Дицдан йиш йоцу шийла де

Нохчийчоь -- Нохчий махкахбахар дагалоцуш хIиттийна чурташ, Соьлж-Гала, 2014.

«Нагахь ахьа дIадаханчунна тапча тохахь, хин долчо йоккха топ тухур ю хьуна», - аьлла суьйлин байтанчо Гамзатов Расула.

Your browser doesn’t support HTML5

Дицдан йиш йоцу шийла де

Кху деношкахь нохчийн къам дохийна де дагалоьцуш хIун ойланаш кхоллало хьан аьлла тхан Соьлж-ГIаларчу корреспонденто шега хаьттича, Нохчийчохь вевзаш волчу цхьана Iилманчо, философо элира «динна халкъ махках даьккхина хилар дицдан мегар дац, амма тIех сов десто а оьшуш дац иза аьлла».

Эццахь ойла кхоллаелира, дависа хатта аьтто белира мацаллана, шелонна беллачу вайн бакхийчу нахе, берашка, вайн дайшка, наношка дедайшка денаношка, берриге а и къематан де лайначу вайн нахе тIех дестийна хир дуй шоьца хилларг дийцар аьлла!

ХIун хила деза вайн махкахойн синойх, нагахь уггаре а кхетам болчерах болчу наха а цу тайпа къамелаш деш хилча?!

Дестор-м хаац, дуьйцучура сацон а магар дац вайн къомо лайна и къематан де аьлла хеташ ву историн Iилманча Вачагаев Майрбек.

Вачагаев Майрбек:

Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев Майрбек

Бакъду, дийца деза аьлла цаваьлча денна дуьйцуш долу хIума баккъалла а хета а хета тIех сов а, даггара доцуш а. Амма тахана вай дуьйцург кхин ду. ЛадогIа кху наха дуьйцучуьнга.

Теркйистера Газиханов Хьасана 10 шо хилла махках воккхуш. Шамаев Шисуди Сибрех вина ву. Дадаева Зарган а ю генарчу Азехь йина. Цара дуьйцу.

Газиханов Хьасан, Шамаев Шисуди, Дадаева Зарган:

Your browser doesn’t support HTML5

Газиханов Хьасан, Шамаев Шисуди, Дадаева Зарган

ХIара программа кечйеш, наноша Сибрех лелийнарг дийцар дагалоьцуш Iаш, Чабаев Лоьмас а дийцира шайн доьзало Iоьвшинчу баланах лаьцна. Ойла елаш.

Чабаев Лема:

Your browser doesn’t support HTML5

Чабаев Лема