA, Message to Man, кхинйолчу кинофестивалийн программаш юкъа а яхийтира. Маьрша интернетехь зорбане яьккхина а ю иза.
Украине гIортарна дуьхьал йоллу Оьрсийчохь дIахьош ю протестан акцеш. Дукхахйолчу гIаланашкахь лоьцуш бу декъашхой. Къилберчу регионашлахь – Краснодарехь, Волгоградехь, Ростовхь, Новочеркасскехь - дIахьош ю тIамна дуьхьал пикеташ. Оцу кепара нах вовшахбетташ акцеш магийна йоллушехь, полицино дIалоьцу цигара декъашхой, Iедалхошца дагабевлла хIиттийна яц, йа ницкъахойн низамца долу тIедахкарш кхочуш ца до бохуш, бехке а беш.