“Палестинехьа тIом бан” ваха пурба дехна Чимаевс Кадыровгара

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийчоьнан куьйгалхочун берийн тренеро Чимаев Хьамзата толам баьккхина Абу-Дабихь UFC-н турнирехь. Хьалхо латархочунна бехкаш дохкура Кадыров Рамзанца доттагIалла лелорна. ХIетте а, ша летта ваьлча Чимаев Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга вистхилира “Палестинехьа тIом бан” а, “бусалба-вежарашна хьалхара вала” а ваха пурба дийхира цо Кадыровга.