"Маршонан мах – империх къастар". Малхбузен эксперташа дуьйцу Оьрсийчоьнан хиндолчух

Украинехьа Оьрсийчоьнна дуьхьал тIемаш бечу Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан эскархой, Киевна гергахь Iамораш дIахьош. 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 27-чохь

Украинехь тIом боьдучу юкъанна Европерчу диаспорийн векалша кест-кеста дуьйцу дукха ца Iаш пачхьалкх шайн лаамехь йолчу мехкашка екъалур ю бохуш. Варшавехь, Прагехь, Гданьскехь дIаяьхьира Оьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн Форумаш, царех цхьахйолчу форумехь йовзийтира Путин дIаваьллачул тIаьхьа хинйолчу пачхьалкхийн проект. ТIаьхьо Киевехь хIоттийра, Кремлан режимо хьийзочу халкъийн кхоллараллин форум, - цуьнан коьрта декъашхой бара къобалъязчу Ичкерин (Лакхарчу радехь тIелаьцна ханна Оьрсийчоьно цунна оккупаци йина хилар )векалш а, кхинболу кавказхойн жигархой а.

ГIадужу-бетт бовш дийца даьккхира, Украинехь тIемаш бан имам Шемалан цIарах дагестанхойн батальон вовшахтохарх. Цуьнан командиро Сайпулаев Мохьмада хаамбира, "10-15 шо хьалха шаьш болийна хилла" Оьрсийчоьнца тIом бу хIара кхин дIа хьош аьлла. Украинан Лакхарчу Радин депутатан Гончаренко Алексейн дешнашца, Украинана гIо динчул тIаьхьа батальоно къийсам латтор бу Дагестанан маршо къуьйсуш.

Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира Оьрсийчоьнах хаамаш зуьйчу Европан а, Американ а талламхошца, Малхбузенан политикаш кийча буй-те къаьмнийн боламийн векалшца къамелдан, тIейогIучу заманчохь пачхьалкх юхур ю аьлла, ладоьгIийла а юй-те аьлла.

"Федералан центр йоха езаш ю"

Дозанаш дозуш доцуш хила тарло, нагахь санна, цунна чохь деха халкъаш империца къастаран мах дIабала кийча хилахь. Цкъацкъа мах дукха чIогIа лакхара хуьлу, масала, кхозлагIчу дуьненан дуккхаъчу мехкашна иштта дара. Амма адамаша маршо шайн хьолал а еза хетахь, цара мах лур бу цунах, боху Оьрсийчоьнехула а, СССР-н заманан мехкашкахула а волчу коьртачу эксперто, яхначу хенахь ЦРУ-н а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а Пачхьалкхан департаментан хиллачу аналитико Гобл Пола.

Оцу юкъанна къамелдечо билгалдоккху – США-н официцалан Iедалхойх кIезигчо бен тIеоьцуш дац Оьрсийчоь дакъошка екъа луучу диаспорийн векалийн дIахьедарш, "амма дагахь хилийта деза, иштта хилла хиларх СССР йоха масех бутт, масех кIира дисинчу хенахь а. Суна хетарехь, иштта кхетор хийцалур ду аьлла. Къаьсттина, Путинан политико Украинехь дозанаш хийцарна".

Пачхьалкх йоха тарло бохучух дуьйцуш, Гобл Пола тIетуху – йоццачу перспективан дозанех дийцарш дан тарлахь а, масех баттера масийтта шерашка дIадахдала тарло, Путина "хьалхатоьтту хIара (Оьрсийчоьнан йохар.- Редакцин билгалдаккхар.), хIунда аьлча, цуьнан лелар – Советан Iедал меттахIоттор дац, иза йохочу хьоле кхачийна барамаш меттахIиттор ду, иштта кегийчу къаьмнийн антагонизм а, дуьне шех къахкор а".

