Оьрсийчуьрчу регионашкара социалан, экономикан хьал зуьйчу рейтингашкахь даима а тIаьххьарчу могIаршкахь нислуш бу Къилбаседа Кавказан мехкаш. Белхазалла гойтучохь ша къастош ю Нохчийчоь - ло цунна уггаре лахара меттиг. Оцу бахьаница го шатайпа башхалла а: Росстатан терахьашкахь хьалхарчу метте* нисло Нохчийчоь болх боцчу нахана луш долу ахча алсам дIаозорца.
Оьрсийчуьрчу регионашкара социалан, экономикан хьал зуьйчу рейтингашкахь даима а тIаьххьарчу могIаршкахь нислуш бу Къилбаседа Кавказан мехкаш. Белхазалла гойтучохь ша къастош ю Нохчийчоь - ло цунна уггаре лахара меттиг. Оцу бахьаница го шатайпа башхалла а: Росстатан терахьашкахь хьалхарчу метте* нисло Нохчийчоь болх боцчу нахана луш долу ахча алсам дIаозорца.
Карарачу хенахь 46 эзар гергга стаг ву белхазаллин ахча оьцуш Нохчийчохь. ШолгIачу меттехь бу Москвана гонахара мохк. КхолгIаниг ю Башкири. Ала деза, махкарчу бахархойн проценташца дустуш хIоттийна яц рейтинг – ахча оьцучийн терахьашна тIехь хIоттийна, цундела хьалхарчу итт меттехь ю коьрта шахьар Москва а (белхазаллин ахча оьцурш - 30,7 эзар), Свердловскан мохк (29,76 эзар), Новосибирскан мохк (24,33 эзар), Санкт-Петербург (21 эзар).
Бакъду, масех бутт хьалха кхин а эшна дара хьал – Дечкен-баттахь белхазаллин ахча оьцуш вара Нохчийчохь 73,9 эзар стаг.
Бахархойн алапаш гойтучу рейтингехь а къастало Нохчийчоь. Кхушеран Зазадоккху-баттахь тIаьххьарчу 81-чу меттехь яра республика бахархоша алапа юккъерчу хьесапехь массанхьачул а лахара оьцуш хиларца. 202I-чу шеран Охан-баттахь баьржинчу хаамца, Нохчийчуьрчу банкашкахь наха латточу ахчан барам бара цхьана стаганна 11,8 эзар сом кхочуш. Амма оцу юкъанна Нохчийчоьнан финансийн министра Тагаев Султана дIахьедира, "вон дац нахера хьал", уьш "ца боьлла шайн ахча банкашкахь кхаба", аьлла.
Шен цIа – цIен цIа?
"Белхазалла юстуш ши методика юйла хаа деза вайна. Царех цхьаъ ю, цунах аьр вай Оьрсийчуьраниг – белхазаллин тептаршка язло дуккха а нах, ткъа болх хиллалц йолчу ханна ахча оьцуш а ца хуьлу царех цхьа дакъа. Масала, Нохчийчохь 88 стаг ву болх боцчийн тептаршкахь, ткъа белхазаллин ахча оьцуш вац царех 46 эзар стаг бен. Хаа деза царех цхьа дакъа, болх ша бешшехь, белхазаллин тептара язделла Iа, цигара
шена луш долу и цхьа ахча схьа а оьцуш", - дийцира Кавказ.Реалиига политолога Чаблин Антона.
Your browser doesn’t support HTML5
Эксперто бахарехь, хьал нийсо гойтуш ю шолгIа методика – Дуьненаюкъарчу къинхьегамаллин организацин (International Labour Organization) проект. Цо билгалбоху напха даккха меттиг йоцу нах а, болх лоьхуш хьийзарш а, шайна болх карийча, сихха иза бан дIахIуьттур берш а.
