Your browser doesn’t support HTML5
БIе шо хьалха Ламанхойн Республикан маршо къовсуш ХIинжа-ГIалина гергахь эгначу туркойн сий до дагестанхоша. Тарки-Тау лома тIехь лаьтта деношкахь хIоттийна кIайн хIоллам.
…Социалан машанийн Дагестанерчу сегменташа масийтта маьIнехь туьду Iосмалойн империно орцанна хьовсийначу, амма юха цIехьа ца кхаьчначу бусалба вежаршна хIоллам биллар. "Оьрсийн эпсарна Бичераховна дуьхьал тIом бинчу интервентийн хIоллам" цIе тиллина цунна цхьаболучара шайггара. Кхечарна хетарехь, "Махачкалана" цо хьалха лелийна "ХIинжа-ГIала" ("Анжи-Кала") цIе юхаерзор айдина лелачарна дагабаьхкина бIе шо хьалха кхузахь лаьттина тIемаш.
ГIумкийн Агачаулна уллехь (ХIинжа-ГIалина 13 чаккхарма юьстах) 1918-чу шарахь лаьттинчу тIемашкахь воьжна 69 туркойн эскархо. Оцу заманара схьа, лардеш, таханене дикачу хьолехь схьакхачийна церан каш гонах лаьттачу гIумкийн ярташа - Таргу, Агачаул, Кяхулай, Альбурикент, Бойнак, Атлыбоюн, Казанище.
Iисторин Iилманийн доктор Доного Хьаьжамурд реза вац хIоллам хIоттабойла цалуучу наха машанашкахь шайна ма-хетта хилам тидарна.
Цо довзуьйту бIе шо хьалха лелларш. 1918 шарахь Ламанхойн Республикан ницкъ ца тоьура арахьара тIегIерта мостагI юхатоха. Цундела гIо дийхира цо Туркойчоьне. Исторехь иза дуьххьара а дацара – шайн заманашкахь орца дехна бусалба вежаршка Сурхай-хана а, Шемал-имама а.
Туркойчоьне Ламанхойн Республикан цIарх гIо деха цуьнан президент Чермоев Тапа Истамуле вахча, кхечира кавказхойн пачхьалкхан коьрта шахьар ларалучу ХIинжа-ГIала туркойн эскар – Бакохара Иззет-Пашин (къомах – чергази) 15-гIачу декъера тоба. Цунах хIетахь олура "Кавказан исламан эскар".
Бухахь, Дагестанехь, Бичерахов Лазаран кIайн-гIалгIазакхий бара олалла латтош. Оьрсийн эпсар велахь а, Британин байракха кIел вара Бичерахов а, цуьнан эскарера оьрсийн а, Бакохара баьхкина эрмалой а. Цара дукха нах хIаллакбира, тоьпаш етташ, ирхъухкуш, дуьйцу Доногос.
Ши Iедал дара 1918 шарахь Дагестанна тIехь. Бичерахов цхьаьнхьа, политик, эла Тарковский Нухьбек вукхунхьа. Оцу шимма вовшашца бартбира тIаьххьара а. Iедал гIумкийн элехь а дуьсуш, цо Бичераховгахь, кхидIа вахийта, хIорда йист а юьтуш.
Амма баттахь бен ца лаьттира диктаторан дарж Тарковскийгахь. Бичераховс, ша делла дош а дохош, шен стаг хIоттийра урхалла дан, коьрта шахьар ша кхайкхийначу Темир-Хан-Шурахь (Буйнакск).
Бичераховх леташ дара оцу юкъанна Дербент цуьнгара дIаяьккхина долу туркойн эскар. Иза дIадоладелира ХIинжа-ГIалин агIор. Баккхий тIемаш лаьттира Мамедкала, Джемикент, Каякент, Бойнак ярташкахь. ХIинжа-ГIала (Порт-Петровск) юьстах а юьтуш, Темир-Хан-Шура кхечира туркой. Амма тIаьхьо юха а баьхкина, летира Бичераховх Тарки-Тау лома кIел.
Бичерахов, ша бахархошкара дIабаьккхина бахам хIордакеманашна тIе а боьттина, ведира Кавказера. Иза эккхийначул тIаьхьа меттахIоьттира Ламанхойн Республика, бевддачуьра юхабаьхкира цуьнан цхьаболу куьйгалхой. Иштта йовзуьйту и зама историка Доного Хьаьжмурда.
Тарки-Таухь туркошна хIоллам хIоттабайтинчех цхьаъ ву гIумкийн "Ёлдаш" газетан коьрта редактор Алиев Камил.
"Дац тхо политике гIерташ. Лелларг ду туркой гIоьнна баьхкина эгар, иза историн хилам бу, тхан декхар ду церан сийдар. Цара а, цаьрца дIахIиттинчу дагестанхоша а, нохчаша а мукъаяьккхина хIетахь Бичераховх Дагестанан коьрта шахьар", боху Камила.
Цунна дагадогIу шена жима волуш шен ден а, ненан а наноша, дайша дийцинарш – уьш теш хилла туркоша кхачийначу орцан.
"Оккупант мила ву а, вац а баккхийчарна дика хъаьара. Соьца еха и истори", элира "Кавказ.Реалиин" корреспонденте Алиевс.
Шайггара бац Алиев Камила а, цуьнан накъосташа арабаьккхина некъ. Документ ду цуьнгахь: "Оьрсийчуьра бахархой дIабоьхкинчу Туркойн Республикерчу меттигех а, туркой дIабоьхкинчу Оьрсийчуьрчу меттигех а болу, 2012 шеран ГIуран-беттан 3-чу дийнахь бина барт".
"Оха факташна тIе а тевжаш дина тхаьш дина дика. Бакъду, Дагестанехь хьалха леллачун хама байта, кху тIаьххьарчу 25-30 шера чохь мел гIертарх а, кхолла аьтто ца болуш, юьстах йисина истори Iалашъяран политика", аьлла къадийра шен сингаттам Алиевс.