Оьрсийчура Iедалан муьлхха а урхаллица гIуллакх Iоттаделларг кхетар ву, мел хала ду цигахь нийсо а, бакъо а каро. Ткъа хIун дан деза, массо а бакъонах дIа а хадийна, набахтешкахь бохкучу наха. Цара бечу латкъамашна орцахбовла кийча болчу наха кхоьллина ю иттаннаш тайп-тайпана вовшахкхетараллаш а, юкъараллаш а.
Амма церан а ницкъ ца кхочу шайгара накъосталле ладоьгIучу нехан кхоллам аттачу баккха. Гуттар гIаддайна ду цу агIор Оьрсийчура набахтешкахь а, колонишкахь а бохкучу вайнехан гIуллакх. Царна орцахболуш болу нах кIезиг бу, ткъа хилча а церан дог дохийла кIезиг ю, шайна гIо хир ду аьлла.
Iуьйранна Iаббалц наб а йина, хьалагIаьттина кийра буззалц хIума а кхаьллина, мокъалла хIун дича хIун хир дара те бохуш, дIасахьйизаш волчу стаганна, ткъа уьш дуккха а бу вайнахана юкъахь, кхета хала хир ду муьлхачу хьелашкахь оццу минотехь хене бовла гIерташ бу лийцина, яккхийн хенаш а тоьхна, луьрачу хьелашкахь чубоьхкина латтош болу нохчий, коьртачу декъана кегий нах.
Оха буьйцурш «уголовникаш» олуш болу зуламхой бац. Оха буьйцурш бу тIемашкахь дакъалацарна аьлла, бехке а бина, хан токхуш болу нах.
Дукха хан йоцуш Сибрех Iуьллучу цхьана набахтера Маршо Радионца зIене велира Соьлж-гIаларчу кхело,18 шо хан а тоьхна, чувоьллина волу Iимран цIе йолчу стаг. Цо дийцира тхан дехарца шена гонах долчу суртах лаьцна.
Тутмакх Iимран: «Ши метр иштта, дIа а оьзна, йина керт ю кораш къайла дохуш, тхуна аре гур йоцуш. Вуьшта, корта тIе а таIийна, хьо лаккха хаьала хьаьжча, стигал го хьуна. Кху чу схьакхеташ малх-м бац тхуна, бакъдерг дийцича. Вола вала вахча, хьулла сеткана тIехула хьалхьажча, го тхуна малх, кхин тхуна гуш аре-м яц.
ЖIаьлеш а дуур доцу доьша санна цхьа хIума ю кхара тхуна луш. Оха иза юуш а яц. Тхуна цIерачара -нанас а, дас а, вашас а, йишас а, кхечара а -цхьацца хIума йоуьйтий, иза юуш Iаш ду тхо. Кхара луш йолчу хIуман тIехь Iаш далхьара тхо делла хир дара тоххара».
Iимрана дйцарехь, цуьнца цу набахтехь ву 20 сов нохчи. Царах дукхах берш бу, 18- 24 шераш а тоьхна, чубоьхкина болу кегий нах. Цигарчу уггаре а хьалхарлерчу тутмакхашна кхелаш йина 2002-чу шарахь, Ставропол-кIошта дIа а буьгуш.
Амма ша лаьтташ бу, велла дIаваллалц набахтехь яккха хан а тоьхна, чубоьхкина болу вайн махкахой.
Рамнат Германехь ехаш ю. Дуккха а кхин болу зударий санна, тIамехь кIентий а кхелхина ю иза. Дукха хенахь дуьйна, чубоьхкина болу нохчий а лохуш, царна бедар-хIума яхьийтина а, дашца а накъосталла дан гIерташ ю иза. Царна юкъахь ву велла дIаваллалц чувоьллина волу нохчийн тIемало хилла волу кхоъ стаг а. Рамната дуьйцу.