Цхьадолчу халкъийн сепаратизм кхочушхилийтархьама, федералан центр дIайоха еза, аьлла хета украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхочунна Савва Михаилна.

"Оцу процеесана цхьана а кепара Iаткъам ца бо эмиграцин лидерша. Федералан Iедал дIадан тарло йа тIехь контрол латточу халкъийн Москвахь йолийначу протестан гIоьнца, йа коьртачу Iедалан органашна паралич йен йолу чоьхьарчу элиташна юкъарчу къовсамехь. Оцу вариантийн хила тарлун дозуш хилар – 30 а, 70%", - аьлла хета политологна.

Оьрсийчоьнан этносийн лидерш шаьш хетачу эмигрантийн кIезиг бу Малхбузехь диалог йолон партнераш, кхин дIа дуьйцу профессоро Саввас.

Нагахь санна малхбузенан лидерша сепаратизм тIе ца лацахь иза цара массанхьа а тIелоцур яц

Йозуш йоцчу Нохчийчоьнна легитимизаци яран гIулч санна массара а хетта, Лакхарчу Радехь Ичкерина оккупаци йина хилар тIеэцарх дуьйцучу къамелдечо билгалдоккху, Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси йина, 2014-чу шарахь Донбассехь тIемаш болийча Украина дина цахилар и, массо агIор боккха тIом болийна, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш ийгIича дина хилар.

"Малхбузе кхоьру хIара "цIен аса" а хадийна, официалан тIегIанехь сепаратистийн тобанийн лидершца дийцарш долон. Цуьнан бахьана ду – кхузаманарчу малхбузенан политикийн кхетам бу цхьатерра стандарташ оьшуш хиларх. Оцу йа кхечу кепехь сепаратистийн хьежамаш хаало дуккхаъчу мехкашкахь – малхбузенан лидерша сепаратизм къобал ца яхь, цара иза цхьанхьа а тIеоьцур яц", - дерзийра къамел Савва Михаила.

Тамаш бу йохахь…

Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ тIе ца тов Оьрсийчоьнан республикашкара къаьмнийн оппозицин боламашна. Нохчийчохь ши тIом боьдучу хенахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа емалдира Оьрсийчоьнан Iедал цо лелийначунна тIехула, амма гIо ца дира кегий мехкаш Оьрсийчоьнах дIакъастон, тIетов Киеверчу профессорна Американ, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигашкахула йолчу Гарримановн институтан программин директор Джулиано Элиза

Редакцица къамелдинчо билгалдоккху: Украинана дуьхьал тIом болон Путинан сацамо Оьрсийчоьнан позицеш гIелйина дуьненаюкъараллин тIегIанехь а, иштта пачхьалкхана чохь а. ТIамна дуьхьал хеза нохчийн диаспорера аьзнаш дIакхета Оьрсийчоьнан зуламашна а, Украина хIаллакъярна а дуьхьал долчу европахойн аьзнех.

Хуьлуш долчо стенга кхачор ву хууш дац

"Оьрсийчохь кегийчу мехкашкахь Iедалшна дуьхьалболчийн жигараллин тIегIа цхьатерра яц. Къаьстина яц бахархойн юкъара политикан дог-ойланаш а. Тарло цигара нах тIамна дуьхьал хила, амма Путинехьа. ТIамна дуьхьалояро оьрсийн пачхьалкхехь шуьйра оппозици яржо а тарло. Делахь а, карарчу хенахь вайна и гуш дац, цундела Оьрсийчоь дIасайоха тарло бохучух дIоггара тешаш дац. Делахь а, хаа йиш яц, стенга кхачор ву хIинца боьлхучу хиламаша", - дерзийра къамел Джулиано Элизас.

И гуш ду иштта Къилбаседа Кавказан масална тIехь а: цхьана декъана мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа ХIинж-ГIалахь хилла митингаш уггар а политикан яккхий акцеш хилира республикехь тIаьххьарчу шерашкахь – "митингехула" йолу Iедалан къепехула 400 протокол хIоттийра. Иттех стаг велира Нальчикехь майдана, ур-атталла Соьлжа-ГIалахь а бевлира наной протесте. Бакъду, кхечу республикашкахь оццул нах арабевлла протесташ ца хааелира.

