Аушев Руслан: Луьрчу хьелашкахь кхоьллира ГIалгIайн Республика

Аушев Руслан.

1992-чу шарахь Мангал-беттан 4-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Федерацин Лаккхарчу Кхеташоно низам тIеийцира Нохчийчоьнах дIакъастийна керла субъект кхуллуш. Иза яра ГIалгIайн Республика. Амма цу керлачу Оьрсийчоьнан субъектан я шен куьйгалхо а вацара, я шен Iедал а дацара. Иза кхоллар а дара халчу хенахь аьлла, долийра шен къамел ГIалгIайчоьнан хьалхарчу президенто Аушев Руслана.

Your browser doesn’t support HTML5

Аушев Руслан: Луьрчу хьелашкахь кхоьллира ГIалгIайн Республика



Аушев Руслан: "Со гIантда вара СНГ-н куьйгалхойн кхеташонехь йолчу комитетан. Тахана ас беш болу болх а бу изза. Нохчийн Республико цу хенахь юьхьар лецира йозуш йоцуш хиларан некъ. Цунах лаьцна дIакхайкхийра парламенто а, президенто а. Цара хаьттира гIалгIайн декъе, шу тхоьца ду я дац аьлла. 1991-шо чекхдолуш гIалгIаша референдум йира.

Цара юьхьарлаьцнарг бара Оьрсийчоьнан Федерацина юкъабахаран некъ. Цул тIаьхьа и референдум низамца чIагIян езаш яра. Таккха Оьрсийчоьнан Федерацин Лаккхарчу Кхеташоно низам тIеийцира, ГIалгIайн Республика кхолларх лаьцна долу. Мангал-беттан 4-чу дийнахь ийцира и низам тIе.

Баккъалла а долу хьал дийцича, юридикан агIор нийса аьлча, 1992-чу шарахь республика кхоччуш кхоьллина лоруш ю, Лаккхарчу Кхеташонан гуламехь сацам а бина, иза Оьрсийчоьнан конституцина юкъаяхийтича. ГIура-бутт бара иза 1992-чу шеран."

Аушев Руслан Казахстанехь, Кокчетав-кIоштахь Володарское эвлахь вина. Цо дешна Буру-гIаларчу эскаран командирийн училищех. 1985-чу шарахь Москох Аушевс чекхяьккхина Фрунзен цIарах йолу ТIеман академи. ОвхIан-пачхьалкхехь гIуллакх деш Аушев Русланна, дашо седа а луш, елла Советан Союзан Турпалхочуьнан цIе.

1991-чу шарахь дуьйна цигахь тIом бинчу эскархойн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхо ву иза. 1993-чу шарахь дуьйна 2001-чу шаре кхаччалц Аушев Руслан хилла ГIалгIайчоьнан президент. Цуьнан кхо бер ду.

Аушев Руслан президент хIуттуш цуьнан 38 шо хилла. Амма цу хенахь и республика кхоллар шаьш бахьана долуш хилла аьлла, хеташ дуккха а нах бара ГIалгIайчуьрчу политикашна юкъахь.

Уьш а бара ГIалгIайчоьнан куьйгалхой хила хьакъ дерш шаьш ду моьттуш. Цундела цигара хьал чолхечу ца даьллаехь ша шен дахарехь цкъа а хир вацара гIалгIайн президент бохуш, дуьйцу Аушев Руслана.


Аушев Руслан: "Цкъа делахь, нагахь цигахь паргIат хьал хиллехь, со сайн дахарехь цкъа а хир вацара президент. Нах бара цигахь и дарж дIалаца кечбелла. Ма дарра аьлча, республика кхуллуш а бара уьш жигара хьийзаш. Со баш кхеташ вацара цу гIуллакхах.

Республика кехат тIехь йолуш яра, цхьайолу комитеташ а, министраллаш а яра кехат тIехь кхоьллина лоруш. Вуьшта аьлча, Iедал а дацара цигахь, республикан куьйгахо а вацара, парламент а яцара. Цхьаболу нах Москох боьлхура, шайна даржаш ло олий. Царна уьш лора.

Москох коьрта проблема Нохчийчоь яра, ткъа ГIалгIайчоь, куьг а ластадой, юьтуш яра. ХIунда аьлча, царна ца лаьара прецедент кхолла, эр вай, Кхарачой-Чергазийчоь а, ГIебартойн-Балкхаройчоь а, кхиерш а екъа ца екъа."

Нагахь Нохчичоьнан Оьрсийчоьнах дIакъаста лаам ца хиллехь, ГIалгIайчоь кхуллур яцар аьлла тешна ву Аушев Руслан.

