Таханлера теманаш "БIахой хIаллакбийриг" Кремлан мах бу и? ТIом болийначул тIаьхьа Кадыровн герггарчех инарлаш хилар Мангал-бутт 21, 2024 Севрюк Петр Инарлаш: Кадыров Рамзан, МЧС-н министр Цакаев Алихан, МВД-н хилла министр Алханов Руслан, вице-премьер Висмурадов Абузайд. Цакаевн инстаграмера сурт Нохчийчохь йуха а инарлин чин делла Кадыров Рамзанан бIанакъостана – амма хIинца вуьйцург ву Алаудинов Iабдулла, "Ахмат" спецназан командиран Алаудинов Аптин жимахволу ваша. Оцу кепара кадырвхойн "дог айдар" лелон дуккха а шераш ду, делахь а Украинана дуьхьал шуьйра тIом болийначул тIаьхьа лаккхара чинаш Нохчийчу "хьежадо" кест-кеста – тахана республикехь Iаламат дукха инарлаш бу, кхечу муьлххачу заманахь хиллачул а. Оьрсийчоьнан империн инарлаш Нохчийчуьра бахархошлахь уггар хьалха инарла-майор хилира Чеченский Александрах, 1812-чу шеран Даймехкан тIеман декъашхо вара иза. Оьрсийчоьнан йийсарехь хьалакхиъна ву иза, цигахь нисвеллера иза Оьрсийчоьнан импери Кавказ йаккха хьийзачу заманашкахь. Москвара университет чекхйаьккхина Чеченскийс, кавалерин полкехь гIуллакх дина цо, Наполеонна дуьхьал болийна тIом боьрзуш полковник вара иза. Инарла Чермоев Арцу ТIаьхьо инарлин чин делира Кавказера тIемашкахь дакъалаьцначу, оьрсийн-туркойн 1877-1878-чу шерашкахь турпалхо хиллачу Чермоев Арцуна, нохчо вара иза, паччахьийн Оьрсийчохь дала мел догIу совгIаташ цуьнан а хилла. 1919-чу шарахь Лаамхойн кIайн эскар чугIоьртинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалле хIоьттира инарла Алиев Эрисхан, Оьрсийн-туркойн, Оьрсийн-японхойн а Хьалхара дуьненан а тIемийн декъашхо. Цхьана хенахь "хIора нохчо ву инарла" элира Дудаев Джохара, Тернополан йеза бомбанаш йеттачу авиацин 326-чу дивизин хиллачу командиро, йозуш йоцчу Нохчийчоьнан хьалхарчу президенто. Ша республикера "миллион хьалхара инарла" ву олура цо, Советан заманахь и цIе лелош цхьаъ нохчийн тIемало, хьакъволу кеманхо Дугаев Мохьмад бен ца хиллашехь. Ичкерин заманахь, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа, инарлин погонаш лелийра республикин президенто Масхадов Аслана а, тIемалойн командиро Басаев Шемала а. Дивизин инарлаш бира, масала, Масхадовн агIончах, тахана Нохчийчоьнан парламентан депутат волчу Ханбиев Мохьмадах Ичкерин пачхьалкхан кхерамзаллин министр хилла Арсаев Асланбеках, мехкан вице-президент хиллачу Арсанов Вахех а. КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн "кисанахь лелон ичкериец": мила ву депутат Ханбиев Мохьмад, стенна вахана иза Украине Ичкерин муьрехь бригадин инарлаш масех иттаннашкахь вара (йоллу тIегIанашкахь верриг а оцу цIерашца вара 45 нохчо), цара массара а дика гайтира шаьш федералан эскаршна дуьхьал бечу тIамехь. Уггар а гоьбевллачех вара – Закаев Ахьмад, тахана Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо; 2004-чу шарахь вийна Ичкерин президентан декхарш кхочушдина Яндарбиев Зеламха; Нохчийчохь шина тIамах чекхваьлла ЧIебарлойн Муслим – тахана Украинехьа тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан командир ву иза. Инарлин цIераш нохчашна йала йолийра кху заманан Оьрсийчохь тIаьхь-тIаьхьа. 1990-гIа шераш довш дукхахдолу инарлийн даржаш кхечира республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь а, къайлахчу сервисашкахь а болх бечу бахархошна. Масала, вуьйцург ву полицин инарла-майор Аслаханов Асланбек, чоьхьарчу гIуллакхийн эскарийн инарла Ибрагимов Ваха, президентана Дудаевна дуьхьал хиллачу оппозицин хьалханча – йасакхан полицин инарла-майор Автурханов Iумар. Ишта чинаш делира ФСБ-н белхахошна а: 2000-чу шерашкахь Нохчийчуьра МВД-н куьйгалхо хиллачу Пешхоев Сайд-Селимна; 2001-чу шарера 2005-чу шаре кхаччалц Нохчийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхо хиллачу, ФСБ-н инарла –майорана Дудаев Рудникна; "Разведка а, контрразведка а" журналан коьрта редакторна Ханалиев Iумар-Пашина а. ТIеман министраллин агIор инарлин чин делира Путин Владимиран президентан даржехь хьалхара хан йолайалале цхьана нохчочунна – Дудаевна оппозицхь хиллачу Сулейменов ИбрахIимна. Кадыровн инарлаш Iедале Кадыров Рамзан кхаьчначул тIаьхьа Нохчийчохь шога лардеш ду цуьнан уллорчу гонерчу нахана совгIаташ даран хьелаш, и къайла ца хьо ша мехкан урхалхочо а. Оьрсийчоьнан Iедал башха къаьсташ дац Къилба Корейхь долчу хьолах гонерчу нахана совгIаташ дарехь Украинана дуьхьал шуьйра тIом болийначу йукъанна кадырохвошна кхачадо лаккхара даржаш сих-сиха. