Дахначу шарахь Оьсийчоьнан статистийн зерашкахь билгалдаьккхина Нохчийчохь доьзалш бохаран терахь уггар лахара ду аьлла. Амма билггал хууш дац, и терахьаш вовшахдетташ валар-висаран чоьте доккхучу хьукмато (ЗАГСо) тидаме оьцу я ца оьцу керлачу хIусаман неIаре а кхачале цхьацца бахьанашца шайн децIа дIаоьху къона зударий.
Кхеташ дац, вовшахкхеттачу дуьххьарчу беттанашкахь дIасакъаьста кегий бахархой стенна бац оцу статистикан тергонехь.
Доцца аьлча, церан чоьтера дуьйлу дIасакъкестарш. Ткъа стенна? Махкахь гуш долчу суьрто уьш вуно дуккха дуйла гойтуш хиларна, шен хьесапехь талла гIоьртира Маршо Радио.
Наггахь юьрт, юьртахь урам бац Нохчийчохь вошахкхетта бут-ши бут балале кегий доьзалш буьйхий аьлла нахалахь ца даьржаш.
Оцу могIарчу хиламах лоций дуккха а беламе хIуманаш а даржадо нохчаша шайлахь.
Масала, Соьлжан кIоштарчу Аьрга-Хишкахь (Серноводск) шен хьастагIа зуда ялийна гергара жима стаг дуьхьалкхетта хиллера цхьана Бабина.
- Ва, Хьасан, ахь нускал далийна аьлла ма хезира суна! Дала барт цхьаъ бойла шун?»
Амма Баба хазахетар дIакъадо а ца юьтуш, жоп коьссинера кIанта:
- ДIаялахь, Даци, иза-м дIаяхайтира ас!
- Вай, хIунда?
Даьллахь, кхин эшш-аьлла любви а ецара тхан-м!
Оцу кепехь кегийчеран вовшахкхетташехь безам кхачор стенна нислуш ду. шена гарехь туьду ЦIен Веданарчу яхархочо Гинаева Мархас.
Гинаева: «Суна евзачу цхьана йоьIа боху шен классехь доьшуш хиллачу зудаберийх цхьаъ бен яц дуьххьара яханчу марехь чекъйолуш, я шолгIа маре дина бу я бахана-баьхкина бу, иштта кегий нах а бу, ялийна –яхийтина.
Иштта хьал массанхьа а ду. И хIунда ду? Хьалха эхь дара юкъахь. Яхана-еана аьлла цIе ца езаш, цIийнда молуш велахь а, я къоьллехь ехаш елахь а цIа ца йоьдура зуда. Тахана массо а хIума атта даьлла. Цундела маре яхар, цIа яр цхьанне а меха ца хета зудчунна».
Дукха заманашкахь хьалха кхолла а делла, зуда ялорехь лелла Iадаташ дитийтина кегийрхошка шерашкахь Нохчийчоьнан муфтиято. Масала, йоI кIанта ядор. Иштачохь хууш ма-хиллара, ядийначарна тухуш гIуда ду- цхьа миллион сом, куьгбехкечунна набахтехь яккха туху кхаа шаре кхаччалц хан.
Иштта кераланаш а юкъадаьхна. Хьалха заманашкхь зудаберана маре яха магош хилла боху, нагахь санна холхазан куй ластийна, тоьхча, охьа ца кхеташ, шен шина когатIехь и сацалахь. Ткъа тахана там-мах бан магош дац, нагахь санна йоьIан I8 шо дуьзна дацахь.
Шира алар ду вайнехан. Баккхийчара олуш ма-хиллара, ловзар ду, нагахь санна доьзалхо юккъе волале уьш дIасакъаьстинехь. Ден-ненан барт ийгIича уггар хьалха бохаман дакъа кхочу берана.
Цундела дерриг а деш хилла къомо зуда йитар хердеш. Марехь дахар чекх а доккхуш, шайн доьзалш кхиийначарна бевза дIакъестаран мах. Веданарчу Селихова Тамарас иза иштта кхетадо.
Селихова: «16-17 шо долуш, уггар са доцчу хенахь везавелла, дагавоьхна олий уьш маре боьлху. Церан а хьекъал дац, я уьш буьгучу кIентийн а дац. 18 шо кхачаза там-мах ца бар а суна Iаламат дика хета. ДIабахча-цхьа хIума дан хууш ца хуьлу, я Iама лууш а. тахана хьо хьехар дан хIоттича, хьоьга ладогIа дог а ца догIу церан.
Церан берриг болх телефончохь бу. Марнанас и телефон охьа а йиллий хьайн гIуллакх дехьа аьлча а, нийса дац, цIиндас могуьйтур дац бахахь а шек ца бовлу уьш. КIентан нанас а, йоьIан нанас а шайн доьзалшна дан деззачу кепехь хьехар деш хилча дерриг нислур дара аьлла хета суна».
Iеламнаха дуьйцуш хуьлу даима, нохчийн Iадатехь зуда йита бакъо яц, нагахь санна цуьнгара цхьа боккха бехк ца баьллехь бохуш.
20 шо сов хан ю дешна стаг Гапаев Хьамзат Веданахь молла волу. Цунна тешийна зуда ялош, йоI нехан цIентIе йоьдуш царна юкъахь там-мах бар. Цо дийцира, шена хьалха дуккха а масалш хиларе терра, доьзал бохаран бахьанаш, шина адамна юкъахь барт хIун дича лаьттар бара.
Гапаев: «Нагахь санна, цIе а тесна стага зуда йитахь, оцу зудчо цигахь яьккхинчу ханна цунна там бан безаш бу. Нагахь санна,берийх яьккхина зуда дIаяхийтиний, бераш ненаца дисинехь, и да декхар ву царна напгIа латто. Тахана бехк-гунахь доцуш зуда йита-ледара хIума ду. Тахана зудчана яхана-еана боху цIе а ца оьшу.
Зуда йита бакъо ю- ламаз деш яцахь, къола деш елахь, нахаца уьйр-безам болуш елахь. Нагахь санна, куралла йина оцу стага зуда дIаяхийтинехь, эццахь гIуда тоха догIу цунна, и тухуш хилча зударий дIаэхийтра хир дацара, аьлла хета суна.
Нагахь, йоI ша яшац аьлла дIаяхнехь, ккхеттарг охьадилла а деза цо. Нанас шен йоIана хьехар а делча, марнанас доцург ца дуьйцуш, шен йоI санна ларъеш хилча хир дац къастарш доьзалийн».
Оьрсийчоьнан официалерчу статистико гайтарехь, стохка Нохчийчохь хIора эзар доьзалх боьхна 142. Иттаннах цхьаъ-шиъ доьзал бухуш нисло иза. Амма муьлххачу а юьртахь, гIалахь нахана го официало хазде терахьаш лахара дуйла, уггаре дукха бухурш къона доьзалш хилар а.
Цхьана а хьесапе Iедало эцна а боцуш, я шаьш чоьте бевлла а бовлале дIасакъаьстарш болчух тера дац статистийн тергамехь. Уьш бу кхузахь дуккха а дукха.