Оьрсийчоьно тIамехь тесна дитина Нохчийчуьрчу эскархочун дакъа

Your browser doesn’t support HTML5

Украинехь байъинарш хуьйцучу заманчохь Соьлжа-ГIаларчу эскархочун дакъа цу юкъа ца дахийтина. Цунах лаьцна хаам бира «Ищи своих» телеграм-канал кхоьллинчу Золкин Владимира. Цо дийцира, Оьрсийчоьнан агIоно сецайо декъий дIасахуьйцу процесс аьлла. Золкина дIакхехьа аьлла, кхайкхамбинчу декъешна юккъехь вара – Нохчийчуьра эскархо Борчашвили Мохьмад.