Кху деношкахь ОвхIанистанехь, ши кIира а даьккхина, Маршо Радион штаб-хIусаме юхавирзина Украинин сервисан корреспондент Хотин Ростислав. Хууш ма-хиллара, и мохк а бу Нохчийчоь санна иттаннаш шерашкахь тIемаш ловш. Цундела ларамаза дацара тхуна цигахь хуьлучух лаьцна мелла а шуьйра дийца лаар.
Хотин Ростислав шен хенахь хьалхара тIом боьдуш Нохчийчохь хилла а ву.
Ростислав, хIун Iалашо йолуш ваханера хьо ОвхIанистане, билггала цхьаъ талла вахана вара хьо?
Хотин Ростислав: «Со проект еш вара. Ас дуьстира Советан пачхьалкх 1979-чу шарахь ОвхIанистанна чугIортар а, Оьрсийчоь 2014-чу шарахь Украинина чугIортарца. Суна дуккха а цхьаьтера хIуманаш гира цу Кремлан шина тIеман кампанехь».
ОвхIанхой шаьш а вуно боккха бала хьоьгуш бу. Церан ницкъ тоьий кхечу меттигашкахь хуьлучунна тидам бан?
Хотин Ростислав: «ОвхIанхой, баккъалла а, чIогIа политикана юкъаозабелла нах бу. ХIора а жигара радиога ладугIуш а, телевизионе хьожуш а ву. Керланаш лардо цара. Кху тIаьхьарчу иттаннаш шерашкахь шайн махкахь тIемаш боьлхуш хиларна вуно чIогIа тидам беш бу уьш кху дуьнентIехь хуьлучунна. Къаьсттина Советан пачхьалкх шайна тIелеттачул тIаьхьа цара шайн тидамехь латтайо Москохо кху дуьненан цхьацца меттигашкахь дIахьош йолу тIеман кампанеш».
Ткъа хаьий овхIанхошна Украинехь хIун хуьлуш ду?
Хотин Ростислав: «Массерна а хаьа Украинера ГIирма дIаяьккхина хилар. ОЬрсийчоьно цуьнгара ГIирма дIаяьккхина хилар. Цул сов, дукхах болчарна хаьа Донбассехь, Украинин малхбалехь дIабоьдучу тIамах лаьцна. Цу хьокъехь шайн ойла а ю церан».
Ткъа хьангахьара бу аьлла хийтира хьуна ОвхIанистанан бахархой?
Хотин Ростислав: «Царна хетарг цхьаъ ду. Цара узу жимчу пачхьалкхехьа. Онда пачхьалкхо агресси йинчу гIийлачу пачхьалкхехьара бу уьш. Ткъа ОвхIанистан дукха къен пачхьалкх хиларна, цара билгалдоккху Украина а Оьрсийчоьнал а къен хилар. Царна нийсо яц аьлла хета шел а къен йолчу бала хьоьгучу махкана тIелатар. Иза овхIанхошна ца деза. И царанп хетарг дагах кхеттера суна, журналистана санна".
ТIом гина а, иза бина а нах даиман а хьехар дан лууш хуьлу мостагI эшо дан оьшург дуьйцуш. Ткъа хIун хьехар дира цара украинахошна Оьрсийчоьнна кхиаме дуьхьал латта?
Хотин Ростислав: «Муджахедашца, масийтта командираш хиллачу нахаца къамелаш дира ас. Советан армица тIом бина бара уьш. Цара делла коьрта хьехар политикан дара ала мегар ду. Цара юх-юха а дуьйцург дара украинахой цхьаъ хила безаш хилар, церан барт хила безаш хилар. Украинахой вовшен дегабаамаш бар а, цакхетамаш а битина цхьаьнакхета безаш бу бохура цара. Воккхачу лулахочо дов кхайкхийна.
Цундела украинахой цхьаъ хилла дIахIитта беза. ТIаккха бен украинахой тоьлур бац Оьрсийчоьнал. ШолгIа цара дуьцург дара Украино нисса дIа, шера арахь тIом бан цабеза бохург. Оццул йоккха йолчу Оьрсийчоьнан армица мегар дац цу кепара толам баккха гIерта аьлла хетара царна. Цара хьехар дора партизанийн тIом бан беза бохуш.
Кхин цхьа хьехар дара цара диначерах хIоъ-молханах лаьцна. ОвхIанистан къен пачхьалкх хиларе терра, царна хетара Украинин эскархоша патарманаш кхоо деза аьлла. Кхин цхьа хьехар дара, цара дийцарехь, берриг а Украинехь болу оьрсийн шпионаш дIабаха аьлла. Цу кепара шпиономани яра цера... Коммунисташ а, Оьрсийчоьнехьа болу нах а лахкабеза аьлла хетара царна».
