Нохчийчохь тIеийцира америкахойн журналист а, хIорданан пехотин таллархо лаьттина Риттер Скотт (Scott Ritter) - оьрсийн хаамийн гIирсашлахь гIараваьлла вара иза Украинехь тIом болабелчхьана, цо Путин Владимиран политика къобалйарна. 90-чу шерашкахь Нохчийчохь хилла тIом ЦРУ бехкана хилла бара аьлла дIахьедира цо Соьлжа-гIалара меттигерчу телеканалехь. Редакцица хиллачу къамелехь эксперташа билгалдаьккхира, цо дийцинарш бакъ цахилар. 61 шо долчу америкахочун кхиндолу дIахьедарш а санна. Иза кхин а стенца гIараваьлла, Кавказе варан бахьана хIун ду дуьйцу вай.
Хилла таллархо Нохчийчу валор доьзна дара цуьнан "Гонка вооружений" книга гIарайаккхарца ("Гена а, улло а туху ракеташ дIайахарах бартбар" дийцаре деш).Цу хиламал хьалха, Риттера америкахойн куьйгалла йемалдеш дина дIахьедарш сих-сиха гойтура меттигерчу хаамийн гIирсаша а, хьаькамаша а.
Кадыровн хьаькамаша уггаре хьалха америкахойн хьешана гайтира "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" тIемалойн говзалла. Иза, цо ша-ма-аллара, чIогIа цецваьллера, шен керлачу книгехь цу полигонехь герз кхийссарах йаздийр ду аьлла дош делира цо (амма билгал ца даьккхира, и книга стенах лаьцна хир йу). Иштта цунна гайтира Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан дIахIоттар а. Цигахь цо тIемалошца къамелаш дира. Зорбанан министро Дудаев Ахьмада дийцарехь, иза чIогIа цецваьллера "меттигерчу тIемалойн говзаллах, хаарех, майраллах."
Ша цигахь волчу йукъанна Риттера ур-атталла цкъа а ца хьахийра Оьрсийчохь "низамза дIалаьцна" шен америкахойн коллега, The Wall Street Journal гIирсан журналист Гершкович Эван. Оьрсийчоьнан Iедалхоша бехке лору иза тIеман гIишлошкара информаци гулйеш хиларехь. Ша Гершковича и бехк шена тIе ца лаьцна. Журналистан болх бен ша цигахь ца бина олуш.
Москван пропагандица догIу къамел деш, тидам шена тIеберзош ву журналист
Риттер сих-сиха нисло оьрсийн Iедална муьтIахьчеран ресурсашкахь, цо лелош йара хIинца Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIакъевлина Russia Today гIирсан политикин цхьа агIо - церан болх даимна аьлча санна Штатийн арахьара политика йемалйарца боьзна бу. Масала, шен йозанашкахь Украинера тIом хиларна берриге бехк цо НАТО коьртачу секретарна Столтенберг Йенсана тIебуьллу. Украина бехке лору "ша шена зулам дарехь", Запорожьен АЭС -на тIелатарш даран бахьана долуш. Иза хIинца Оьрсийчоьнан оккупацехь йу.
Оьрсийчоьно зIенийн гIирсаш ца бохабо, Украинера аьчкан, машенийн некъаш дохош дац, уьш цигахь "леррина операци" дIахьош бу, тIом беш бац, бохуш дIахьедора Риттера Z-каналаша йаржочу видеошлахь. Махкарчу инфраструктурина тIелатараш даран тоьшаллаш долуш дара и видео арайолучу хенахь. ТIаьхьо цу кепара тIелатарш дарх дозаллица дуьйцура оьрсийн пропагандисташа.
2000-чу шерийн йуьххьехь, Вовшахтоьхначу къаьмнийн цхьаьнакхетараллин хьаькам волуш Риттер США пачхьалкхо Иракъехь бечу тIаманна дуьхьал вара, резавацара иза Гергарчу Малхбалехьа цара лелочу пилитикина а.
Книга гIарайаккхар бахьана дара
Нохчийчохь меттигерчу хаамийн гIирсаша кIезга дийцира Риттеран книгин гIарайаккхарах. Дукхахболу тидам цара тIебахийтира журналисто Нохчийчоьнах динчу къамелана. Иза Нохчийчохь 90-чу шерашкахь хиллачу хьолах, XXI - бIешеран йуьххьехь хIоьттинчу хьолах лаьцна дина дара. Амма кхин башха доккха хIума ца элира Рихтера. Республикера тIемаш Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъасторхьама ЦРУ питанца болийна хилар тIечIагIдира цо.
"ЦРУ Нохчийн республике бандиташ дIагулбеш болх бина йу",- дIахьедира цо книга гIарайоккхучохь, шен книгин темина тIера къамел долош.
Кхин а цо дийцира, Европерчу нохчийн диаспорина америкахойн лерринчу урхаллаша тIеIаткъам бан тарло бохуш: "Шун аренца диаспора йелахь, ЦРУ цуьнца уьйрашкахь хир йу, иза церан спонсор хIуттур йу". Цу дешнийн тоьшаллаш а доцуш ду.