"Кхеташ ду, Нохчийчоь шатайпа мохк хиларе терра, хала ду цигахь социологин таллам дIабахьа. Росстато, юкъ-юкъара къастош, нахе бинчу хеттамаша гайтарехь, болх лохуш II9 эзар гергга вахархо ву. Аьлча а, 30 эзар гергга стаг ву белхазалла тергалъечу хьукматца цхьа а зIе а йоцуш, бевза-безачаьргахула болх лохуш. Оцу терахьехь аьттехьа а тоьшийла дац. Шеко а йоцуш го Нохчийчохь социологи галъялла хилар, вуно ирча сурт гойту цо. Оцу хьелашкахь, мел нах бу Нохчийчохь белхашкахь, ткъа мел нах бац – иза цхьангге а къастадалур дац", - боху Чаблина.
ХIоьттина сурт, Экономикан лакхарчу школин белхахочо-Iилманчас, Къилбаседа Кавказ толлу тоба кхоьллинчу Иванов Евгенийс иштта туьду:
Нохчийчохь болу белхаш, доккхачу декъанна, нехан цIахь бен белхаш бу, я нахана гIишлошъяр
"Хьал зуьйчу хенахь тидам бан беза, мел нах бу Iедалан балхахь а боцуш, шаьш шайна къахьоьгуш, иштта талла деза, маса ву ша цхьаъ болх бен совдегар. Цхьайолчу хьукматаша шен штатера нах дIаязбо шаьш-шайна болх бечийн могIаршка, оцо Iедална луш йолу ял лахъеш хиларна. Бакъду, пандемино а йохийна нехан белхан меттигаш, я хаъал лахйина бизнесна хуьлу са. Ткъа Нохчийчохь болу белхаш, доккхачу декъанна, нехан цIахь бен белхаш бу, я нахана гIишлошъяр", – элира Ивановс. Талламчина гарехь, ю Нохчийчуьра белхазалла лаккхара, амма цуьнан хьесапаш тайп-тайпана ду.
"Нохчийчохь демографин болар дика ду, амма экономика а хила еза цуьнга кхочуш. Къахьега торуш долу адам кхуьуш ду, ткъа яц царна белхаш хуьлуйту экономика. Индустрин, технологийн яккхий хьукматаш кIезиг ю регионехь. Делахь а, и тIаьххьара гучудаьхна белхазаллин терахьаш, уьш ерриг а Оьрсийчохь девлла лакха, экономикан болар малдаларе терра", – билгалдаьккхира эксперто.
Нохчийн политолога, "Кавказан къаьмнийн ассамблеян" куьйгалхочунна Кутаев Русланна гарехь, хьалха республикерчу бахархошна алссам оьшура белхалой, къаьсттина гIишлошъярхой, амма и хьал хийцаделла.
Суна хетарехь, массо а неIарш тIехь кхозу белхан мах гойту прайсаш
"Хьалха, цхьаболу нах Iедале хьаьлхинчу хенахь, цара дуккха а гIишлош йора шайна, ахча дора, цундела нахана белхаш хуьлура царна цIенош дуттуш, уьш кечдеш. Бакъду, оцу хенахь а балабора белхалой Гуьржийчуьра, Дагестанера, Туркойчуьра. Амма хIинца яц хьалаюттуш Нохчийчоь, хIинца гIишлош Анталехь, Италехь, Испанехь, Ниццехь ютту", - боху Кутаевс.
КХИН А ХЬАЖА: Маца мукъадер ду къам КадыровгIарах?Кутаевс дийцарехь, Нохчийчохь цхьайолчу тIехьожучу хьукматаша совдегарш декхаребо моттаргIанаш лело – белхан меттигаш кхуллу кеп хIитто, терахьаш хаздан, амма нах бац оцу "керла кхоьллинчу" белхан меттигашкахь. Ткъа вахархочо мехкахь Iедалан болх мехах оьцуш бу дукха хьолехь.
