"Бекхам бац, бусулбачун декхар ду". Нохчийн батальонан лидер Осмаев Адам – Украинерчу тIамах

Осмаев Адам

ТIелеттачу Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал украинхошкахьа тIемаш беш нохчийн ши батальон ю. Цхьахйолчун куьйгалхо ву – Осмаев Адам. Дудаев ДжовхIаран цIарах батальонан урхалла дан иза хIоьттира 2015- чу шарахь, Дебальцевохь хьалхара командир Мунаев Iийса вийначул тIаьхьа.

Путин Владимир вен Iалашонца тIелатар кечдеш хиллера аьлла, бехкевина Осмаев, - нохчийн лоруш долчу тайпера ву. Республикехь мехкадаьттан индустрехь куьйгалла деш вара цуьнан да, деваша Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхо а, Федерацин Советан сенатор а лаьттира. Осмаевн хIусамнана – Окуева Амина – йийра командирна 2017-чу шарахь шолгIа кIело йича.

Кавказ.Реалиица хиллачу интервьюхь Осмаев Адама дийцира, ша оьрсийн эскаршна дуьхьал стенна лаьтта а, Оьрсийчоь Украинана тIелатар нохчийн тIемашца муха догIу а.

– Со кхетарехь, хьо тахана Украинехь ву. Отрядца вуй хьо?

– ХIаъ, ву дера.

– Маса ву шу?

– Оха и хоуьйтуш дац. Экаме информаци ю иза, тхайн ма-хуьллу и гIара ца яккха гIерта тхо.

– Шун отрядехь – тIеман зеделларг долу нах буй? Беккъа цхьа нохчий бу уьш, йа кхечу къаьмнашкара нах а бу шуьца?

– Юьхьанца дуьйна дуьненаюкъара машарбаран Дудаев ДжовхIаран цIарах батальон олу оха тхайх. И бохург хIун ду, тхоьца кеп-кепарчу кхечу къаьмнийн векалш а хилар. Дуьххьара алсамох нохчий бацара, украинхой бара дукхахберш, Гуьржийчуьра а, Азербайджанера а нах бу тхоьца. Хилла а бу, хIинца а бу тхоьца зеделларг долу эскархой нохчийн тIамех чекхбевлларш а, Афганистанехь хилларш а.

– Львовна гергахь вовшахтухучу кхоалгIачу отрядах лаьцна хууш хIун ду шуна?

–Ма-дарра суна хууш дац, хьуна чулацам боллуш жоп дала. Хууш дерг ду, тайп-тайпанчу каналашкахула схьабахка хьийзаш дуккха а нах хилар, Украина Iалашъеш, схьакхета.

– ХIара тIом хьуна коьрта стенна бу? Хьайн бекхам бар санна хIума дуй иза хьуна?

– Сан сайн хIума хIара цкъа а хилла дац. 2017-чу шарахь эшам хилла суна, сан хIусамнана Амина йийча. 2000-чу шеран юьххьехь ваьлла со кху новкъа, 20-х сов шо а ду со кху некъа тIехь волу. Сайн доьзалх хаьдда со, Оьрсийчоьнна муьтIахь бу уьш, эр ду-кх. Уьш гуттар а бара Iедална гергахь нах. Сайн гергарчаьрца а, сайн нахаца а зIенаш яйна сан.

Суна хIара – бекхам бац, хIара сан декхар ду. Сан декхар ду, бусулбачун а, боьршачу стеган а, адаман а санна. Оккупант тIелетча, даймохк Iалашбар ду. Тхан республика, пачхьалкх къона хиллехь а. Тхоьца куьйгаш яздинера Оьрсийчоьно, факташкахь тхо дозуш дацара. Тхайн декхар кхочушдора оха, кхин хIуммаъ дацара.

– Тахана Украинехь дерг хьуна хIун ду?

30 шо хьалха боллабеллачу тIеман тIаьхье ю-кх хIара

– Тоххарлерачу тIеман тIаьхье ю-кх хIара. ХIалхалерра арми ю, хIетахьлерра зуламхой а бу. Кавказана 600 километар дехьа баьккхина тIом бу-кх хIара, вуьшта аьлча. Хьалхалеррачу мостагIца тIом беш ду-кх тхо. Тхан президент Дудаев ДжовхIар олура: Украинаца тIом хир бу. Тхуна хаьара, и хила йиш юйла, - тхо бакъдолу Украинан агIончаш ду.

Тхоьца болу дукхахберш – Украинан бахархой бу, кхузахь бина нохчий а бу. Украинехь маршо ю, Оьрсийчохь йоцу. Иштта динан маршо а, дешан маршо а, ойланан а, кхиндолчун а… Амма тхуна 30 шо хьалха боллабеллачу тIеман тIаьхье ю хIара.

