КIира Чекхдолуш Юхахьаьжча

Нохчийчоь -- Умаров Докка (юккъехь) шен кхайкхам дIаязбеш ву цхьана стенгахь ю ца хуучу меттехь.

Ялх баттахь вист ца хуьлуш Iийначул тIаьхьа Кавказан Имаратан лидеро Умаров Доккас дIахьедар дина кхин дIа йолчу ханна Оьрсийчохь гражданийн объекташна тIелетарш дийра дац шаьш аьлла.

Умаров: «Омра до массо а Оьрсийчоьнан территори тIехь операциш дIакхоьхьуш, я дIаяхьа кечлуш йолчу лерринчу тобанашна. Доза тоха нагахь, цу операцишкахь Оьрсийчоьнан маьршачу бахархошна зе хила мегаш делахь».

Маршо Радион аналисто Фуллер Элизабета мелла а алсамо дуьйцу цуьнах лаьцна.

Фуллер: «Еа минотах лаьтташ йолу видеоклип гучуяьлла ПIераскана Iуьйринна Кавказ-Центр цIе йолчу интернет-сайтан агIонна тIехь. Цу тIехь, ши тIемало улле а хаийна, вист хуьлуш волчу Умаровс дуьйцу карарчу хенахь

Оьрсийчохь хуьлуш болчу хиламаша гойтуш ду цу махкара бахархой, цуьнан дешнашца аьлча, «чекистийн Путинан режимана» тIехIиттина ца хилар бохуш. Уьш шаьш а бу режиман йийсарехь бохуш, чIагIдо Умаров Доккас.

Цо дийцарехь, гIаттамхойн шайн дино ма хьеххара декхар ду Оьрсийчоьнан куьйгалхоша «бусулба нахана дуьхьала беш болу тIом къобул беш боцу маьрша нах ларбан».

Умаровс омра делла массо а диверсиш а, леррина операциш а дIахьуш а, уьш кечйеш а болчу шен нахана маьрша бахархой ларбе аьлла. Цу хеннахь, цо дийцарехь, и омра хьакхалуш дац Оьрсийчоьнан эскархойх а, лерринчу сервисийн белхахойх а, Нохчийчурча ницкъаллийн структурийн белхахойх а.

Терроран тIелетарш дарх Умаров юхавалар догIуш ду Женеверчу конвенциш бохург деш Нохчийчоьнан хиллачу кьуйгалхоша Масхадов Аслана а, Садулаев Iабдул-Хьалима а юьхьара лаьцна хиллачу некъаца.

Амма хала ду Умаровс динчу дIахьедаро хуьйцур бу ала иза ша террорахо а, цо куьйгалла дон Кавказан Имарат терроран тоба а ю аьлла, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа бина болу сацам».

Кхаарин дийнахь Соьлжа-гIалахь журналисташна хьалха къамел деш Кадыров Рамзана хаам бира ГIалгIайчоьнца а, Дагестанца а барт бина шаьш цу шина республикица долчу шайн дозанца гIаттамхошна дуьхьа хьажийна йолу операциш цхьаьна дIаяхьа аьлла.

Маршо Радион аналистан Фуллер Элизабетан комментари.

Фуллер: «Цу тайпа операциш дIаяхьа йеза аьлла Кадыров Рамзана дуьххьара элира 2009 шарахь бIаьста Нохчийчохь террорана дуьхьала хьажийна йолчу операцин раж дIаяьккхинчулла тIаьхьа. Цу хенахь Дагестанан президент Алиев Муху дуьхьала вара цу гIуллакхна. Амма, мухха а далахь а, Нохчийчурча зорбанан гIирсаша хаам бира Еарин дийнахь цу тайпа операци дIайолаелла Дагестанан дозанца аьлла.

Иза мел кхиаме хир ю хуур ду гергарчу хенахь. Амма, хIинццалц дукхах йолу жам дохьуш йолу тIемалойн лидершна дуьхьала хьажийна йолу операциш дIаяьхьнарш бара федералаш.

Юьйцурш ю, масала, 2006-чу шарахь ГIалгIайчохь Басаев Шемилна дуьхьала хилла йолу, я оццу республикехь Лакхара Алкун олучу меттехь бомбанаш а тоьхна Абдуллаев Супьян а, цуьнца хилла волу I6 тIемало а вуьш хилларг санна йолу операциш».

Кху кIирнах ГIебартойн-Балкхаройчохь тIелатар дина цу республикан президентан Каноков Арсенан шича волчу Урван кIоштан куьйгалхочунна Каноков Антимерханна. Муьлаш бу ца хуучу наха герз диттина иза тIехь волчу Мерседес олучу машенна. Делахь а, ша Каноков чевнаш а хилла дийна висина. Цуьнца машен чохь хилла волу полицин белхахо вийна.

Амма и зулам динарш тIемалой хила мега аьлла шеко ялахь а, президенто Каноковс омра дина дохко а бевлла цIабирзинчу тIемалошна дахарехь меттиг каро гIо дан комисси кхолла аьлла.

Маршо Радион аналистана Фуллер Элизабетана цу хьокъехь хетарг.

Фуллер: «Дагестанехь цу Iалашонца кхоьллинчу комиссица юьстича ГIебартойн-Балкхаройчоьнан комисси президентан статус йолуш ю. Иза жоьпаллехь хир ю Каноковна хьалха. Цу комиссин куьйгалхо хIоттийна республикан экономикехула а, социалан кхерамазаллехула а йолчу кхеташонан секретар инарла-майор Ешугов Руслан.

Цуьнан 62 шо ду. Дуккха а шерашкахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь милцо болх бина ву инарла Ешугов Руслан. Иза тидаме эцча ойла кхоллало мел къинхетаме хир ву и стаг комиссино гIо дан Iалашо лаьцначу кегийрачу нахаца аьлла».

Иштта бара кху кIирнах Къилбаседа Кавказехь хилла болу шайна тIе тидам бахийтина болу цхьаболу хиламаш.