"Путинан Оьрсийчохь могIара сурт хилла лаьтта иза, суна хетарехь, массо а неIарш тIехь кхозу белхан мах гойту прайсаш. Ерриг а Оьрсийчохь доллу хьал ду Нохчийчохь. Ша возуш воцу куьйгалхо ву боху кеп Кадыровс лелаяхь а, Москавра охьадогIу омранаш ду нохчийн Iедало кхочушдийраш", - аьлла хета Кутаевна.
"Кавказан къаьмнийн ассамблеян" куьйгалхочунна гарехь, Нохчийчоь ма-ярра гойту белхазаллин рейтинго – баккъал а бац цигахь белхан меттигаш.
"Болх хилча яккхий тобанашкахь нах уьдур бацара Нохчийчуьра Европе, гIур бацара Москва йозаллаш, нехан кир дIасакхехьа, туьканашкахь болх бан, нехан хьукматаш ларъян. Дикачу дахаро арабаьхна бац уьш. Политика яц оцу наха юьхьарлоьцург – рицкъ цатоар ду, шайн хьолах нах кхеташ хилар ду. Соьлжа-ГIалахь, ТIехьа-Мартанахь, Шелахь, масла, белхаш хилча, цхьа гIур вацара Москва – цигахь петарш леца еза мехах, бохчи чу дилла ахча гуллуш доццушехь дIалела нохчий цига", – дуьйцу Кутаевс.
ХIума дохо атта ду, дан – хала ду
Нохчийчохь ледара ю экономика, пачхьалкхан сектор гIеххьачул ницкъ болуш елахь а, амма пачхьалкхан сектор яц хьанна-хьанна а кхочуш – иза мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонний, гергарчарний ю, аьлла хета Free Russia Foundation цхьаьнакхетараллерчу талламчина Соколов Денисна.
"Цигахь болх уьйрашкахула бен ца карабо. Iедалан белхахшкахь алапаш лахара ду, амма царна тIера а дакъа юхадала деза Кадыровн Ахьмадан цIарах йолчу фонде. Оцу белхазаллин ахчанца дерг а ду изза, цу тIера а ду цхьа дакъа юхадала дезаш. Ахча даларх долу гIуллакхаш маьхза данне а даш деш", – тешна ву Соколов.
КХИН А ХЬАЖА: "КараIамийна мехкаш". Стенна ю Кавказ къен?Талламчас бахарехь, ала йиш яц Нохчийчохь белхазалла яц, иза нийса ца хуьлу, республика долахь йолчу режимо кхиа ца юьту экономика - "могIарчу бахархошна маьIна дац махка кхочучу ахчанах шайна дуьсучу декъан дуьхьа къахьега".
Соколовна хетарехь, белхан говзаллаш йолчу нахана а ца го Нохчийчохь болх бан бух, дац оьшу хьелаш.
"Цхьаъ делахь, болх биллина латтийта, тIаьхьало йолуш хилийта лерина говзаллаш Iамо еза. ШолгIа делахь, лаккхара хила деза иштачу белхашкахь луш долу алапаш. КхозлагIниг, алапа оццул лур ду а ца бохуш, дала деза иза. Нохчийчоьне алапаш дIа ца далало бохуш леткъарш цхьа туркойн, я Ставрополера бизнесхой хилла ца Iа", – боху Соколовс.
Нохчийчохь цхьа некъ бац бизнес лелон а, иза кхион а
Цо тидарехь, Нохчийчоь – тIамал тIаьхьа юхакхуьуш йоллу республика ю, цуьнан экономика ерриг а хIаллакйира, ткъа хIинца Iедалехь йолу режим сов луьра ю, цо маршо ца ло экономиканна парггIат кхиа, иза гуттар а къиза ю, масала, луларчу ГIалгIайчуьрчуьнца я Дагестанерчуьнца юьстича.
