Your browser doesn’t support HTML5
Хууш ма хиллара, Шишани фамилеш йолчу наха и цIераш шаьш шайна техкина ю. Цундела хала ду вуьйцург мила ву ала. Шема а, Иракъе а баханчу нохчаша цIераш хийцар шен Iалашо йолуш ду боху Маршо Радион эксперто Вачагаев Майрбека.
Вачагаев Майрбек: «И (керла) цIераш тахкар доьзна ду цхьаболчеран цIераш бусулба наха тохкучех ца хиларца а, и нах Оьрсийчура Iедалех ларбала безаш хиларца а. Iедалш коча ца эхийта дукхах болчара шайн цIераш хийцина. Цундела вайна бевзаш ца хуьлу-кх уьш.
Цундела и Абу Анас а кхин хIара вара, важа вара аьлла хьахийна стаг вац».
Цхьаболчара дуьйцу и стаг кху аьхка кхелхинчу Iумар аш-Шишанин (Батаришвили Тарханан) накъост вара бохуш.
Амма цуьнан цхьа а тоьшалла дац боху Вачагаевс.
Вачагаев Майрбек: "Цуьнан куьйгакIелла хилла хир ву иза. Амма цуьнан куьйгакIелла хиллехь а, цо хьахийна а, я цуьнан сурт доккхуш уллехь лаьттина а, кхин гIарваьлла вацар иза".
Нохчийчура Иракъе а, Шема а бахана нах байарх лаьцна хаам ша-тайпана мах болуш хуьлу. Цунах лаьцна сихха хаам беш Iедал ду ДАIИШ тобанца къийсам дIахьочу ницкъийн куьйгалхойн.
Иштта Гезгмашин-бутт чекхболуш Iамеркин тIеман министралло дIахьедар дира тIаьхьарчу 30 дийнахь ДАIИШ тобанан куьйгалхойх 18 стаг вийна шаьш аьлла.
Царна юкъахь бара нохчий а. Гезгмашин-беттан 29-чу дийнахь Пентагонан векло Дорриан Джона дIахьедар дира, Мосулана гонах йолчу меттигашкахь, авиацин тохарш а дина, 3 нохчо вийна шаьш аьлла.
Дорриан: "Шина дийнахь Мосулехь оха вийна ал-Шишани Iабдул-Хьамид а, ал-Шишани Iабдул-Джабир а, ал-Шишани Iабдул-Рахьман а. Уьш берш ДАIИШ тобанера кхечу пачхьалкхара баьхкина тIемалой бара, Мосулерчу тобанашна урхалла а, куьйгалла а деш болу. Кхечу пачхьалкхашкара тIемалой байаро гIелбо цу гIалахь йолчу ДАIИШ тобанан тIеман аьттонаш".
ДАIИШ-ра Мосул схьаяккхаран операци йолаелла кху шеран ГIадужу-баттахь. И дIаерза езаш ю тIедогIучу шеран Дечкен-баттахь, Iамеркехь керлачу президентан администраци болх бан йолаеллачул тIаьхьа. Амма гIалахь тIемаш бар дахдала мегаш ду аьлла хета эксперташна.
ХIинца а билггал хууш дац Нохчийчура Шема а, Иракъе а тIаме баханчу нехан терахь.
2015-чу шарахь Лахьан-беттан 22-чу дийнахь Нохчийчура прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис дIахьедар дира, Шема ваханчу 311 стагана дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш долийна шаьш аьлла.
Оццу хенахь Кадыров Рамзана элира, ДАIИШ-ан могIаршкахь ву 500 гергга нохчо аьлла. Царах 50 стаг цIавало аьтто баьлла шайн бохуш вара иза.