– Ахь нохчийн тIемаш хьаххинчуьра, алахьа, Адам, федералан эскарша Нохчийчохь лелийнарг дагатуьйсий хьуна хIинйца Оьрсийоьно лелочо?

-Оха дика зийна хIара арми а, хIокху пачхьалкхан куьйгалхо а, цундела тхуна церан тактика а, цара дийриг а, хууш ду, кхеташ ду. Украинхошна шок хилла цунах, цара маьрша гIаланашна бомбанаш еттар. Ткъа оха цкъа лайна а ца Iа хIара дерриг а. Тхуна хаьа, оккупаци йинчу дозанашкахь хиндерг. Зачисткаш, Iазапаш, кхел йоцуш нах байъар. Тхайн ницкъ ма-кхоччу, гIо дан хьийза тхо, хIара дах ца далийта, оккупацех маьршадовла, Украинехьара баларш кIезиг хилийта. Дуьненан юкъараллин гIоьнца, тхайн ницкъ кхочур бу аьлла хета суна. Нохчийчохь цхьанхьара а кхача орца дацара, цундела цигахь дахделира, дуккха а цIий Iаьнаш.

– ХIокху тIамехь дакъалацар – хьайн бусулбачун декхар ду элира ахь. Жимма кхетош алахьа, муха, хIунда бу хьуна Украинера тIом коьрта, хьуо бусулба хиларе терра?

– Кхузахь бинчу бусулбанашна, тхоьца болчарлахь дуккха а бу уьш, цара Iалашйо шайн хIусамаш, шайн доьзалш, шайн бахам, шайн динан маршо. Кхузахь маьршша дин лело йиш ю церан- Оьрсийчохь иштта дац. Тхуна хаьа, бусулбанаш боцурш а, ламастин динца боцу керста нах а магош бац, цхьайолу книгаш йоьхкуш ю. Бусулбачийн классикан литература. Имамаш чубухку, бойъу.

– Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа джиIадан тIом бу боху хIара, Оьрсийчоьнан агIор оцу тIамехь нохчаша дакъалацарх кхетош. Хьуна муха хета цуьнан дешнаш?

– И муфтийш муха бу аьлча, КГБ-н муфтийш бу, керла хIуммаъ дац цигахь. Изза Кадыров Ахьмада а, ша муфтий волчу хенахь, кхайкхамаш бора Оьрсийчоьнна дуьхьал джихIаде довла бохуш, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнехьа къамелаш дора. Церан коьрташкахь и дерриг а муха тарло? Хьанна дуьхьал белахь а – церан гуттар а джихIад хуьлу. И нах бохкабелла бу. Дан хIуммаъ дац, хIора пачхьалкхехь бу иштта бохкабелла нах, нахана тIахь са еш, къа дуу нах, шайн къам а, дин а, йоллу адамалла а юхкуш. Муьлххачу динехь а, Iедалан бакъонца а – пачхьалкхана ямартвалар ду иза. Цкъа ямартваьлларг, юха а вер ву: цара Оьрсийчоь а юхкур ю, дикка шайна мах лахь.

– ХIокху тIамехь Кадыров Рамзанан дакха муха го хьуна?

– Путинна хьалха хаставала хьийза Кадыров, цуьнан фаворит хила. Шен куьйгакIел болу нах бахийта гIерта иза, цаьрга Путинан дуьхьа цхьа Iалашонаш кхочушъяйта – и ду-кх дерриг а, ца кхета хала а дац.

– Ша Киевна гергарчу Гостомелехь ву бохуш, цо ден дIахьедарш муха тIеийцира ахь?

– ТIамна 30-40 километар гена а бевлла, оьрсашна тIехьа а лечкъина, даим роликаш йоху цара. Тхуна ца хаьа, оцу тиктокершна тIе тхо муха кхочур дара, ткъа Рамзан а царех цхьаъ ву. Пиар лелош. Массарна а хууш ду, уьш [кадыровцаш] тIамна генахь буй а, цара нахана къоланаш дой а, котамаш лечкъайой а.

– Ткъа стенна оьшу Кадыровна и пиар?

– Путинна хьалха ша чIогIа ву аьлла, дIагайта, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан цхьахйолу ницкъ болу структура иза хиларна, царна юкъахь къийсамаш бу. Мидалш яхарехь, лакхабахарехь, иштта кхин дIа а. ХIора инарлина ша уггар а хьалха схьаяккха лаьа, хIуъа а елахь а. Оцу ницкъахошна юкъахь шен маьIналла гайта лаьа цунна, эскаран коьртера хьаькаман омраш массарчул а дика кхочуш ша до алийта.

