Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхерамаш туьйсу ВСУ-н йийсархошна

Your browser doesn’t support HTML5

Гуьмсерчу «спецназан университетехь» динчу тIелатарехь украинхойн йийсархой лазийна аьлла, хаам бина Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочо цхьа а тоьшалла ца далийра цунна; йуьхьанца цо дIахьедира, тохар «йаьсса гIишлошна» дина, «лазийна-кхелхина нах а бац» аьлла. ХIинца Кадыровс чIагIо йарехь: «РУС» декъехь латтош вара иттех украинхойн тIеман йийсархо.