Ростислав, хьо Нохчийчохь хилла ву цигахь хьалхара тIом боьдуш. ХIинца шайн мохк, Украина, оццу баланах чекхболуш а болуш, хIун эр дара ахьа Нохчийчохь хиллачух лаьцна?
Хотин Ростислав: «ОвхIанистанехь цхьана историко профессоро соьга элира ши пачхьалкх ю цхьанна а къел ца тIаьна а, цкъа а къел тIаьIар йоцуш а аьлла. Цо хьахийнарг яра ОвхIанистан а (ткъа иза бакъду цунах империн Iожалхо олу) Непал а. Ас царна тIетухур яра Нохчийчоь. Нохчий жима къам ду. Амма иза эшо чIогIа хала ду. Я цаьрца барт бан беза, я уьш берш хIаллак бан беза.
Амма, охьа а таIийна, царна урхалла дан чIогIа хала ду. Цу хенахь суна гинарг дара нохчийн къам доьналла долуш хилар. Хьалхара тIом болу хан яра иза, шолгIачу тIамехь со хилла вац. Цу хенахь дерриг а херцаршлахь дара, амма адамаш, нохчийн доьналла... Къам жима ду. Цуьнан кхоллам дукха къиза хилла, бохамаш баккхийн хилла. И дара-кх суна дагахь лаьттинараг».
* * *
Маршо Радионо кху тIаьхьарчу хенахь кхочуш еш йоккха проект ю шен интернетан сайт тIехь. Иза ю «Нохчийн иртийн хазна» цIе йолу онлайн библиотека. Цигахь оха гулдеш ду нохчийн а, нохчийн мате гочдина кху дуьнентIера гоьбевллачу поэтийн а, яздархойн а байташ а, дийцарш а, ткъа иштта туьйранаш а. Цхьаболчу нохчийн поэташа а, яздархоша а шаьш йовзуьйту шайн кхолларалла.
Тахана оха шун тидаме юьллур ю цу библиотехь нохчийн вевзаш волчу поэто Бисултанов Аптис ешна шен байташ а, нохчийн яздархочуьнан Кацаев Сайд-Хьасанан «Бодашкахь» цIе йолу дийцар а. Иза дIадоьшур ду авторо.
Бисултанов Апти.
Цаевзарг Cо хьоьца волало хуьлу хьо тIома, Со хьуна велало хуьлу хьо гома. Со соцу мал хуьлий тулгIенаш яржош, Юьжу хьо сан дагалецамийн Iома. Лаьхьанан когийн лар дIаевлла хенаш, Зингатан бIаьрга го хьан куьйгийн кенаш. Со вуьсу секха дог гIевланга дуьллий Хаддаза тергалдан хьох долу гIенаш. Со тIома гIотту хьо тIулг хуьлу кочахь. Со хьуна дарло хьо елало коча. Хьан йистцахиларо синбердаш херцош Хьоьга ладоьгIий сан са лере кхочу. Берд байна тулгIенаш дIадаьлла дахар, Чуьртана доладар хьоьга догдахар. Хьо юьсу бIе эзар бехкаман долахь Есаллехь сан деган мохь хуьлий яха. Хьуна тIекхевдича гIоьмаша лоцуш... Хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш... Дерриг а карийна дерриг а дайча, МукIало ду-кх хьуна хьуна бен доцу. ЦIа доцуш лелла со цIе йоцуш лелла, Мохк боцуш лелла со, некъ боцуш лелла Хьан озо вижавеш, хьан озо гIаттош Хьо гIам ду, йиша ю ца хууш лелла. Хьоьга ладегIар - мохе цIа дехар. Хьоьга ладегIар - тIулге са дехар. Хьо цхьаъ бен йоцуш ерг, цкъа а ца хилларг, Серлонна йоцуш ерг боданехь тилларг. БIе эзар цIе йолуш дуьненчу яьлларг. Сан деган ца боьрзу мохь хилла яьлларг Хьо йицъян гIертар - куьйга хи шардар. Хьо йицъян гIертар - кога гIан къардар. Ден букъехь со воцуш, хьо ненан кийрахь Къастийна дара те гергара хийра. Азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь, Къастийна дара- те самах я гIенах? Хьоьга ладегIар - хьо йицъян гIертар. Соьцанна гIур ду цкъа кешнийн керта.Кацаев Сайд-Хьасан