Дов листина яьлла Конституцин кхел. Юкъахь доза доцуш буьтур бац вайнах

Your browser doesn’t support HTML5

ГIалгIашний, нохчашний юкъара дов луьстуш ю Оьрсийчоь

Оьрсийчоьнан конституцин кхело ладоьгIна гIалгIайн а, нохчийн а агIонашка. Тидаме эцна къовсаме девллачу латтанийн бакъ дайша – орстхоша – кхелехь дийцинарг. Къамелаш а, документаш а юьхьар а оьцуш, сацамбан хевшина кхелахой.

Евкуров Юнус-Бек вара шена дуьхьал махкарчу гуламхоша, церан лидерша айбина къовсам Оьрсийчоьнан конституцин кхеле листа чубелларг.

Нохчийчоьнан парламентца а, куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а барт а бина, ши бутт хьалха шина мехкан доза къастош, нохчашна дIаделлаЕвкуровс а, парламенто а, министрийн кабинето а гIалгIайн латтанаш аьлла гIевттинчу Магасерчу жигархоша баттахь гергга митингехь латтийра нах.

Майданашкара чубоьрзуш, протестхоша махкарчу конституцин кхеле дийхира тIеэцна сацам низамца богIуш бацар билгалдаккхар. Кхело кхочуш а дира и дехар – харц бу элира мехкан Iедало Нохчийчоьнца доза къастош бина сацам.

Шен бакъо яра я яцара доза къастош шина къоман векалша бина болх тидаме а эцна, сацамца тIечIагIбан, аьлла, Оьрсийчоьнан конституцин кхеле хаттар дахьийтира децIахь наха хьийзочу Евкуровс. Иштта ю къовсаман фабула йоцца йовзийтича.

Конституцин кхеле, вистхила, позици йовзийта кхайкхира цуьнан куьйгалхочо Зорькин Валерийс Евкуров а, Кадыров а, шен сацамца Евкуров кху кхеле ваьккхина ГIалгIайчоьнан конституцин кхелан куьйгалхо Гагиев Аюб а, Несарара юкъархой а. Евкуров, Кадыров ца вахара кхеле – церан адвокаташ бара цигахь болхбеш. Ткъа Гагиевс ша гIур вац аьлла даржийра кхел йолаяллале.

Кхелехь

Мехкийн дозанах болчу бертах официалехь жоп луш бара кхелехь меттигерчу парламентийн спикерш – Даудов Мохьмад а, Яндиев Мохьмад а.

"Оха доьху доза къасторах болу барт тIечIагIбеш дина омра конституцица догIуш хилар билгалдар", элира Евкуровн цIарх адвокато Орлов Александра.

"Теша, тахана билгалдер ду дерриг а, Оьрсийчохь федерализман хIоттам тIечIагIбина а боккхуш", тIетайра Кадыровн векал Берсункаев ГIаиб.

Оцу юкъанна: Бакъоларъяран "Машр" юкъараллин лидеро Муцольгов Мохьмада дIахьедина Интерфаксе, махкахь Нохчийчоьнца долчу дозанах хетарг къастош референдум хIоттор доьхуш кехат чуделла инициаторша ГIалгIайчоьнан харжамийн комисссе, аьлла. Цо бахарехь, халкъан референдум айъяйта оьшу 10 эзар куьг гулдан долор ду кестта, "хало а хир яц цуьнца".

Евкуровн адвокато иштта хазийра шен позици: "дозанаш къасточохь низамо ца боху нахе хетарг хетта", я "хIаъ", "хIан-хIа" аларо ца хоуьйту, стенгахула чекхдолуш хила деза доза.

ГIалгIайчоьнан конституцин кхело бинчу сацаман мах хадош, иза низамца ца богIу, шен йоцу бакъо тIеэцна шена кхело, элира адвоката Орловс.

Кадыровн агIо – адвокат Берсункаев – тIетайра оцу позицина. "Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, ГIалгIайчоьнан куйгалхочо а шайна тIеэцна и дукъ, майралла, даиманенна чекхъяьккхина дозанан проблема", бохура цо.

ГIалгIайн парламентехь низамна дуьхьал хиллачу тобанах ву депутат Сабинин Андрей а, деношкахь ГIалгIайн дуьненаюкъарчу гуламан куьйгалле хаьржина волу юкъархо Погоров Ахьмад. Цушимма конституцина дуьхьал ду Евкуровс тIечIагIдина низам, цо хадайо ГIалгIайчоьнан территори, элира.

"ГIалгIайн къам цкъа а реза хир дац шайгара латта дIадаккхарна, къуьйсур ду низамаша лучу массо а кепашкахь", дIахьедира Погоровс.

Оьрсийчоьнан президентан, Федерацин кхеташонан, Инарла прокуратуран векалша пачхьалкхан низамашца йогIу шина а республикан куьйгалхоша доза къастош яьхна гIулчаш, элира, дийхира Конституцин кхеле уьш бакъбар.

Дозанах долу низам

Нохч-ГIалгIайчоьнан автономи юьйхира 1991-чу шарахь. Шина къоман лаьттанаш къастоза дисира. Къовсаме елира Соьлжан а, МаьлгIабекан а кIошташкара массех юьрт а, царна гонахара латтанаш а.

Масала, кхета дацара, муьлхачу махканна кхочу дозанера Аьршта. 2013-чу шарахь и юрт Нохчийчоьнан хила еза, аьлла дIакхайкхира Кадыров Рамзана. Ткъа 2018-чу шеран аьхка гIалгIайн юкъархоша аьрзнаш даржийра, цигахь, шайн йоцчу юьртахь, некъ буьллуш ю Нохчийчоь, аьлла.

Ши бутт хьалха Кадыровс а, Евкуровс а доза къастош барт бира. ГIалгIайчоьно дIаелира нохчашна даима а церан хилла лаьттан аса. Оцу хьоло гуламашка а, протесташка а бехира цхьаболу гIалгIай.

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело листина Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанах боьзна къовсам. ЛадоьгIна массо а агIонашка, низамийн охIланашка. Тахана-кхана дIакхайкхор бу шен сацам.

Конституцин кхел йирзина а ялале гIалгIайн жигархоша сихха рогIерчу митинге кхайкхира мехкан бахархой. ДIахьедира, резадацар шордийр ду шаьш махкахь, аьлла.

Оцу юкъанна, "Конституцин кхело сацам баллалц, хинболчу сацаман мехаш а ца хедош, собар дахьара", аьлла дехар къадийра нахе президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.