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь, шен винчу дийнахь, инарла-полковник хилира шех Кадыровх инарла-лейтенантан чин цул а ахшо хьалха деллера цунна. Керла погонаш йелира ишта чоьхьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Алханов Русланна а, Нохчийчоьнан цхьана йоьIан марда а, йуьртахо а ву иза. Кху шеран зазадокху-баттахь инарла-полковникан погонаш схьаийцира Делимханов Алибека, Росгвардин директоран гIоьнча а, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адаман ваша а ву иза. Цуьнан вукху вешина – Шарипана - инарла-лейтенантан чин делира. Ткъа Адамна шена инарла-майоран чин кхачийра 2024-чу шеран дечкен-баттахь. ДелимхановгIеран кхуьй а ваша Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Украинан а санкцийн тептарехь ву. Инарла-майоран погонаш йелира мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Ирасханов Асланна Украинехь тIемаш болийначул тIаьхьа. 2019-чу шеран гIуран-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш йехира цунна дуьхьал кхел йоцуш 27 стаг вуйш дакъалацна аьлла. Американ, Латвин, Британин, Польшин санкцийн тептарехь волчу кхин а цхьана кадыровхочунна инарла-майоран цIе йелира тIом болийначул тIаьхьа. Инарла-майор хилла цуьнан жимахволчу веших Iабдуллех а, Пермскан кIоштара кхелан пурстоьпийн урхаллин куьйгаллехь ву иза. Лакхабехира ишта кхинболу Кадыров Рамзанан бIанакъостий а: Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан орцан министраллин куьйгалхо Цакаев Алихан, вице-премьер Висмурадов Абузайд, нохчийн премьер-министр Даудов Мохьмад.Popup player Стенна оьшу Москвана Нохчийчохь инарлаш? Музаев Сайханна, Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" боламан векална хетарехь, чинаш доькъуш Кремль хьийза республикера Кадыров Рамзанан позицеш чIагIйан. "Кхечу агIор аьлча, Украинана тIелеттачул тIаьхьа чIагIйан йолийра Кадыровн ницкъаллин блок, шаьш гIоьналла латтадо аьлла центро дIагайтархьама. Оцу кепара мел а Кадыровна муьтIахь болу дуккха а нах тIамтIе бахийта хьийза Кремль", -аьлла хета къамелдечунна. Кхузаманан Нохчийчоьнан инарлашна а, иштачу федералан центрехь болчарна а йукъара цхьанадараш довзийтира украинхойн информацин кхерамзаллин а, зIенийн стратегийн а Центран эксперто Майоров Максима. Доккхачу декъана, дагадаийтира цо, Оьрсийчоьнан тIеман-министр Шойгу ур-атталла эскарехь салтичун гIуллакх дина а цахилар. "ТIемалойн чинаш – шайна муьтIахь болчарна совгIаташ дар ду. Оцу агIор Оьрсийчоь кхин башха къаьсташ йац Къилба Корейх: тIом боьдучу йукъанна чинаш, даржаш декъар – гуттар а хуьлуш дерг ду", - тидам бира Майоровс. Соьлжа-ГIалара нохчийн бакъоларйархочо, мехкан Iедалхошкахьара шена сингаттам баларна кхоьруш, цIе къайлайахьар дийхира цо, редакцица хиллачу къамелехь дIахьедира, шена хетарехь, кадыровхошна "седарчий тIеэгар" – иза шаьш схьайаьхначу колонишкахьа империн кепехь тIегIортар ду. "Украинана дуьхьал болийначу тIамаца доьзна а, де дийне дуьненайукъаралло изоляци йерзочу Кремльна чIогIа оьшу шайна муьтIахь хилар а, регионашкара мел а дуккха а нах шайна тIеозор а. Ткъе иттех билгалваьллачу коллаборантан мундирашна тIе погонаш, аксельбанташ охкар –пиаран агIор хьесап дича, чIогIа йоккха комаьршалла йу, амма Москвано белла кIезиг мах бу шайна хьалхара хIаллакбайта бIахой тийсарна а, Оьрсийчоьнан дастамйаьлле цхьаалла Iалашйарна а", - дIахьедира бакъонашларйархочо. Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, 2022-чу шеран чиллан-баттера схьа дуьйна Украинана дуьхьал бечу тIаме махкара 43,5 эзар стаг вахийтарх. Царех 18 эзар стаг – лаамхой олурш бу боху, Гуьмсера "спецназан университетехь" кечам бина. Кадыров Рамзана дIахьедира, тIамехь дакъалацарехь республико план тIехкхочушйина, цо таро йелла тIеман кечам бина боцу меттигера бахархой йукъа ца ийзон. Бакъонашларйархоша а, меттигерчу бахархоша а кест-кеста хаамаш бо бIостане.