"Дагестанехь ондда кхиина формалехь йоцу экономика. Кхеташ ду, Оьрсийчоьно а, шен наха а шегара дIаоьцучух рицкъанах йозу иза, цундела нехан хьал лагIделча хаало цуьнга юссу хало а. Амма Дагестанехь жижиг ду, кхиабо стоьмаш, хасстоьмаш, гIишлошяран сектор а ю гIорадолуш. Ткъа Нохчийчохь белхазалла ца хуьлийла дац. Белхазалла латентехь ю, аьлча а, белхан меттигаш ю, амма цигахь луш
долу ахча дац стаг кхаббал, иза доцу хьесап ду. 12-13 эзар сом – иза хIун алапа ду? – хеттаре вуьйлу Соколов.
Iедалца зIенехь а воцуш, бизнес ца хIоттало цигахь
Цхьа фирма, совдегар кIеззиг а когахIуттушехь, биснесан да волчу "кхочу КРА номаьрш йолу машенаш", дуьйцу талламчас:
"Нохчийчохь хила торуш дац кадыровхоша "тхов латтош" йоцу бизнес, уьш хила беза оцу бизнеса юкъахь а. Iедалца зIенехь а воцуш, бизнес ца хIоттало цигахь. Цкъа Iедалца ерш ледарачу хьолера бизнес ю, иза хийцаделча юхур йолуш. Масала, туризман бизнесхо ву махкахь а вевзаш, цо когахIоттийра цхьа объект, и болх бина иза воллушехь, дIаяьккхира цуьнгара и бизнес, кхучунна дIаелира. Иштаниг наггахь хуьлуш дац, система ю иза. Дагестанхоша яхка йолийра Нохчийчохь ягориг ютту станцеш, уьш когахIуьттий гича, дIаяьккхира цаьргара бизнес а. Наггахь волу цхьа пекъар, шеца иштаниг нислур дац аьлла хеташ. Амма иштанаш вуно кIезиг бу Нохчийчохь".
Соколовс бахарехь, 90-чу шерашкахь кхераме дара Оьрсийчохь бизнес лело, амма цхьа са йолура цунах, ткъа Нохчийчохь цхьа некъ бац бизнес лелон а, иза кхион а.
"90-чу шерашкахь криминало ахча доккхура бизнесехь. Кадыровн режимо бюджетера доккху. 98-гIачу шарахь бизнесера кхерамзаллин "тарифаш" цхьа тIегIантIе яьхкира – хIунда аьлча, дIайоккхийла дац бизнесна хиллачу санах 25%, итт процент дIайоккхийла а дац, цунна хьалаюза, хьалакхиа ахча оьшу. Ткъа Нохчийчуьрчу ницкъхойн бала бац бизнес кхиа езаш хиларца, цара сихха дIаоьцу тIекхиина са. Цхьа хан яра Нохчийчоьнан ша кхиийна рицкъ шена тоьуш. Дагестанехь тахана тIекхуьу рицкъ 250–300 миллиард соьме кхоччуш ду, къайлах лела "Iаьржа" са а ю оццул, ткъа мехкан бюджет ю 70 млрд. сом. Нохчийчохь ерриг а экономика ю еккъа цхьа бюджет. ГIалгIайчохь бюджетера ду 80% ахча – экономика гIеххьачул кхоаяло тIехуьлучу ахчанах. Ткъа Нохчийчохь – дерриг а екъъа цхьана бюджетах деш ду. Оцу тIехь хуьлуш бац цхьа а хийцам". – дуьйцу Free Russia Foundation цхьаьнакхетараллин талламчас Соколов Дениса.
*** Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIдарца, дуккха а бу Нохчийчохь белхан меттигаш, амма бахархошна "ца лаьа болхбан". Оцу юкъанна официалерчу терахьаша гойту пандеми лаьттачу муьрехь махкахь белхазалла кхузза лакхаяьлла хилар – 25% а кхочуш. И терахь бакъ лорура Iедало, 2020-гIа шо доьрзуш бен ца лахделира иза - 18,5%.