Рамнат: «Тахана деана кехат ду хIара. Соьга кехат данза цхьа бутт ах бутт хан яра. ХIара кехат доьшуш Iаш ю со, оцу кIантера деана долу. Марханаш къобул деш даийтина кехат ду хIара. Мел холчахь шаьш далахь а, шаьш холчахь а ду, хьийзош а ду ца бах цара. Иза аьлча-м цара хIара кехаташ дIаса кхоьхьуьйтур а дера дацара. Цара шайна луург дIало ца луург ца ло.
Дика Iаш ду шаьш олу. Делахь а, гуш хьулу-кх иза, ма-аллара, кехатан могIаршна юкъахь. Кехат дIаса ца деача сагатдо аса аьлла, кехат тIехь яздича, цхьаммо яздинера: «Нана шек ма ялалахь. Цхьана дийнахь, когаш дIа а бихкина, Iуьнкарнехьа ирх оьллина латтийна волу стаг шолгIачу дийнахь шен дахарехь даиман а иштта лаьттина волуш санна Iема хьуна оцу гIуллакхана. Далла тIе болх а биллина, Iаш ду тхо, чохь са хилча тоа а тоьуш».
Кху деношкахь Маршо Радионе даийтинчу кехат тIехь шен гергара стаг хьийзош ву набахтехь бохуш, гIо доьхуш вара Нохчийчура цхьа вахархо. Цунна орцахдовла дагахь оха хьехам бехначу Москохарчу адвокато Алексейс иштта дийцира, цхьаъ юкъагIоьртича цунах хир долчух лаьцна.
Адвокат Алексей: «Иза а тIекхойкхур ву, «блатной» берш а кхойкхур бу... Вуьшта аьлча, хир дерг иштта ду. ФСН олучу федералан тIехьожучу сервисан белхахо хIуттур вац дерг къасто. Иза тIе а кхайкхина, цуьнга ла а доьгIна, цунна тIехоьцур бу кхин болу чубоьхкина болу нах.
20, 18 шераш тоьхна чубоьхкина болчу наха хенал хьалха шайн гергарчу стага цхьаьнакхетуьйтург, я совнах посылка шайга оьцуьйтург, я совнаха телефон тохуьйтург хIуъа а дийра ду. Церан хьолах вай кхеташ хилча а... суна зеделларг тидаме эцча, аса эр дара 50 процент, 80 процент хилийтахь, иза бакъду аьлла.
Нагахь шун уьйраш ялахь Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖаIарца, цуьнга дехар жан мегар ду. Иза хьожуш ю массо а регионашка, къасттина туберкулез хьокъехь. Уьш массо а регионехь болх беш бу, хIунда аьлча оьрсийн туберкулез дарба дан аьтто боцуш ю, нагахь кхин йолчу цамгаршна цигахь дуьхьал латталахь а.
Цаьрга дехар дичи, цара бахана толлуш дара цигара хьал. Цуьнан хьал а толлур ду цара. Нагахь эшахь иза дарбан хIусаме дIа а вуьгур ву цара. Нагахь цунна йиттина ларш ялахь, иза а толлур ду».
Mоскохарчу адвокато дуьйцург бух болуш хIума ду. Стохка, цу кепара кехат а кхаьчна, набахтехь хьийзош болчу тутмакхашна орцахвала хьаьжира ша бохуш, дуьйцу вевзаш волчу онашларъярхочо а, политолога а Кутаев Руслана.
Кутаев Руслан: «Кемеров кIоштахь, Юрга олуш яра моьттуш ву со и меттиг, нохчийн кхоъ кIант а, бусалба дин тIеэцна болу оьрсий а, кхин а бусалба нах а ламазаш деш бу аьлла, ламаз дечу хенахь тIе диларш юьттуш, цара ламаз дечу меттигашка боьхаллаш кхуьссуш, царна ницкъ беш бу аьлла, аса юстицин министралле а, кхин йолчу федералан органашка а латкъам бира и ницкъ ма байта аьлла.
