Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчохь гей олуш болу нах дIалецна, царах цхьаберш байина боху хаам, тахана цхьанна а кепара даре далур долуш хIума дац. Тахана, иштта лелаш волу шайн гергара стаг хаавелча, цуьнан цхьанна а стага бакъ дийр дац иза. Цундела, цхьаболчу тергамхошна хетарехь, «Новая газето» шайгахь ю боху фамилеш гIараяхча а, церан гергарчу наха, уьш дIалацар а, я балар а оцу бахьанца хилла аьлла бакъ дийр дац.
И тема тахана йийцаре йийр ю аьлча, цхьа 10-15 шо хьалха цхьа а тешар вацара. Амма хIинца интернетехь а, кхечу гIирсашкахь а эхь-бехк а ца лоруш иза дийцаре до зударша а, божарша а. Нохчийн политологан, гуманитаран талламийн центран куьйгалхочун Эльсункаев Надирсолтан хетарехь, айдина дуьйцуш долу и хIума кхин бух болуш дац, могашаллех дерг бен. Цунна терго ян еза, аьлла хета шена элира цо.
Эльсункаев: «Вайн къам шинна а тIамах чекхадаьлла. Вайна Iазап а, халонаш а гина. Оцу хиллачо могашаллан тохар дина. Генетикан хийцамаш а хила тарло. Вайна юккъеяьккхина и бала политикан а, социалан а бала бац. Изза могашаллийн бала бу».
И хIума дийцаре даккхаро а эвхьазло яржайо нохчийн юкъараллехь, аьлла хета нохчийн политологан Эльсункаев Надирсолтан. Ша и тайпа эвхьазло нохчашна юкъахь гIараяккха мега аьлла, ши шо хьалха кхайкхича а, цхьаммо а тергоне ца ийцира, элира цо.
Эльсункаев: «Цуьнах къамел дар суна оьзда ца хета. Вайн Iадаташца а, амалца а дац и хIума. Хала ду. Делахь а, хилларг хила даьлла. Вайн къоманна чIогIа тохар дина. Ши шо хьалха тосаделлера суна. Горга стоьлехь тхо гулделлачу хенахь, ас иза аьллера. Цхьаберш бийла а белла дисира».
Нохчийчура гейш дIалацарх, аьлча а, уьш лаьцна бохучу хааман комментари йина меттигерачу Iедалан векало, республикан куьйгалхочун зорбан-секретара Керимов Iальвис. Цо бахарехь, и нах лецна бац махкахь, я уьш лоцийла а дац, уьш кхузахь боцу дела. Иза бакъ ду я дац таллам бар хIинцале кхайкхам бина «Яблоко» партино а, Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула кхеташоно а. Кремлехь а башха кхачо йолуш комментари ца елла цунна, и хаамаш кхачо йолуш талла беза аьлла.
Шайн агIор цхьаболчу юкъаралхоша а, журналисташа а кхерам буьйцу, кхана-лама Iедалашна ца тайначу стагана иза гей ву, я кхиверг ву аьлла, нохчашна уггаре а маьттаза хеташ йолу цIераш тIе кхолла йолорна. Цунах дийцира йозуш йоцу оьрсийчу журналиста Кириленко Анастасияс.
Кириленко: «Кхерам хIутту реза боцучу нахана дуьхьал гей ву аьлла цIе а тиллина, уьш бехбан болорна. Стагана цуьнах цIанвала хала хир ду. Гергарчу наха а арз дийр дац иза дIавигна, я лаьцна аьлла. Цундела, резабоцучарна Iаткъам беш йолу гIулч санна хетало хIара».
Нохчийн юкъаралхочун Дудуркаев Мохьмадан а хета оцу яьллачу гIовгIан цхьа ша-тайпа чолхалла. Бехк боцчу нахана и цIераш хIинцачул тIаьхьа кхолларх ша а кхоьру элира цо.
Дудуркаев: «Со гейх дог лозуш вац. Суна юххехь уьш гина а бац. Воцушехь ву а аьлла, иза вер чолхе зулам ду аьлла хета суна. Тахана Нохчийчохь шайна лууш волу стаг вер а, ваккхар а цхьа а новкъарло яц. Ткъа хIара хIунда долийна ду суна-м ца хаьа».
«Новая газето» бечу хаамца Нохчийчохь гейш бу аьлла 100 ца кхоччуш божарий дIалацар цхьана нисделла Къилбаседа Кавказерачу цхьайолчу гIаланашкахь гей-парад дIаяхьа Iалашо ЛГБТ-юкъаралло гIараяьккхинчу хенахь. Ткъа, муха гулвелла Iедалшка цхьана дийнахь 100 стаг и хIума бехке а диллина, дуьйцуш а дац.