… йа 2023-чу шарахь доладала тарло

СССР цIеххьашха юьйхира, дуккхаъчу малхбузенан тергамчашна ца моьттура и хир ду, цхьаьнадарех дуьйцу стратегин прогноз латточу Канадера политолого Дерзко Уолтера.

Оьрсийчоьнан Федераци иштта стабиле яц, СССР а санна, дукха ехар ю олийла а дац, йоха герга яхна билгалдоккху Торонтера аналитико. Чоьхьа лелачу факторша, Украинехь вайна гина хилла дуккхаъчу нехан протесташ а санна, карарчу хенахь Оьрсийчохь хир ду аьла, кIезиг теша, тIетуху эксперто.

Оьрсийчоьнан къаьмнийн диаспорийн малхбузенан политикашца а, юкъараллин институташца а йолчу контактех дуьйцуш къамелдечо билгалдоккху: церан "къаьстинчу политикашца йолу юкъаметтигаш кIезиг адеквате ю (украинхойн а, балтийскан а диаспорийнчул а.- Редакцин билгалдаккхар.) йа янне а яц. Оьшур ду Iедалхоша уьйраш тийсар а, "арахьарчу Iедалан" векалш йа оппозицин низамечу лидерийн цхьаьнадеттадалар, малхбузенан политикийн терго суверенитетан хаттарна тIеозорхьама.

"Оьрсийчоьнан Федерацино шен ницкъ берг дерриг а дийр ду, кегийчу къаьмнийн оцу векалшна дискредитаци ярхьама: нах байъар, харцо, дезинформаци, ницкъбан кхерам. Малхбузенан дукхахболчу политикаша къобалдо Оьрсийчохь раж хийцаяла тарло бохург, нагахь санна, Украинерчу тIамехь Кремль эшахь, амма цкъачунна цара ца гойту шаьш эшаран сценарий а, Оьрсийчоьнан Федерацин флагментаци а", - дIахьедо эксперто.

Оьрсийчоьнах доьзна хиларх вайна луучул а меллаша дIакъаста гIерта цивилан дуьне, амма, Кремльна моьттучул а маса, цундела 2023-чу шарахь йоха тарло, аьлла хета канадхойн политологна: "Оьрсийчоь йохар нислахь, къаьмнаша а, регионаша а некъан карта билгалдаккха дезар ду тарлучу коллапсан сценаришна".

Мел хIуъа делахь а, дерзийра эксперто, еххачу ханна а, иштта йоцачу ханна а Путинна хаа а ца хууш йохаран сценареш йолуш ю – ца хилча цадолург дIадахдан тарло цо.

  • Оьрсийчоьнан Бехкзуламан кодексехь масех Iедалан къепе ю герзашца дуьхьало латторна а, пачхьалкхан цхьаалла йохон кхайкхамаш барна а, къаьмнаш дIакъасторах лаьцна дийцарш дарна а жоьпалла тIедожош. Оцу бехкашна набахтехь яккха 20 шаре гергга хан кхачайо.
  • ГIебарта-Балкхаройчуьра бакъонашларъярхой мехкан куьйгалхочуьнга Коков Казбеке бистхилира регионехь мобилизаци сацаяр доьхуш, къоман генофондана кхерам латтарна. ТIекхойкхуш "керла тулгIе" гIаттахь, кIезигчу къаьмнийн кхоллам хаттарна бухахь нисло аьлла хета царна. Кавказ.Реалии сайто хиттира эксперташка, юкъаралхойн кхерам мел бух болуш бу аьлла.
  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Нохчийчоьнан куьйгалхочо миллион доллар кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн буьйранчаш – Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна.