Алсамбевлла Оьрсийчура ДАIИШ-ах дIакхетта нах

Шема -- Алеппо. Видео тIера схьадаьккхинчу сурт тIехь волчух тера ду Францера цига тIаме вахана волу Бингалем Селим (Salim Benghalem).

Оьрсийчура а, Юккъерчу Азера Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу республикашкара а Шема тIаме оьхуш болу нах алсамбевлла доьазза. Цунах лаьцна хаам бина Нью-Йоркехь туп тоьхначу Soufan Group олучу талламан тобано.

Дерриг дуьне схьаэцча аласам долуш ду Шема а, Иракъе а Исламан пачхьалкх олучу тобанах дIакхета оьхуш болчу нехан терахь. Амма уггара а и терахь алсам даьлла Оьрсийчур а, Юккъерчу Азера советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу республикашкара а тIаме оьхуш болчу нехан – 300 процент.

Нью-Йоркехь туп тоьхначу Soufan Group талламан тобано дийцарехь, Оьрсийчура 2400 стаг дIакхетта Исламан пачхьалкх олучу тобанах. 2014-чу шарахь Мангал-баттахь багарбича лоруш дара цу нехан терахь 800 стаг хилар. Дустархьамма аьлча, Сауди Iаьрбийн пачхьалкхера Шема баханчу нехан терахь ду 2500 стаг. Ткъа уггаре а дукха нах бахана цига Тунисера - 6000.

Урдан-пачхьалкхара Шема тIаме бахана а бу дуккха а нах. Церан терахь а ду 2000-2500 стаг. Soufan Group олучу талламан тобано дийцарехь, Оьрсийчура Исламан пачхьалкх тобанна юкъахь тIом беш берш бу Къилбаседа Кавказера, ша аьлча, Нохчийчура а, Дагестанера а нах.

Ткъа хIунда оьхуш бу и нах Шема а, Иракъе а? ХIунда гIерта уьш Исламан пачхьалкх олучу тобанах дIакъета?

Цу хаттаршна иштта жоп луш, Маршо Радион аналисто Вачагаев Майрбека элира официалан пропагандо а, цхьацца политикан говзанчаша а ма-диццара дац цу нахаца доьзнарг. И хаттар баккъалла а талла а, иза тидаме а эца дезаш а дара бохуш вара иза.

Soufan Group олучу талламан тобано дийцарехь, 2000 стаг ву тахана Шема тIаме вахана Казахстанера а, ГIиргIизойчура а, Таджикистанера а. Туркменистанера а. Путин Владимира, цуьнан кхерамазаллин сервисийн куьйгалхоша а чIагIдарехь, Юккъерчу Азера а, Оьрсийчура а Шема тIаме вахана ву 5000-7000 стаг. Soufan Group тобано дийцарехь цу нехан терахь ду 4700.

Вачагаев Майрбекана и терахь лахдина ду аьлла хета. Цуьнан бахьана ду хIинццалц оьрсаша шайн нах цигахь бац бохуш дIахьедарш дар, хIинца а шаьш дийцинчунна тIера бовла царна цалаар аьлла хета цунна.

Soufan Group олучу тобано бинчу талламца, 18 бутт хаьлха кхечу пачхьалкхашкара Шема тIаме баханчу нехан терахь дара 12-15 эзар стаг. И терахь хIинца шозза алсам даьлла аьлла хетало. Soufan Group хетарехь тахана иза ду 27-31 эзар стаг. 86 пачхьалкхера бу и нах.

Ткъа Iамеркин талламан сервисашна хетарехь, 2011-чу шарахь дуьйна Шема бахана бу 100 пачхьалкхера нах. Ткъа церан терахь ду тахана 30 эзар стаг.

Мангал –беттан 2014- чу шарахь Европера Шема баханчу нехан терахь 2500 стаг хилла аьлла хета Soufan Group талламан тобанна. Ткъа тахана и терахь 5000 ду боху цо. Церах 3700 стаг ву Францера а, Британера а, Германера а, Белгера а вахана.

Ткъа Iамеркин ФБР директоро Коми Джеймса динчу дIахьедарца, таханлерчу дийнахь Исламан пачхьалкх тобанна юкъахь ву 250 гергга Iамеркахо. 2014 шарахь аьхка церан терахь дара 70 гергга стаг.