"Украинана маршо!" – Дегестанера дешархо Путинна дуьхьал ю
Your browser doesn’t support HTML5
Дагестанан Избербаш гIалара школа чекхъяьккхина йоI массарна а хезаш, Оьрсийчоь Украине чугIортарна дуьхьал йистхилла. ТIаьххьарчу горгалина лерина линейка йоьдучу заманчохь микрофончухула тIамна дуьхьал лозунг а кхайкхош, президентах Путин Владимирх лаьцна девне дош элира цо.