Your browser doesn’t support HTML5
Оханан-беттан 24-чу дийнахь Дагестанерчу Дербентан кIоштахь террорана дуьхьал операци дIахьош тIемалойн блиндаж карийна хилла ницкъаллин структурийн белхахошна. Хиллачу доцца герзаш тохарехь вийна 2 стаг.
Иза шолгIа тIеман операци яра цу республикехь кху тIаьхьарчу 2-3 дийнахь дIаяьхьнарг. Оьрсийчуьрчу Къоман антитерроран комитето бинчу хаамца, Оханан-беттан 21-чу дийнахь лерринчу полицин тобано Дербентехь машен сацийнера, чохь, герз а карахь, 3 стаг а волуш. И кхуьа герзхо вийна.
Цхьаболчу зорбанан гIирсаша яздора цу хиламехь цхьа стаг дийна схьалаьцна бохуш. Амма РИА Дагестан агенталло шен агIора хаам бира вийнарг 1 стаг ву, ткъа лаьцнарг 3 стаг ву аьлла.
Оццу дийнахь "Аэропорт" микрокIоштахь цхьана цIа чохь ницкъаллин сруктурийн белхахоша гоне лаьцнера къайлаха герзаца лелачу тобанан масийтта декъашхо. Цу хIусаманна штурм а йина, цу чохь хилла 6 стаг вийра цара. Iедалша динчу дIахьедарца, цу цIено чохь куьйга йина бомба карийнера, тIаьхьо таллам бича.
Цу кепара, Дагестанерчу Дербентехь оцу цхьана дийнахь шина тIеман операцехь вийнарг ву къайлаха лелачу тобанан 9 тIемало. Telegram-ан цхьайолчу каналашкахь зорбане даьхна цигахь даьхна сурташ.
Байинчарна юкъахь ву Ханты-Мансийн махкара Нефтеюганск гIалан вахархо Свистак Александр а. Полисхойх чов хилла ву цхьа стаг.
Болчу хаамашца, Дербентехь тIемалой бойуш ницкъаллин структурийн белхахоша пайда эцна, герз тоха кечйинчу роботах. Цо гойтуш хилла цу хIусама чохь лаьтташ долу сурт.
Яьккхинчу видеона тIехь гуш ду тIемалоша "АллахIу Акбар", бохуш мохь бетташ а, бомба эккхаш а, чоь йогуш а.
Зазадоккху-бутт чекхболуш Дагестанерчу Оьрсийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан куьйгалхочо Магомедов Iабдурашида дIахьедар динера, республикехь 6 тIемало а бен ца висна аьлла.
Дагестанерчу экспертана Гереев Русланна хетарехь, и хиламаш тида оьшуш дац республикера хьал чолхе далар санна. Дербентехь хилларг дац, бусулба динан цIарх къийсам дIахьо шаьш бохуш, лела нах жигаралла гайта буьйлабалар, боху эксперто. Хаьлха хиллачуьнца аьттехьа а дустийла дац, боху цо, тахана цу республикехь лаьтташ долу хьал.
Талламан комитето бинчу официалан хаамашца, Стигалкъекъа-беттан дезаденошкахь республикехь теракташ ян кечлуш хилла байина тIемалой.