Оьрсийчуьра берийн бошмашкахь "Коьртачух къамелаш" аьлла патриотикан урокаш дIайахьа йолийна, йаздо Свобода Радион оьрсийн сервисо. ТIаьххьарчу кIиранах Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу регионашкарчу берийн бошмашкахь 100 сов урокаш хиларх лаьцна хьесап дина 7x7 зорбанан гIирсо.
Иштта урокехь берашна довзуьйту "ламастан мехаллех" а, Украинина дуьхьал хиллачу тIамах а лаьцна. Цуьнца цхьаьна, журналисташа дийцарехь, дукхахйолу урокаш политикаца а, тӀамаца а йоьзна йацара, коьртачу декъана Ден денна а, Бепиган денна а лерина йара.
Свердловскан кIоштахь Богданович гӀалахь уроке кхайкхина хилла тӀеман декъашхо, ткъа Курскехь ОвхIанистанан ветерано берашна хьалха "лерринчу тIеман операцих" (ишта олу Оьрсийчохь Украинера тIамах) лаьцна байташ йийшира.
ГIадужу-бутт болалуш Путин Владимирна хьийхира "Шеран хьехархо" конкурсехь финале йаьллачу цхьаммо, и тайпа урокаш пхи шо кхаьчначу берашна берийн бошмашкахь дIайахьа. Путин тIетайра оцу йуьхьарлаьцначу гIуллакхна.
- ТIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоьнан Ӏедалша хаъал чӀагӀйина берашна а, кхиазхошна а йукъахь идеологин пропагандин роль. Стохка гезгмашан-баттахь дуьйна школашкахь дӀахьош йу "Коьртачух къамелаш" цӀе йолу урокаш, цигахь дешархошна, къаьсттина дуьйцу Украинца тӀом мел мехала бу а, Малхбузена дуьхьал латтар а. Официалехь Ӏедалша дӀахьедо, и урок "ламастан синмехаллаш чӀагӀъйарна" а, Оьрсийчоьнан школашкахь дешархошна йукъахь "патриотизм кхиорна" а лерина йу аьлла. Путин Владимира дийцарехь, "мехала хӀуманаш дийцаран" уроках тIаьхьлонна "дика жамӀ хуьлу".