Массо а нохчий вон бу алар - исторехь иза дуьххьара дац, амма Европехь...

Иракъерчу Мосулехь беллачу ДАIИШ-ерчу кавказхошна Оьрсийчохь делла хилла паспорташ. Нохчий а бу царалахь.

Your browser doesn’t support HTML5

Массарна а цхьабосса вониг алар - харцо ю

Вайнах кхечарех дIаэбала а ца лууш, къаьстина, хьуламехь беха, цара девне евлла юкъаметтигаш а, Iедале а ца бовлуш, шайлахь луьсту, церан дукха векалш Iаьрбоша шайлахь бечу тIеман декъашхой а бу, бохуш, тайп-тайпанчу хьостанаша Iорабоху хьажам-хетарш Европера хьажа-хIитта цIабаьхкинчу нохчаша, буххера дуьйна а бакъбеш бац.

Царна гуттар а халонга долу цхьаболчу говзанчаша нохчий цхьа низам а ца девзаш, акха адамаш санна ларар.

Ткъа шарахь сов Фаранцин Ницца гIалахь веха Хатаев Iайнди. Цунна гергахь нохчий хийцабелла а бац, вочу агIор цхьаннех а къесташ а бац.

Iайнди: «Деллахь суна-м ца хеца цигахь беха нохчий хийцабелла. Уьш хIун аьлла хийцабала беза? Цхьа кхераме а бац. Бакъ дац. Шаьш боллу нохчий бу-кх. Мацах цкъа юьхьанца Iаьрбошца Iоттабаккхаме меттигаш нислора. Иза дIадаьлла лара мегар долуш хIума ду.

Вайнахь тIаме оьху бохург а пуьташ бу. Цхьа наггахь хилла хила там бу вахана меттиг. Доцурш дукха дуьйцу. Ламазца,мархийца берш а бу,сакъерар бен кхин хIуманна а бала боцург а ву. Кху цIахь доллу сурт ду-кх…»

Германехь, Берлин гIалина гена воццуш вехаш ву СоьлжагIалин кIоштера Эльмурзаев Висхан. Нохчех бозуш кхерам а бу,царех лардала а деза бохуш даржадо хабарш цунна хетарехь я хIуьттаре ян гIертар санна хIума ду,я хьекъалца гергарло доцчара туьйсу питанаш ду. Висхан ву дуьйцуш.

Висхан: «Нохчашца цхьа кхерам а бац. Шайн пачхьалкхехь лелаш долу низам а лардеш бехаш бу нохчий. Ца леладо хьуна вайнаха шайггара хIумнаш. Девне меттиг нисьелча а,баккхийчара юкъа а булий,Iедална а хууш,маслаIате ерзайо. ТIаме вахна бохуш наггахь хаза-м хеза,дуккха а бохург бакъ дац. Аьттехьа а дац иза.

Французан делахь а,Германан делахь Iедал лар а деш,лерам а беш бехаш бу нохчий. Шаьш мича баьхкина а хууш бехаш бу дукхахберш. Мелха а кху цIахь бераша дай-наношка ла ца дугIуш меттигаш нисьяла тарло,амма цигахь ишта дац. Мелха а кху цIахь дицделла догIу гIиллакх,Iадат цигахь дикахо а лелаш ду-кх.».

Европехь бехачу нохчех ишта боху ,циггахь зуда а ялийна,доьзал а болийна,деа беран да а волуш,Бельгехь вехачу Магомадов Зеламхас: «Вайнахана дика хаьа шаьш Европе муха кхевчча а,кху цIахь шайн хIун лан дезна а.

Цундела дукхахберш хьаннал къа а хьоьгуш,шайн ницкъ кхочучу барамехь цIерачарна а гIо а деш,бехаш бу. Дала мукъа лахь шайн дика цIе а йоккхуьйтуш кхин а бехар а бе нохчий».

И къамел динчу Зеламхана хетарехь дика дебош,гIийла волчунна агIо а деш,кхечеран а смий-пусар а деш,даьхчахьана нохчий хьокъехь хазош долу цIармата,маьттаза къамелаш ша-шаха дIалекъар ду.