Your browser doesn’t support HTML5
Нохчашний, гIалгIашний юкъа цим тосу къовсам болийна социалан машанашкарчу жигархоша шина мехкан дозанца некъ билла болор бахьанехь
Дозанехь некъ билла болийнарг ю Нохчийчоь. Цхьа зама хьалха кIоштан шахьара лаьттинчу ГIаланчIож-Терхи юьртара Ялхара хьош бу иза, кхидIа, гарехь, чекхбала беза орстхойн махкахула. Нохчийн агIоно чIагIдарехь, тесна йисина меттигаш самаяхархьама, нахана дIакхача аьтто беш, буьллуш бу некъ.
Амма болийначу балхо саготта бина ГIалгIайчуьра цхьаболу бахархой. Царна хетарехь, лулахой "катухуш бу" шайн доцчу латтанех. Нохчий 15 чаккхарма чоьхьабевлла гIалгIайн махка, яздо цара социалан машанашкахь. Питанна шордала аьтто бина некъ буьллу белхахой карахь герзаш долчу Нохчийчуьрчу ницкъхоша ларбеш хиларо.
Я Нохчийчуьрчу а, я ГIалгIайчуьрчу а Iедалша ца эцна цкъачунна машанашкахь лела къамелаш тидаме. Бакъду, цхьаболу нахалахь бевза жигархой хьийза интернетехь айина гIовгIа диканца ерзо гIерташ.
Масала, Нохчийчоьнан администраторан гIоьнчас Алиев Тимура бакъ дац аьлла белхаш боьлхучу меттехь герзахой хьийза бохург. "Некъ беш хьийза техника яйна. Леррина ницкъаш ца байна. Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний юкъахь хилла шира некъ бу-кх меттахIоттош, ма-дарра аьлча", - комментари язйина цо шен Фейсбук-агонтIехь.
"338" цIе йолчу Телеграм-канало диллина довзуьйту Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан дозанера хьал. Канало гойту хуьнхахула чекхболучу некъаца лаьтта ши блок-пост – нохчийниг а, гIалгIайниг а. ГIалгIаша дIахIоттийна шайн полицера ши УАЗ машен. Ткъа нохчаша латтайо царна дуьхьал тIеман къорза басахь йолу КАМаз. ГIалгIашна хетарехь, шаьш "чIогIа ду боху нохчаша".
Бакъду, интернетера комментаторш– гIалгIай а, нохчий а - тешна бу цхьана кхоалгIачу ницкъо, питана тасархьама юкъаяьхна, некъ биллар – доза дохор ду, боху шеконаш. Бакъдолчун бIаьра хьаьжча, цхьа къам ду оцу кхоалгIачу агIоно девне ийзориг, иза питана ду, ла ма дегIа, яздо цара.
bakdar.org сайтехь боху цхьаммо, масала: "Шира йиш ю лекха йолийнарг, керланиг юкъаяккха ца магара, ала дош а доцуш вуьсу-кх! Харжамаш тIекхочуш бу, нах кхерорхьама лелочух Iехалур дац вай – Iаьбна кхерамах, ца кхоьру. Накъостий политтехнологаш, вон болх бо аш!"
Оцу анонимо бохург а дац бух боцуш. ГIалгIайчохь кIира-ши кIира даьлча хийцалуш ву мехкада. Дарж Евкуров Юнус-Бекан карара ца далийта гIерта цуьнан го. ДIахьош харжамаш а боцуш, халкъе хоьттуш а доцуш, стаг шайна коьрте хийшор дита деза, бохуш хьийза махкара оппозици. Оцу политикан муьраца доьзча санна ду ломахь буьллу некъ шина къоман барт бохочу гIирсе берзор, яздо наха машанашкахь.
"ГIалгIа" ник йолчу стага яздо:
"Хьоме махкахой, ма хила бераш санна, провокаци ю шуна. Галстукаш а оьхкина лелачу жIаьлешка шайга листийта. Евкуровс магадой нехан латта доладаккха – эхь ду иза цунна, Кадыровс дIадоккхий латта лулахошкара – цунна а ду эхь. Ма гIолаш некъ бечу меттиге, вай цIий довха нах ду шина а агIор, вай вовшахлетча Iаьндерг вайн цIий ду, хьаькамашна-м карор ду телевизор чухула бехказа бовла хIума. Доьху шуьга, ма хилалаш Iовдал, ма гIолаш цига. Иза политикаша гIаттийна питана ду шуна!!!"
Хьал кхин а эрчадоккху ши республика цхьаьнатухур ю бохуш даьржинчу эладитано. Я федералан центро а, я, хIоттийна дукха хан яцахь а, шозза Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а хила ларийначу Къилба федералан гонан куьйгалхочо Матовников Сергейс а ца хьахайо и тема.
1992-чу шарахь вошахъелира Нохч-ГIалгIайн автономи. Нохчий маршонан боламе бирзира, гIалгIаша шайна Оьрсийчоьнца даха лаьа, элира. Къовсамехь дисира дозанаш, уггаре хьалха Таршхойн лаьмнашна гергаранаш. Тахана дац доза массанхьа къастаделла. "Соьлжан кIошт" олу шина а агIоно дозанерчу яртех, уьш нохчийн ю я гIалгIайн ю, олий, къовсам болабо агIонаша кест-кеста.