Кавказан дуьххьара имам - шейх Мансур - кхелхина де

Кавказан дуьхьара имам, шейх Мансур

Оханан-беттан 13-чу дийнахь, 1794-чу шарахь Шлисселбурган гIопехь кхелхира нохчийн къоман къонах, Кавказан дуьххьара имам хилла шейх Мансур. БухIан юьртахь вина а, кхиина а вара шейх Мансур. Вича, Ушурма цIе тиллинера цунна, амма цо оьрсийн эскаршна тIехь баьхначу толамаша хийцира цуьнан цIе. Цуьнан тиллина керла цIе Мансур (толамхо) яра. Цу цIарца тахана а вевза дуьненна вайн къоман а, кхечу кавказан къаьмнийн а маршо къийсина имам.

Дийнахь а, буса а малх чу ца кхеттачу, адамалла йоцчу хьелашкахь набахтен латта бухарчу чоьнна чохь валлорна, туберкулоьз лазар кхийтира Мансурна чиллан-беттан 24-чу дийнахь, ткъа Оханан-беттан 13-чу дийнахь кхелхира нохчийн къоман турпал - шейх Мансур.

Набахтен куьйгаллин омрица, иза къайлаха дIа а воьллина, хьулдира цуьнан каш. Тахана а ца хоуьйту цуьнан каш мичахь ду.