"Низам дац"! Вийна волчу дагестанхочун гергарнаш протесте арабевлла
Your browser doesn’t support HTML5
Дагестанехь Каякент гIалара бахархой протесте арабевлла, 19 шо долу Султанов Мохьмад-Iела вийнарш жоьпалле озабе боху цара. Лахьан-беттан 10-хь вийна иза, латар гойтучу видео тIехь виъ стаг ву, амма цхьаъ бен дIа ца лаьцна. Iедалца боьзна хиларна, жоьпалле ца озо мега биссинарш, аьлла хета гергарчу наханна.