Мамуева Сано: "Мацалла, шело, дукха халонаш лайра оха цигахь"

Your browser doesn’t support HTML5

Маре йахначул тIаьхьа, денцIа хьажа-хIотта йеанчуьра махках йаьккхира МахкатIера Мамуева Сано. Цунна цкъа а дицлур дац, ша керлачу доьзалх йаккхар, хийрачу махкахь текхна бала, шех заьIапхо йар, бехк боцуш набахтехь даккхийтина бархI шо а.