Масех де хьалха массо а Австрерчу зорбан хаамийн гIирсашкахь даьржира Макдоналдс чехка-хIумкхалларан кхерчийн „Сан Бургер“ цIе йолчу къовсамехь толам баьккхинчу нохчийн кхиазхочун Арсаев Халидан сурт. Цуо керла кхоьллина йолу бургер уггаре а чомехь а, томехь а леринера фаст-фуд ресторанийн куьйгалло.
„Биг Босс Халид“ аьлла цу кIентан цIарах цIе тиллина йолчу цу бургеран сарташ Австри мел ю рекламин кампанехь дIасадиттинера автобусийн социйлашкахь а, гIишлойн пеношна тIехь. Ша Халид, буьйна лаьцна ша дагаяийтина йолу бургер а йолуш, даьхначу сарташна тIехь сихонца вевзашвирзира меттигерачу кегирхошна юккъехь, ткъа Макдоналдо иза ша седа санна вазван волийра, шайн керлачу продуктана ка ма доллу алсамох эцархой хилийтархьама – маркетинган массо а низамашца.
Амма селхана седа санна вазвина хиллачу Халидах тахана радикалхо а, зударшца гомаверг а, чам боцу забарш еш верг а, иштта кхин дIа а цIераш а тоьхкуш, цунах мостагI варан кампани йолалелла меттигерачу хаамийн гIирсашкахь. Муха нисделла иза?
Цкъа хьалха цхьана интернетерчу хаамийн гIирсан белхахоша яржон йолийна Халидан гуоанахьа гIовгIа – цу кIента Фейсбук агIонна тIехь царна карийна Шемарчу тIаме а вахана, цигахь кхелхинчу цхьана къоначу нохчочун сурт. Цу бухахь язйинера Халида немцойн маттахь: „Дика кIант вара иза.
Ас сатуьйсу, хьо хIинца елсманехь хир ву аьлла“. И дешнаш, схьахетарехь, цуо немцойн маттахь язйина хилар долчух тера ду цунна бале даьлларг. Нохчийн маттахь муьлха а стаг миччахь кхелхича олуш ма-хиллара, „Дала декъал войла хьо! Дала елсмани хьаша войла хьо!“ олуш Iадат ду, амма хийрачу махкахь кхуьуш а, вехаш а волчу Халидна а, цуьнан нийсархошна а ца хаа, дукхахьолехь, и саннарг нохчийн маттахь язда, тIаккха цара шайн хуучу маттахь олу я яздо.
Амма и бохург дац, и кIант радикалхо ву я иза глобалан джихадан агIонча ву, я иза хиллане а Шема тIаме эхар бакъдеш ву бохург. Делахь а, цуьнан сибатехь и аматаш ган луучарна я цуо ша дакъалаьцначу къовсамехь толам баккхар ца дезначарна, я хиллане а Халид цIе хаамийн гIирсашкахь иштта машаречу акцица доьзна хьехор ца дезначарна тоалла хетта цу кхиазхочуо язбина масех могIа, цунна тIе радикалхочун мухIар хIоттон.
Цул тIаьхьа хаамийн гIирсашкахь йолаелла йолу Халидах мостагI кхолларан кампани, боккъал а хьаьнг-хьаьнга а лалур йоцуш, жима хIума дацара. Маршо радиона карийра Австрехь цIеххьана керла мостагI вина вийцаре ваьккхина волу нохчийн кхиазхо Арсаев Халид.
Массо а шен хенара долу вайнеха а, вайнеха доцун а бераш санна, цхьа а тайпа шеца хIилланаш я, шена тIекхолла гIерташ йолу радикалла а йоцуш, могIарера жима стаг ву иза, берийн аматера а валанза. Шеца хиллачух лаьцна иштта дийцира цуо Маршо радионе.
Арсаев Халид: „Соьга доттагIчо аьллера, иштта и къовсам бу, цигахь дакъалаьцна хьайн дика хеташ йолу бургер яйта а, ахча а даккха йиш ю аьлла. Иштта лаьцнера ас цигахь дакъа. СовгIатана луш 3000 евро дара, 500 еврона Макдоналдсехь хIума яа чекаш лора.
ХIун хир дара хьажа динера ас и хIума, интернет чохь муха дакъалоцу а хьажна. Бургеран презентаци яле цхьа де хьалха сох лаьцна хIумнаш яздан йолаелира интернетера цхьа сайт. Юха Макдоналдера телефон тоьхна, сан агIонна тIера хIумнаш дIадайъа элира соьга. Ас цхьа сурт дIадайъира“.