Комисси а кхолллина, царна тIекхачийта аьлча, оцу кегий нахана цара ницкъ бира. Йиттина хIаллакбира уьш цара».
2008-чу шарахь Дечкен-бутт болалуш Къилбаседа Кавказан проблемашкахула йолчу дуьненаюкъарчу комитетан куьйгалхо волчу Кутаев Руслане латкъам бинера Нохчийчурча Чернокозовохь йолчу колонин тутмакхаша. Шайн дахаран хьелаш дукха ледара ду бохуш, гIо доьхуш бара уьш. Цуьнан жамIех лаьцна иштта дуьйцу Кутаев Руслана.
Кутаев Руслан: «150 стага, тIе куьйгаш а таIийна, кехат даийтинера соьга. Чувоьллинчу меттехь гоь а, маьнга а, ахча а делла, эца дезаш ду шаьш, бане дуьгаш доцу 3 бутт дIабаьлла бохуш, цара шайн бала балхош даийтина кехат дара иза. Аса цуьнах лаьцна къамел дира (зорбанан гIирсашкахь).
Нохчийн телевизионехь, набахте а бахана, цхьана кIирнах Кутаевс буттурш аьшпаш бу, хIорш дика Iаш бу, кхаьрна чIогIа дика а ду бохуш, царна юкъара цхьацца нах схьа а баьхна, царна кхерамаш а тийсина, цаьрга и хабарш дийцийтира цара.
ХIинца а цигахь набахтехь бохкучу нехан кехат яздина а, хабар даийтина а, телефон тоьхна а хIума хуьлу соьца.ДIадийша кIайн мот а бу, бане а дигира шаьш, цунах шайна пайда белира бохуш, дуьйцу цара. Ахьа аьлларг сийсаз дан гIерташ оцу наха и хIуманаш лелийнехь а, пайда хилла шайна бах цара. Сан галдаьккхина хIумма а дацара, амма царна накъосталла хилира цунах.
Бакъдерг дийцича, Нохчийчура набахте а, Оьрсийчура набахте а цхьана а кепара юста йиш йолуш яц. Нохчийчура набахте дика ю.Чохь бохкуш берш нохчий бу. Ницкъ бича хьалха санна къайла ца доьду иза. Оьрсийчохь йолчу набахтешкахь хьелаш вон ду. Оьрсийчоьнан Iедало хIоттийна ду-кх иза иштта».
Ткъа тахана хIун да аьтто бу харцо ловш болчу чубоьхкинчу нахана? Цу хаттарна жоп дукха сингаттаме ло Кутаев Руслана.
Кутаев Руслан: «Нохчийчура Iедалан цIарах болчу бакъонашларъярхоша, царна беш болу ницкъ ... уьш бехказа бахар бен кхин беш болх бац. Цундела цунах суна хетарг иштта ду. Оьрсийчохь хIоттина хьал ду царна деш таIзар далахь а царна цхьана а кепара гIо дан йиш йоцуш. Иза иштта дуй хаа суна».
Кхин баш дегайовхо йолуш вац адвокат Алексей а. Путин Владимир Iедале веанчул тIаьхьа Оьрсийчохь дерриг а гал даьлла бохуш, дуьйцу цо.
Адвокат Алексей: «Хьул а ца деш, эр ду аса. Путин веачхьана дерриг а керчина. Хьалха, Ельцин волуш, хIора шарахь 12 эзар хиллал стагана къинхетам бора. Путин волчу кху 10 шарахь цхьана а стагах къинхетам бина бац. Хенал хьалха араволуьйту ситема аьттехьа а йоцуш ю. Суьдех лаьцна дуьйцур дац вай. Суьдаш вайн йоцуш ю».
Нохчийчохь тIом баьлча, цу тIаме арабевлла нах тайп-тайпана бара. Царах цхьаболчарна тахана Оьрсийчоьнан Iедалшца барт карийна. Амма царца цхьаьна арабевлла хилла болу цхьаболу нах Оьрсийчурча набахтешкахь хенаш токхуш бу. Нислуш ду, массера а метта бехк токхуш берш уьш болуш санна. Ткъа цхьа а вуй цу нехан ойла еш?
