"Нохчийн мафино" сагатдойту Германига. …Ткъа муха?

Уггаре къиза а, шаьш санна йолу тобанаш шайх кхерош а ю махкара "нохчийн мафи", аьлла хета Германин ницкъаллин урхаллашна, Spiegel Online хьостано бахарехь.

"Уьш кест-кеста хаало адам хьийзорах, дерах йолчу хроникехь", боху нохчийн диаспорин хьокъехь Шпигело.

Полицино дийцарехь, нохчаша доладо наркотикаш юхкучу бизнесехь, хьалха бу къола дарца, "коллекторш а хуьлуй", нехан чуьра бахам лачкъорца, адамаш кхерийна, церан хьал доладерзорца.

Шайн корматаллица италахойн мафех таръелла нохчийн зуламхойн тобанаш - цара къайлах информаци оьцу полицера, оцу тобанаша, безачу бахамашна хадечу фирманашка балха а хIуьттий, Iедалан ницкъан дехарца пачхьалкхан гIишлош ларъеш а хааделла, чIагIдо Шпигелан эксперташа.

Нохчех лаьтта гIеранаш хала ду леца, атта дац царан дина зулам листа – нохчий "вуно бертахь, вовшех доладеш" нах бу, хьостанашна хетарехь. Цундела атта дац низамхошна нохчашлахь информаторш каро а, зуламхойн тобанашна юкъахеца церан къоман нах кечбан а, боху Шпигело.

КХИН А ХЬАЖА: Немцойн газето "нохчийн мафех" дуьйцург бух боцуш ду - Каримов

Оцу хьостано дийцарехь, мел боккха бехк Iорабаьккхича а ца ваккхало Германига нохчо махках - "нохчийн мафи" тергалъечу ханна пачхьалкхе депортаци янъелла яц цуьнан цхьана а декъашхочунна.

  • Шарахь Германерчу криминалан полицин даккхийчу зуламашца къийсам латточу декъо а, къайлахчу сервисаша а, мигрантех жоп лучу урхалло а, зуьйш, тергонехь кхаьбна нохчийн криминалитет.
  • Цара динчу жамIо гайтарехь, Европерчу мехкашлахь уггаре дукха нохчийн мухIажирш тIежцначу пачхьалкхех ю Германи – 50 эзарне кхоччуш волчу кавказхойх 80% бу нохчий.
КХИН А ХЬАЖА: "Нохчийн мафи" бехказъяьккхина Венерчу кхело

  • Юьйцучу немцойн хьукматаша юкъахь "Маж" операци дIаяьхьина дукха хан йоццуш, яздо, Spiegel Online тIе а тевжаш, Deutsche Welle.
  • Оццу гIирсаша жамIех лаьцна бечу хаамашкахь ца хоуьйту стенгахь бу "мафиозеш" билггал, ца хоуьйту, муьлш бу уьш, шаьш "нохчийн мафина" буьрса сурт кхоьллинехь а. ца карийна операци дIахьош буьйцучу ницкъхошна, тергамчашна, хьовсархошна цхьа а автомат, я ур-атталла тапча а, ца яьхна "мафигара" наркотикаш, евро-ахчан миллионаш. И операци аьттонза ерзар туьду юха а "нохчий сов къовлабелла" беха нах хиларца.

Делахь а, "ю" Германехь "нохчийн мафи", Шпигеле, Дойче Велле ладоьгIча , иза цуьнан эксперташна-ницкъхошна шайна гина яцахь а – коьртаниг, теша веза дешархо, хьажархо шайна газеташа яздечух: "ю " Германехь къар ца луш дийна дисинчу къоман мафи. Оццу хьостанашкара караэцна, цунах лаьцна Оьрсийчуьрчу газеташа а, телевизионаша а даржош хилча-м муххале а...