Юкъараллехь шена гуонахь дагахь а доцуш сел йоккха IалагIож яла йолаелча, Халида шен агIонна тIера цхьа сурт дIадайъира, ишттачу хьолехь дан догIуш ма-хиллара. ДIадайъинарг амма Шемахь кхелхинчун сурт дац, цхьа кхинарг ду, иштта юкъаралло юхьаралаьцна хилла долу.
Цу сурта тIехь букъ берзийна лаьтташ цхьа къона зуда ю, когах зIе а йихкина, кхача кечбечу чоьнехь лаьтташ, цу бухахь яздина дара „Йинчу денца декъал йо хьо, хьоменарг“ боху дешнаш. Меттигерачу хаамийн гIирсашкахь и йоI Халидана евзаш йолчуха а, я иза кхуо йихкинчуха нундохуш яздора.
Амма хIора а стагана кхеташ ду, - ткъа уггаре а хьалха и яздинчу журналисташна, хетарехь, шаьшна а, - и сурт кхиазхочуо интернетера схьаэцна дуйла а, иза цхьа ша-тайпа интернет-машанашкахь лелачу хьекъал доцучу забарийн масал дуйла а. Халида дуьйцу.
Арсаев Халид: „И цхьа зуда яра, зIенаш йихкина когах. Суна интернетехь карийнера иза. Суна иза евзаш а яц, я цкъа а гина а яц. Бегашийна оха чукхоьссина яра иза. Иза иштта нахана халахетар дуйла хиънехь, ас и сурт чукхуссур дацара. ХIинца со психологана тIе а вахана, сайн цара цIе кхоьллина бинчу тIеIаткъамах цуьнгара сацам схьа а эцна, кхеле вер ву Макдоналдана а, сайх лаьцна и хIумнаш яздинчу цу интернет сайтана а дуьхьал“
Хаамийн гIирсашкахь гIовгIа йолаелча, Макдоналдс ресторанийн куьйгалло Халидца цхьаьнаболхбар катоьхна сацийна. Я хиллачун духе кхиа а ца гIуртуш, я кхиазхочун бехк бу я бац къастон а ца хьожуш. Цуо дагаяийтина йолу бургер „Биг босс Халид“ цIе тиллина хилла йолу пIераскан дуьйнахь дуьйна массо а Австрерчу цу фаст-фуд машанан ресторанашкахь йохка йолийна, амма цуьнан цIарна юккъера „Халид“ боху дош дIадаьккхина, хIинца иза еккъа Биг Босс бургер ларалуш ю.
Амма цу тIехь чекхдолуш дац дерриге а. Кхеташ ду, когах буржалш тоьхна йолчу зудчуьн сурт шен агIонна тIехь тIетохар – иза хьекъале гIулч ца хиллийла. Кхеташ ду, Европехь глобалан джихад а, цуьнан агIончаш а уггаре а боккха кхерам санна лоручу муьрехь Шемахь кхелхинчун сийдар – иза меттигерчу нехан а, къайлахчу сервисийн а шеконаш самайоху хIума хилла дIахIуттур дуйла.
Кхеташ ду иштта, тIаьхьа-тIаьхьа неонацийн хьежамаш болчу наха кортош хьалаайдечу муьрехь, ткъа аьтто-популистийн партийн а, агIончийн тIеIаткъам дела денна алсам болуш лаьттачу махкахь и тайпа йозанаш шен агIонна тIехь яздар, мел кIезга а, тIаьхьалонийн ойла ца яр я цхьа тIехсов догцIеналла юйла.
Амма 17 шо бен доцу кхиазхочун цу тайпанчу хIуманийн ойла ян хьекъал даима а ца кхочийла а ду кхеташ. И хьекъал ца кхачар бахьана долуш цунах мостагI ван гIертар а, вайн заманахьлера уггаре а ирча а, кхераме а йолу цIераш цунна хаамийн гIирсашкахь кхоллар – иза зуламан я лерина цхьаммо дIахьочу гамонан кампанин дозанера хIума ду.
Цундела Халид а, цуьнан доьзал а кхелехула шайн бакъонашкахь къийса дагахь бу, Макдоналде а, Халидан харц цIе кхоьллинчу хаамийн гIирсашка а низамехула жоп а доьхуш.