Аушев Руслан: "ГIалгIайчоьнан аьтто бинарг дара Нохчийчоьно йозуш йоцуш хиларан некъ харжар. Нагахь Дудаевс а, Нохчийн Республикан парламенто а йозуш йоцуш хиларан курс ца хаьржинехь, цкъа а йоькъур яцара Нохч-ГIалгIайчоь. Иштта нисделлера историн агIор."

1992-чу шарахь гурахь, хIирийшна а, гIалгIашна а юкъахь дов эккхар бахьана долуш, цигарчу хьолана юкъагIорта дийзира Аушев Русланан.

Аушев Руслан: "Дукха а бара республикан куьйгалхочуьнан даржехь шаьш гуш берш. Цхьаъ цига хIоттош ву аьлла, указ а дара арахецна. Амма хIун хилира. Шуна дага догIу хир ду, 1992-чу шеран Лахьанан а, ГIуран а беттанашкахь Къилбаседа ХIирийчохь хилларг.

Цу хиламаша боккха бохам беара. Тасадаларш а хилира, байина нах а бара. Ягийнера нах беха 15 меттиг. 80 эзар мухIажир хьаьдира ГIалгIайчу. Федералан центро, шеко а йоцуш, хIирийн агIо лецира. Со, сой эскархо хиларе терра, кхеташ вара цара деш дерг уггаре хьалха Нохчийчоьнна деш долу тохар хиларх.

Массо а лууш вара Нохчийчоь гIалгIашна тIехIоттийта. ТIаккха атта хир дара ницкъаца Нохчийчоьнца доьзна долу хаттар дIакъовла. Амма иза кхин агIо ю."

ГIалгIайчоьнан ханна йолчу администрацин куьгалхо а хIоттийна, ша республике веача шена гина сурт иштта дуьйцу Аушев Руслана.

Аушев Руслан: "Иштта лаьтташ хьал а долуш, со цIа веара могIаре вахархо, могIарера гIалгIа, даймохк безаш волу кIант санна. ЦIа а веана, цигахь хуьлург а гина, юкъавахара со цигахь лаьтташ йолу проблемаш дIаяхарна. Со цигахь комендант хаьржира.

Цу хенахь республикехь куьйгалла а дацара, хIумма а дацара. Цигахь ерш яра цхьацца комитеташ а, юкъараллин вовшахтохарш а, цигарчу хьоланна урхалла деш йолу. Со цига дIакхечира 1992-чу шеран Лахьан-беттан 1-чу дийнахь. Дерриг а хьал караэца дийзира сан. Шахрайс а, Шойгус а, Филатовс а (уьш бара цу хенахь цигахь) соьга дийхира цигара хьал хьайн караэцахьара аьлла.

Цара дийцарехь, гIалгIайн цIарах къамел дан стаг вацара цу хIоьттинчу хьолехь. Со реза хилира. Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а чолхечу хьолан раж кхайкхийра, ткъа со хIоттийра цигахь ханна кхоьллинчу администрацин куьйгалхочуьнан когаметта."

ГIалгIайчоьнца доьзнарг хьакхалуш дара коьртачу декъана Нохчийчоьнах аьлла, хета Аушев Русланна.

Аушев Руслан: "ТIаккха цигахь цхьацца хиламаш хила буьйлабелира. Со кхийтира коьрта тохар дан дезаш ерг Нохчийчоь хиларх. ГIалгIайчоь моттаргIа яра. Нохчийчоьнан дозанна тIеийзо долийра эскарш. Аса элира со лууш а вац, я болх бийра болуш а вац оцу администрацехь аьлла. ТIаккха, хаам беш кехат а яздина, со дIавахара."

Ша президент хIоттар дIоггара дах ца деш дуьйцу Аушевс.

Аушев Руслан: "Халкъ гIаьттира. Цо, гулам дIа а бьхьна, кхайкхийра президентан харжамех лаьцна. Со волчу делегаци а еана, соьга хаьттира президентан харжамашкахь дакъалоцур дуй ахьа аьлла.

Ас жоп делира, дера халкъана хетарг, тергал а ца деш, дуьтур дац ас аьлла. Ас элира, аш харжахь хир ву со президент, ца харжахь сайна гIуллакхаш а деш лелар ву со аьлла. Иштта президент хилира-кх сох 1993-чу шарахь."

Президентан даржехь болх бан атта дацара цу халчу хьолехь бохуш, дуьйцу кхин дIа Аушев Руслана.

Аушев Руслан: "Дера хала ма дара. Цкъа даелахь, ас цу даржехь 10 шо доккхучу хенахь, тахана санна ахчанаш дацара я пачхьалкхан а, республикан а. Тахана бу мелла балахь а гIишлош ян аьттонаш. Цу хенахь хIумма а дацара. Уггаре хала дерг дара республикехь Iедал ду аьлла, цхьа а къадор а ца хилар.

