Your browser doesn’t support HTML5
Кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила Къилбаседа Кавказан сервисна довзийтира шаьш арабаьккхинарг. «Оха хьалха Къилбаседа Кавказехула болийна хиллачу некъан тIаьхье ю иза. ХIетахь оха тхешаниг санна йолу кхеташо Къилбаседа Кавказехь а кхоллар хьийхира.
Тхоьга ла а доьгIна, мехкийн куьйгалхойн гонашкахь кхоьллира уьш, Дагестан а, Ставрополан мохк а боцчохь. Оха цкъачунна дакъалоцур ду гIалгIайнний, хIирийнний кхеташонийн цхьаьнакхетаршкахь. Нах бовзар а хир ду, юкъара Iалашонаш а къастор ю, гергарлонаш лелор ду-кх», - элира Федотовс.
Цо бахарехь, хьейийр ю 1992 шарахь иккхина хиллачу хIирийн-гIалгIайн конфликтан тIаьхьалонаш а.
Хьалха баьхкича, девнаца йирзира Кхеташонан турне
Федотов Михаила бахарехь, бакъоларъярхойн тоба дагахь ю Нохчийчу кхача а. «Оха зIе кхобу Нохчийчуьрчу пачхьалкхалла чIагIъяран а, адамийн бакъонашкахула а йолчу кхеташонца. Москох йиллина «Тезетан пен» мемориал махка кхачорца а дузуш, гIур ду тхо Нохчийчу.
Политикан репрессеш лайна нах дагалоцуш хIоттийна ю и мемориал. Нохчийн къомо а лайна Сталинан заманахь гIелонаш, цундела доккха маьIна ду и мемориал еллар. Иза йоьллуш, цигахь суо а хир ву аьлла хета суна», - боху Федотов Михаила.
Йоккхачу скандалца дирзира шо гергга хьалха Нохчийчу Кхеташо яр. «Iазапна духьалояран комитетан» лидер Каляпин Игор декъахь а волуш, иза дагахь яра мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьанакхета. Амма Кадыровс ша Каляпин юкъахь а волуш Кхеташонца къамел данне а дийр дац элира.
Оцу бахьанийца Кхеташо дIаяхара махкара. «Новая Газетано» хаамбира хIетахь, президентан кхеташонан куьйгалхочо Иванов Сергейс хьоьху Каляпин тобан декъара ваккха, аьлла. Амма Кхеташо реза ца хилира – Нохчийчоь шайна кхерамзалла хилийта кийча яц элира цо официалехь.
Каляпин Игоран «комитетна» дуьхьал дIахьедарш дира Нохчийчуьрчу политикаша а, бакъоларъярхоша а, шайлахь омбудсмен Нухажиев Нурди а волуш.
«Цхьанакхетар ца нисделла тхуна халахета, хиламах оха ойла а йина. И ерриг а «операци» (Нохчийчу адамийн бакъонашкахула йолу кхеташо яр) ша-шена реклама ян гIертар а, цунна питана эшар а дара, лаххара а аьлча, цуьнан цхьана декъанна», - бохура Нухажиевс.
ХIинца Каляпин Кхеташонера йогIучу тобанца хир ву я вац хууш дац
Кхеташо стохка махкахь тIе ца эцар Каляпин цуьнца вар дара. Хьалхо, Кхеташо махка яле, Соьлж-ГIалахь тIелатар а дира Каляпинна. Демеш, хIоаш, басарш тIедиттира цунна, гира и сурт ерриг а Оьрсийчоьнна а. Зулам таллар а, бехкенаш жоьпе ийзор а доьхуш, Каляпин Игора 7-за ваьлла аьрзне, амма ца бина оьшшучу хьесапехь талламаш.
Хир ву я вац Каляпин хIинца Кхеташонан тобанца – иза дийцаре дина дац шаьш, элира Федотовс Къилбаседа кавказан сервисе. «Игор Александрович хуьлуш ву тхоьца мехкашкахь, оха белхан гIуллакхаш дIакхоьхьучохь. Полицин, набахтийн белхахоша нахана тIехь Iазап хIоттор хьахочохь иза хьал девзарг ву.
Амма хIинца вац иза тхан тобанца, оха арабаьккхина некъ кхечу Iалашонна тIехьажийна хиларна. Масала, кхеташ ду, дарбан цIеношкара хьал зен со гIур вац, со суо охIла воцу агIонаш зен гIур ма вац», - билгалдаьккхира Федотовс.