Your browser doesn’t support HTML5
И гIайгIане хетарг тIечIагIдеш ю, ненан мотт тергамза а буьтуш, «хIара и де» бохуш, Iедалдайша йоху гIулчаш а. ТIедогIу Керла шо билгалдоккхуш, ишколашкахь, кхечу лакхарчу доьшийлашкахь, урхаллашкахь, берийн-кхиазхойн, дешархойн, студентийн тIейоьхна бедарш вайнехан Iедалехь, куьцехь хилийтар тIедуьллуш, дозанаш диттина юха а маьхькIамхоша.
Ткъа ненан мотт хьехош а бац, нохчалла бохучу кхетаман бух-орам и боцуш санна. Духаро хIун нисдо массо меттехь, даздаршкахь, гуламашкахь, школаш, берийн бошмийн биста кхаччалц, буьйцург оьрсийн мотт хилча?
Ненан мотт хила ца безара хьалхара, бохуш, хеттаре буьйлурш кIезиг бац. Цуьнгара хьал ледара хиларан тоьшалла лору цхьаболчу яздархоша а, меттан говзанчаша а нохчийн маттахь арадуьйлу газеташ, журналаш тахана дIалеккъа хилар, зорбанан балхахь зеделла, бахчабелла нах дIа а бохуш, готта хаарш долу белхахой цIарна дIахIиттор. Цунах дуьйцуш ву ас юьззина цIе ца йоккхуш вуьту яздархо-журналист Нажмудди.
Нажмудди: «Пенсионераш бу бохуш зеделла белхахой дIабохуш бу. Говзалла лакхаяьллачу хенах уьш дIа стенна боха-м хаац. Газеташ арадовлуш дац элира соьга а. Электронан версеш ю боху газетийн кечйина,амма зорбане дохуш дац цкъачунна. Республикан маьIна долуш журнал а,газет а ма ду «СтелаIад» а, «Орга» а, «Даймохк» а.
Уьш арадовлуш цахилар суна-м инзаре хIума хета. Бакъдерг дийцича церан а арадовлар а дара цхьа къовзийна,маьршша шайна хетарг дIала йиш а йоцуш. Ма-дарра хиъча, Москвано а и могуьйтур ду аьлла а ца хета суна-м. Мехкан цхьа символ санна ма дара уьш…»
Ненан маттахь зорбане дуьйлу газеташ,журналаш совцор аьттехьа а хилийта йиш йоцуш хIума ду аьлла, ойла сецначех ву байтанча Хатаев Хьусайн. Цо дустарш а далош довзийтира шена хетарг.
Хатаев: «Иза аьттехьа а хилийта йиш йоцуш хIума ду. Маггане а магийта йиш йоцуш. И тайпа тептарш,газеташ,журналаш, уьш кхечанхьа а шайн мотт ларбархьама, Iедало шеггара ахча а луш,уьш дешахь а,ца дешахь а,эцахьа ,ца эцахь а, уьшша арахоьцуш ду.
Стенна аьлча, Iедална хаьа,уьш ара цахецарций меттан хIума галдер дуй. Мотт талха а,эша а хIуттур буй. Аьттехьа дита мегаш дац и саннарг. ЧIагIо,цхьа бух ма бу иза! Iедало Iуналла дан дезаш хьал ма ду цигахь. Юкъаралле хетта оьшуш хIума дац цигахь! И Iедал, нагахь санна ша Iедал хеташ делахь, мотт ларбеш хила деза.
Ловзаршций, синкъерамашций ларлуш ма бац мотт. Делан вазлора бац-кх! Мацах цкъа Авторханов Iабдурахьмана аьлла ду «Шен мотт ницкъала Iамабайта беза! Кхидолу меттанаш Iамор шен лаамехь хила деза, амма ненан мотт ницкъала Iамабайтина а Iамо беза».
Муьлххачу пачхьалкхехь а деш хIума ду иза. Мот хIора дийнахь а бацо безаш бу. ТIаккха бен и шарлуш а ма бац. Бу тхан мотт бахарх цунах мотт мА ца хуьлу иза буьйцуш ца хилча муххале а».
Нохчийн маттах а, вайнехан гIиллакх-Iадатех а шайна хетарг хааме даккха некъ боцурш а, махкарчу хьолах доьзна, хIинцца Хатаев Хьусайн санна цу хьокъехь,вона а,диканна а дош аьлла, гIарбийла ца хIуьттурш а дукха бу. Бакъду цара массара а, дIа меттах мел ваьккхинчо къаро йо тахана нохчийн мотт вуно чIогIа балехь,хало ловш бу бохуш.