Даха меттиг йоцуш, дисина адамаш дара. 70 эзар Къилбаседа ХIирийчура мухIажир а вара. Цхьа а коммуникаци яцара. Ур-аттала телефонан зIе хилар а яра проблема. Я хьешан цIенош а дацара, я некъаш а дацара. Делахь а, цхьаъ дан болу лаам туьйлира. Адамаш дара оьшуш дерг дан лууш.

ТIаккха хьалхара нохчийн тIом, юха шолгIа нохчийн тIом хилира. Даиман а оцу луьрча хьелашкахь болх бан дийзира тхан. Амма республика кхолла лаар туьйлира."

Ткъа муха хета хьуна тахана Къилбаседа Кавказехь долу хьал? Ахьа а, кхечу цигарчу бахархоша а сатийсина ма хиллара дуй иза аьлла, шега хаьттича, Аушев Руслана иштта жоп делира.

Аушев Руслан: "ХIинца мел далахь а тийна хьал ду цигахь. Дустийла яц иза 1994-чу я 1999-чу шарахь хиллачуьнца. Амма цу хьоле хьажа ма деза вай, стратегин ойла а еш. Хьанна дагадогIур дара 1992-чу, 1993-чу я 1994-чу шарахь ГIебартойн-Балкхаройчохь маьршша тIемалой лелар бу аьлла. Карачой-Чергазойчохь тIемалой хир бу аьлла? Хьанна дага догIур дара тахана Дагестанехь хIора денна тIеман хиламаш хир бу аьлла.

Кхечанхьа а ду иштта. Вайна гуш ду хьал радикалан кепе доьрзуш хилар. Гучубевлла керла ойланаш йолу нах, шайна юкъахь динца йоьзнарш а йолуш. Царна тIехь герзан ницкъаца толам баккхалур бу аьлла, ца хета суна."

Нохчийчохь тIом болалуш дина хиллачу берашца кхечу агIор болх бан беза аьлла, хеташ ву Аушев Руслан.

Аушев Руслан: "ТIом боьдуш а болуш, дуьненчу бевллачаьрца болх бан кхин некъаш карон деза. Бакъ дерг алий вай! 1992-чу шарахь динчу божаберан тахана 20 шо ду. ХIун гина цунна? ХIумма а ца гина-кх цунна. Цунна гинарг даиман а тIом бу! ТIом, тIом, тIом. Кеманаш, беркеманаш, танканаш, ковраш, лелхийтар, иштта дIа кхин а. И жима стаг 20 шаре ваьлла хIинцале а. Ткъа 15 шо дерш, кхиберш схьаоьцур вай... Иза онда проблема ю. Иштта атта иза кхочуш ян гIерта мегар дац."

Къилбаседа Кавказе машар беана, аьлла, ца хета Аушевна.

Аушев Руслан: "Цхьаьнга а алалур дац тахана, лаьмнашка а вахана, цигахь паргIат садаIа йиш ю аьлла. Нагахь иза дан майра нах белахь, уьш баха беза лаьмнашка Дагестанера дIабуьйлабелла ГIебартойн-Балкхаройчу кхаччалц. Суна цкъачунна ца хета цу лаьмнашкахь маьршша лела аьтто бу аьлла.

Цигахь герзаца лела тIемалой а бу, кхиберш а бу. Цундела ас эр дацара цигахь проблема дIаяьккхина аьлла. Бакъ ду, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а дуккха а синтеме хьал хIоьттина. Амма кхечу республикашкахь синтеме хьал ду бохучух со ца теша."

Таханлера Оьрсийчурча Iедалш юкъаметтигаш лелош дац Аушев Русланца, Къилбаседа Кавказехь шаьш политика билгалйоккхуш.

Аушев Руслан: "Яц. Цу тайпа цхьана гIуллакх дар дац церан соьца. Аса сой цхьа воккха Кавказехула волу говзанча ца лору. Амма цхьа хIума хаьа суна. Кавказехь а, я кхечу муьлххачу а меттехь а, герзах пайда а оьцуш, хIумма а кхочуш далур дац.

Схьаоьцур вай со хилла волу изза ОвхIан-пачхьалкх. ХIун, уггаре кху дуьнентIехь ницкъ болчу армеша кхочуш йина и проблема? Цара кхочуш ца йина иза. ХIун, Иракъехь проблема кхочуш йина, герзах пайда а оьцуш? Ца йина!