Оьрсийчоь толлучу америкахойн аналитико, эксперто Гобл Пола Кавказ.Реалии редакцица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, Риттера бохучух цхьаьллиг цхьа хIума "бакъдолчуьнца догIуш цахилар". Цо дийцарехь, журналист "Москван пропагандин агIо лацарца", шена тIе тидам берзош ву.
КХИН А ХЬАЖА: США-н пачхьалкхан департаменто тидамбина UFC-н латархой Нохчийчу бахарна"ГIарабевлла" американхой схьакхийлар
The New York Times гIирсан хаамашца, Риттер шозза жоьпе оьзна социал-машанашкахь кхиаза долчу зудберашца уьйраш латторна. Хьалхарчу гIуллакхехь иза кхеле ца кхечира. ШолгIачу гIуллакхехь гергарлонийн сайтехь ша йоI йолу кеп хIиттош, цуьнца къамелаш динарг вара америкахойн полицин эпсар. Цо ша 15 шо долу йоI йу бохуш левира иза. Риттер пхи артиклаца бехкелерира, набахтехь даккха 5 шо тоьхна, чувоьллира. Цул тIаьхьа дика леларна 2,5 шо даьлча, иза маьршаваьккхира.
Америкахойн Jamestown Foundation фондан аналитико Дзуцати Валерийс цхьаьнадаладо Риттер республике кхайкхар а, цига дуьненчуьра гIарабевлла нах балор а. Шайн "статус" дIагайтархьама лелош ду иза боху цо. Цу статусо республикин куьйгалхочун "цIе хьалайаккха тарло". Дзуцатис бахарехь, ЦРУ нохчийн диаспорица зIенехь йу алар нохчий беккъа цхьана лаамца доьзна ду. "США пачхьалкхан хьадалчаш - нохчий", "Оьрсийчуьра нийса лела нохчий" аьлла. Украинехь боьдуш тIом болуш иза чIогIа ладаме ду царна.
Цаьрца цхьаннан а бала бац, амма церан цхьа авторитет йолуш санна йукъабаьхна уьш
Нохчийн университетан хьехархочо К.ИсмаьIала тидаме лаьцна, Риттеран дIахьедарш "ура" бахарца ца доьрзийла, ткъа цо бина некъ "бизнес-тур" ларалуш бу.
"Соьлжа-ГIала иза кхайкхина цIарна - Малбузехь гIараваьлла, америкахойн куьйгаллина критика йо америкахо. Амма Iедалхой бицбеллера, бахархошка иза мила ву, республикехь стенна оьшуш ву ала. Нохчийчу америкахойн "седарчий" кхийларан рогIера хIума ду и. Цу нахаца дукха хенахь дуьйна цхьаннан бала бац. Амма уьш цхьа авторитеташ болуш санна лелош бу", - дIахьедира К. ИсмаьIала.
Европерчу "Единая сила" боламан хаамийн декъан куьйгалхочунна Музаев Сайханна америкахойн критик Нохчийчу вар башха тамашийна ца хета: "Оха ца лов цу кепара Москвано тхан къомана дуьхьала дIахьош йолу политика. Тхо сатесна ду, и гIурт кестта дIаберзаре. Тахана тайп-тайпанчу тIегIанашкахь политикин хийцамашца политикина йуккъеозийна нохчий, цхьана а агIора талламхошца уьйраш йолуш бац. Цундела америкахочо Риттер Скотта дина цу кепара дIахьедар аса дикка ойла йина боьттина пуьташ лору."
The Guardian гIирсан журналисташа кхушеран аьхка Кадыров Рамзанца гергарло лелорна Iоттар йира оьрсийн боксерна Бетербиев Артурна. ГIирсо дагадаийтира 37-шо долчу Бетербиевн Канадин махкалла хилар. Iаш, болх беш кхузахь ву, амма сих-сиха Нохчийчу воьду, цигарчу куьйгалхочуьнца суьрташ даха а, цуьнгара совгIаташ схьаэца а. Стохка Бетербиевна республикин цIарах йелира "Мерседес-Бенц". Иштта йелира цунна "Соьлжа-гIалин веза вахархо" аьлла цIе а. Цуьнца гергарло лелор спортхочо санкцийн бакъонаш цаларар санна нисдан тарло. США пачхьалкхерчу летаршкахь массийтуза дакъалаьцна ву иза, билгалдаьккхира цара.
Хьалхо Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин кхечу пачхьалкхашкара ахчанашна Iуналла латторан урхалло "Iаьржачу тептаре" бехира америкахошца бизнес лелон цамагийнарш - Кадыров Рамзан а, цуьнан доьзал а. Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а тоьхна санкцеш Украинерчу тIамах йоьзна йу.
2017-чу шеран гIуран-баттахь Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскийн актан" тептаре йазвира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Урхаллехь болучара бехкелерира иза кхеле ца кхачош адамаш дайъарна, нахана таIзарш дарна, дуьненан йукъараллехь къобалйинчу адамийн бакъонашна гIело латторна.