"Дахаран а, Iожаллин а хаттар". Нохчийчохь - кхин а цхьаъ йедда цIера
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчохь доьзалехь латточу гIелонах йеддачу Мусаева Эльзас доьху, ша ма леха бохуш. Шен могшаллина а, дахарна а кхерам латтарна бакъоларйархошка гIо дийхира цо, цIера йеддачул тIаьхьа. Кху аьхка Эльза нуьцкъаша дIайигира Стерлитамакера Нохчийчу, хаам бо «Марем» боламо.