ХIора денна лелхийтарш а, тIелетарш а ду цигахь. Кхечу регионашкахь а ду изза. Цундела цхьадолу хIуманаш, дукха ойла ца йича а гуш ду. Герзах пайда эца мегар дац цу тайпа хала политикан хаттарш кхочуш деш.

Бакъ ду, куц далалур ду. Сенйина йолчу юьхь тIе, басар а хьакхна, ала мегар ду, гой шуна, дIо лелаш йолу маьлх-аьзни аьлла. Ткъа юьх кхин а дIа сенлуш ю.

Схьагарехь, хьалхара тIом дIабирзича цхьаммо тешийначух тера ду Iедалш ницкъаца охьатаIалур бу уьш аьлла. И тактика ю-кх юьхьар а лаьцна лелош йерг. Ткъа мел дукха лелхийтарш а, теракташ а хилла цултIаьхьа. Мел дукха нах байина тIом кхайкхийначул тIаьхьа.

2000-чу шарахь кхайкхийра Нохчийчохь дерриг а дIадирзина аьлла. Ткъа тIаьхьарчу 11 шарахь дукха хIуманаш хилла Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, кхечу республикашкахь а хилла ца Iаш ша Оьрсийчоьнан Федерацехь а. Уьш тIеман тIаьхьалонаш ю."

Ткъа муха политика лело еза Къилбаседа Кавказ санна йолчу меттигашкахь, бохучу хаттарна иштта жоп ло Аушев Руслана.

Аушев Руслан: "Суна коьрта хеташ цхьа хIума ду. Кавказехь нийсо лело еза. Нийсонца а, низамца а лела веза цигахь. Цхьа а вац низам леларна дуьхьал. Адамаш дуьхьал ду харцонаш лелорна. Дуккха а дай-наной бу шайн дайна бераш лоьхуш. Цхьаммо а жоп деллий царна, уьш хIунда байна аьлла? ХIунда дIалийцина уьш, хьа лийцина уьш?

Пачхьалкхо жоп дала деза. Цхьа а ма вац дуьхьал. Нагахь цхьаммо цхьа зулам динехь лаца а лаца иза, адвокат а ло цунна. Кхелана хьалха а хIоттаве иза. Гергарчара а ма боху, нагахь иза бехке велах, шаьш а дийр ду цунна догIуш долу таIзар, нагахь Iедална ца лаьахь. Иза дан ма деза, нагахь жимма а низам лелаш йолу пачхьалкх хIара ялахь.

Ткъа кхузахь хуьлург лелон мегар ма дац. Кхузахь стаг воь, тIаккха иза тIемало хилла олий, дIакхакхадо. Дукха хан йоццуш 5 бер а долуш, 50 шаре яьлла йолу зуда йийна. Цуьнан хIун юкъаметтигаш хилла тIеман тобанашца?

Нагахь шеко ялахь лаца веза, кхеле озо веза. Дера иза дан хала ма ду. Амма цу гIуллакхана леррина кечйина органаш ма ю.

ШолагIа хаттар ду Къилбаседа Кавказехь йолу коррупци. Иза ирча хьал ду. Цигахь цхьана хIуманах кхоьруш бац коррупцин дай. Муьлхха а гIулч йоккхуш Кавказехь ахча дала деза. Деша воьдуш ахча дала деза, маха тухуш ахча дала деза, дарже воьдуш а ахча дала деза.

Иштта даха мегар ма дац! Массарна а хууш ду иза. Массарна а! Массо а, дерриг а нийса долуш санна, тийна-таьIна Iаш бу."

Аушев Руслан дуьххьар дуьйна вара Нохчийчурчу тIаманна дуьхьал. Иза дIаберзо гIерташ, мел шена баркалла хир дац аьлла хетахь а, юкъарло лелайора цо Нохчийчоьнан куьйгалхошна а, Оьрсийчоьнан Iедалан векалшна а юкъахь. Ткъа муха ю Аушевн Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошца йолу юкъаметтигаш?

Аушев Руслан: "ХIинца-м хIара ю аьлла уьйраш яц. ОвхIан-пачхьалкхехь а, кхечу регионашкахь а тIом бинчу наха цхьацца дехар дича, оха а дехар до Нохчийн Республикин куьйгалхошка царна гIо дахьара олий, ког-куьг доцуш бисинчарна, протез оьцуш гIо дахьара олий.

Царна лоьрийн гIо дойтуш а, цу тайпа белхан юкъаметтигаш ю тхан. Ткъа вуьштта, наггахь цхьаьнакхета тхо цхьацца мероприятеш хилча. Ткъа кхин йолу гIуллакхийн уьйраш йоцуш ю."

ХIара материал дуьххьара зорбане ялььа 2012-чу шарахь.