– Шун батальонан украинхойн Iедалхошца юкъарлонаш муха ду? Мича буха тIехь ду уьш?

Хала хеташ делахь а, баккхий тIемаш бан дезаш ду тхо

– Эскаран коьртачу хьаькаман куьйгакIел ду тхо, кхечаьрга а кхайкхам бо оха, тIеман хенахь оцу вертикалехь дIанисло аьлла – Iаламат чIогIа оьшуш ду иза. Вертикаль мел ю а, тIеман буьйралла мел ду а, массара а цхьаьна Iалашонаш кхочушъян еза. Оха-м вовшашца зIе тосур ю, дага а дуьйлур кеп-кепарчу урхаллашца тхаьш дечуьнца. И мелю, и вертикаль, иза ларъян а еза, чIагIъян а еза, цхьаьнакхета а деза.

– ХIинцале а тIамехь дакъалаьцний шун батальоно?

– Цигахь гIо деш ду тхо, Iаламат чIогIа оьшу цигахь тхоьгара накъосталла.

– ТIамах хIинца а Iоттаделла дац бохург дуй иза?

– Ас дIа ма боху: тхо цигахь ду, тхо оьшучохь. Лаккхара а. Цаторийла хилахь, тIемашкахь дакъа а лоцур ду.

– Хьуна хетарехь, Украинехь нохчашка йолу ойла муха ю?

– Оцу тиктокерша, эр ду-кх вай, еш йолу антиреклама бахьанехь нохчашка йолу дог-ойла Iаламат вон ю Украинехь. И хийца хьийза тхо тхайн ма-хуьллу, оцу агIор боцу нохчий а буй гайта гIерташ.

– ТIамца доьзна кхин дIа хиндерг муха хир ду аьлла хета хьуна? Муха боьрзур бу иза, мел бахлур бу?

- Суна хета, халахеташ делахь а, баккхий тIемаш хир бу аьлла. Церан коьрта Iалашо –Киев ю. Цкъачунна ницкъаш ца тоьа церан, амма шайн тобанашкахь хийцамаш бан гIерта уьш. Кхечу агIор Киев схьаяккха хьовсур бу. Ма-боггIура гIуллакх ца хилира церан, цундела, баккхий тIемаш Киевехь а, Укрианан къилбехьа а хир бу аьлла, ю сан ойла.

– Адам, хьан гергарнаш Нохчийчохь бехаш бу, хаьий хьуна Нохчийчуьрчу хьолах? Муха ду и?

– Со зIенехь вац Оьрсийчуьра а, Нохчийчуьра а гергарчаьрца. Амма суна хууш ду цигарчу хьолах, кхечу хьасташкара. Украинхошкахьа бу нах. Бахархой бу ас буьйцурш. ХIаъ, тIамехь болу кадыровхой а, церан гергарнаш а хир бу дера Оьрсийчоьнехьа. Амма царна гуш ду, хIара бакъонца лелош хIума цахилар а, украинхой бакъ буй а. Уьш кхета цунах, царна хаа а хаьа.

– ХIун аьлла хета хьуна, тIамца йолу хIара йоллу историно, санкцеш бахьана долуш, шеко йоцуш, мискачу нахах хьакхалуш ю, оппозицехь болчу нохчийн тIегIанна цо Iаткъам бийр буй?

– Со тешна ву, хIара тIом боьрзур бу цхьана кепарчу халонех чекхбаьлла. Оьрсийчоь оьшуш боьрзур бу. Кавказехь а Оьрсийчоь оьшуш. Кхетам болчу нохчийн дезар ду Нохчийчохь къепе тоян, оьрсийн Iедал доьхча. Къепе нисъян еза, лулахошца уьйраш дIатийса а. Гуьржийчоьнца, Украинаца. Унитаре пачхьалкхана санна, атта хир ду дийна йиссар лардан. Ткъа Оьрсийчоь, химера хиларе терра, оццул йолу санкцеш а, Украинехь эшам а хиллачул тIаьхьа, тамаш бу йисахь. Дукха а болх бу бан безаш! Цундела кхузахь Украинаца уьйраш туьйсуш ду тхо, Кавказехь къепе тоеш цаьрга гIо дайта.

***

Вукху нохчийн батальонан лидеро – шейх Мансуран цIарахчу – ЧIебирлойн Муслима Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира, шен мостагI мила ву а, Кадыров шена дош стенна ца хета а, Нохчийчуьра беллачу ницкъахойх Москвано дIахьедечу терахьех теша стенна мегар дац а.