Украинан депутат: "Къилбаседа Кавказан къаьмнаш Путинна – хӀаллакбойту бӀахой бу"
Your browser doesn’t support HTML5
Къилбаседа Кавказан къаьмнаш маьршадаха аьлла – оцу кхайкхамца Страсбургерчу Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейхь вистхилла Украинан Лакхарчу Радин депутат, ПАСЕ-хь пачхьалкхан векал волу Гончаренко Алексей. ТкъесналгIачу бIешерашкахь Кавказ ницкъаца эшийначу Оьрсийчоьнан империна а, украинхойн депутатана хетарехь, тахана а оцу кхаьмнашца империн политика дIахьочу кхузаманарчу Оьрсийчоьнан Федерацина а юкъара цхьаьнадараш довзийтина шен къамелехь политико.