Кхайкхаза хьеший тIеэцар халонга даьлла Австрехь

Австри -- Венера нохчийн туька, 18Гезг2012

ПIераскан де доллучу дуьнентIерачу мухIажаршна леринера Австрин коьртачу шахьарехь жигара болчу адамийн бакъонашларйархоша а, гIалин дайша а.

ШозлагIа дуьненан тIом болчу хенахь хиллачу терахье хьалакхаьчна вайн заманахь дуьненчохь, шайн ков-керт, даймохк а битина, хийрачу мехкашкахь кхерамазалла лоьхучу мухIажарийн терахь. 50 миллион сов адам ду карарчу хенахь тIемех а, диктаторийн режимех, я кхечу бохамех бевдда. И терахь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло кху деношкахь зорбане даьккхина.

Къаьстина Иракъехь, Шемахь лаьттачу хьоло дукха адаман дада дезийтина. Цу пачхьалкхашкара бевддарш дукхахьолехь луларчу Туркойн махкахь я Ливанехь я Иорданехь цхьана ханна кIелхьарабовлуш белахь а, кIеззиг бац Европе кхочурш. ХIурдахула богIурш Итале кхочу, ткъа лаьттахула Европе сехьабовла кадевлларш я Германе а, Австре кхочу.

Шайн махкара бовда дезначу нехан кхолламашна тIе тидам бахийта Iалашо яра Австрерачу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн мухIажарех йолчу хьукмато, дуккхаъчу адамийн бакъонаш ларйаран юкъараллашца а, Венин Iедалшца а цхьаьна пIераскан дийнахь дIадаьхьана хиллачу цхьа могIа цхьаьнакхетарийн.

Iарбой, курдаш, нохчий, овхIанхой, Африкерчу тайп-тайпанчу къамьний векалш – дукха бара цу хиламехь дакъалаьцнарш, доллучу дуьненан географи шена чулоцуш санна дара уьш Австре схьабаьхкинчу пачхьалкхашкхийн тайп-тайпаналла.

Къаьстина дагах кхеташ яра цу пIераскан дийнахь мухIажарийн хьукмато дагадаийтинчу дIдаолорах цхьаъ - Венера уггаре а дукха нах дIасалелаш йолу 5 лоьмар йолу трамвайн лини мухIажарийн кхолламаш бийцарна дIаеллера гIалин дайша.

Цу линехула, Австрин йоллучу кортчу шахаьарехула чекхйолуш йолчу, дIасалелачу трамвайш чохь шайн дахарх а, шайн даймахках а, шаьш цигара довда дезаран бахьанех а лаьцна некъахошна дуьйцуш бара шаьш мухажарш, ткъа иштта царна Iуналла деш болу хуькматхой а, адамийн бакъонаш ларйархой а.

Венерчу Asyl in Not цIе йолчу юкъараллин куьйгалхо Геннер Михаил а вара цу хиламехь дакъалоцуш, шеца цхьаьна массийта нохчийн мухIажар а волуш. Дуккхаъчу шерашкахь тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара уьдуш, Австре оьхучу мисканашца болх беш болчу Геннерна дика бевза цу нехан кхолламаш. Эзарнаш нохчийн мухIажарш а бевлла цуьнан гIодаран юкъараллех чекх.

Цунна дика хаа, эххар а, эзарнаш чакхармашкахь некъ а беш, Европе схьакхъаьчначу неха бала кхузахь чекхболуш боцийла – Iедалан бендацаро а, цхьаццаболчу меттигерачу нехан кхерамаша а, цабезамо а мухIажарийн иштта а чолхе хьал къахьдойла.

Амма уггаре халадерг, Геннер Михаилна хаарехь, Iедалан мухIажарийн хьукматаша а, кхелаша а тIебаьхкинчарна тховкIело яларехь, и нах жоьпе шерашкахь сатуьйсуш Iийначул тIаьхьа, дацаре жоп далар ду. Ткъа иза тIаьхь-тIаьхьа алсамох нисло. Къаьстина Нохчийчуьрчу мухIажаршца.

Геннер Михаил: „МухIажарийн хьокхехь йолчу кхелан хьалхарчу инстанцехь тIаьхь-тIаьхьа алсамох негативан сацамаш тIеоьцуш бу нохчийн хьокъехь. Тхо даима а цу дуьхьал болх беш а ду. Цхьаболу толамаш оха цу некъа тIехь баьхна а бу, масала, юкъараллийца болх барца а, кхело бина болу скандале а, харцоне а сацамаш хаамийн гIирсашкахь нахала бахарца а.

Апелляци а йина, шозлагIчу инстанце тхо девлча, кхелан сацамаш,дукхахьолехь, гIолехь хуьлу. Нагахь санна, мухIажаран а, цуьнан векалийн а, шаьш оьрсийн эскархошна а, церан режимна а дуьхьало йина хиларна тоьшалла дан кадалахь, цуьнан хIинца а дика шансаш ю, позитиван сацаме кхача“.

Амма и толамаш хенаца даима а кIезгох нислуш хилар а билгалдоккху адамийн бакъонаш ларъярхочуо. Цуо дийцарехь, цу хIуман бахьанех цхьаъ ду: мухIажарш шаьш Европе кхачарх долу бакъдерг ма-дарра дийца ца бохьар. Уьш кхоьру, шаьш цIахь хьийзорах а, шайн динчу таIзарех а долу бакъдерг кхузарчу Iедалшка шаьш дIадийцахь, и хаарш оьрсийн къайлахчу сервисан кара а кхаьчна, шайн гергарчарна иза бале дер ду бохучух.

Геннер Михаил: „Дуккха а нохчийн мухIажарш ца боьхьу, шайн хьалхарчу интервьюхь шаьш цIера бовдаран бакъдолу бахьанаш ма-дарра дIадийца. ХIунда аьлча уьш шайн протоколаш оьрсийн Iедалхошка дIалург хиларх кхоьру. Цхьаццайолчу кхелашкахь тхан кадолуш хуьлу, и церан кхерам бух болуш хиларх кхелахой тешон.

Масала, тхоьгахь прецедент санна лара йиш йолуш цхьана кхелан сацам бу. Цу тIехь яздина ду: „Австрерачуй, Оьрсийчурчуй чоьхьарчу гIуллакхийн министраллашна юккъехь хаддаза контакташ хилар бахьана долуш и кхерам кхеташ бу“, аьлла. Цу кхелехь тхан клиентана азюль а елира“.

Вайнехан мухIажаршца болх бечу юкъараллин куьйгалхо волчу Геннер Михаилана хетарехь, Австре хилла а ца Iаш, йолчу Малхбузе схьаоьхуш болчу Къилбаседа Кавказерчу мухажарийн рагI кхачаяла хIинца а генахь ю, уьш Иракъерий, Шемарий бевддачара мелла а бицбайтинехь а.

Цундела, цунна чIогIа мехала хета, мухIажаршна шайн бакъонаш йовзар а, цу бакъонашкахь къийса цара Iамор а. Iедалан аIор мухIажаршна негативан жоп кхачарх иза догмовла вала а, кхеравала а бахьана дац аьлла тешна ву иза, хIунда аьлча низамна а, бакъонашна а тIе а тевжаш, шен гIуллакх дийца хууш волчу Нохчийчурчу мухIажаран Европехь тховкIело каръян некъаш шортта ду.