Кутаев Руслан: «Оцу нехан хьелаш хаьа суна. Нах хьийзийна а, зударий хьийзийна а, бераш дайина а, цхьацца цу тайпана зуламаш дина болу нах бу нохчашна юкъахь. Уьш чубоьхкина бу. Уьш нийса чубоьхкина бу.
Амма Нохчийчохь лийцина чубоьхкинчарах, дуй баа хIуттар волуш 100 стагана юкъахь 80 процент чубоьхкина бу уггаре а доьналла долу, уггаре а къонахий болу кIентий. Мичахь бу ца хууш, байна а дукха бу.
Аса цхьа масал далор ду. Къайлах набахтеш ю кхера. Сан деден да Кута хилла. Вайн историн Iилманчо Хожаев Далхана дийцира соьга иза. Обарг хилла а ву иза, князь Андронников вийнарг а ву иза. ГIизлар-гIалара банк хьуш дакъа лаьцна а ву иза.
И Кута вайна хилла, мича вахана а ца хууш. И еха истори ю, иза юьйцур яц аса. Чечен-гIайре тIера набахте гучуяьккхинарг Кута ву, цигара вада а ведда. Иза йолу меттиг хууш ца хиллера. Иштта набахтеш ю церан, ФСБ-на а, кхечу лерринчу сервисашна а бен юй а ца хууш. Со тешна ву, дуккха а нохчий чохь бохкуш а бу, дуккха а нохчашна тIехь еш къизаллаш а ю аьлла.
Путин дIа а ваьккхина, цуьнан метта Iедале бахка ойла йолуш болу нах суна бевзаш бу. Цара дуьйцу, хIара Iедал хийцалахь, шаьш и хIума меттах а доккхур ду бохуш. Бехк а боцучу нахчашна дина долу таIзар меттахIоттор ду шаьш баха-м боху цара.
Уьш дарже кхаьчначул тIаьхьа хуур ду царгахь дерг хIун ду. Къезиг бу тахана оцу тутмакхийн бала болуш а, царах дог лозуш а. Зайнап ю Межидова. Де а доцуш, буьйса а йоцуш, шен ерриг кепек а юхкуш, цу нахана шега далург деш араяьлла лелаш ю иза. Дела реза хила цунна! Иштта баланаш ба-м бу вайн.
Делахь а тахана суна схьагуш, цхьа зил а тоьхна меттиг яц. Кхуза кхаьчча хлкхунна тIекхочур вара, кхуза кхачча цхьа йист ера яра аьлла, суна гуш хIума дац. Делахь а, Дала ма-дарра хир ду-кх иза. Дала карча ма-дарра хир ду-кх иза».
Маршо Радионца Сибрехара цхьана набахтера зIене ваьлла хиллачу Iимранан кхин а 10 шо дисина аьчка заIарна тIехьа даккха. Ша хьалхарчу тIамтIехь хилла, ша лелийначун дохко а ца ваьлла ша бохуш, вара иза.Шен дог-ойланах лаьцна иштта элира цо, шен къамел дерзош.
Тутмакх Iимран: «Дикане сатуьйсуш, Делан дуьхьа, олий ойла йо, кхана иштта цхьа хаза кхаъ хир бу-кх олий. Тхайн са а туьйсуш, тхайн доIа а деш ламаз тIехь, дIа Iаш ду-кх тхо».
Вайн нах даиман а хилла нийсоне гIерташ. Харц цIе а кхоьллина, боцу бехк тIе а теттина, шалхонаш лелийна Iазапехь бохкуш нах а болуш, бIаьргаш а хьаббина Iан йиш яц вай бохуш, вара Кутаев Руслан. Изза аьлла хеташ бара кхин болу, оха вайнехан тутмакхех лаьцна къамелаш дина болу, нах а.