Европера нах а, Iамеркахой а хIаллакбаре кхойкхуш ву нохчашка Шемара рогIера Шишани

Шема -- Абу-Юсуф Шишани (Musa Abu-Yusuf Shishani), ShanTuday сайтан тIера видеон сурт.

Шемахь Кобани гIалахь тIемаш бечу «Исламан пачхьалкх» олучу тобанера нохчийн тIемалоша кхайкхам бина Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчашка я шайх дIакхета, я терроран тIелетарш де Европехь аьлла. Цунах лаьцна материал кечйина Маршо Радион авторо Паращук Джоаннас.

Кху беттан 26-чу дийнахь «Ал-Аксан биргада» (Katibat Al-Aqsa) тобанна гIортор ечу ShamToday олучу сайто зорбане яьккхинчу видео тIехь къамел деш ву нохчийн тIемалойн хьалханча ву ша бохуш волу Муса Абу-Юсуф Шишани (Musa Abu-Yusuf Shishani) цIе йолу стаг. Цо кхайкхамаш бо нохчашка «Исламан пачхьалкх» тобанах дIакхета бохуш.

Видео тIехь Муса Абу-Юсуф лаьтташ ву ягийначу машенна уллехь. Ша Кобанехь ву боху цо. Муса Абу-Юсуфа чIагIдарехь, Исламан пачхьалкх тобанна юкъара тIемалой курдех летта ца Iаш, дерриг а дуьненца тIом беш бу, цIеххьана курдашна тIехIоьттина долчу. Цо Европерчу нохчашка кхайкхам бо Шема ца дахка бахьанаш ма леха, шун декхар ду кхузе а даьхкина тIом бан бохуш.

Цигахь маьрша нах бац боху Муса Абу-Юсуфа. "Байа уьш массанхьа а Европехь. Ве цхьа француз, ве цхьа Iамеркахо, тIаккха уьш гIовттур бу. Байа уьш шаьш бехачу меттигашкахь. Европехь", - бохуш кхайкхамаш беш ву иза.

Европехь йоккха нохчийн диаспора ю. Цигахь бехаш бу Нохчийчура ши тIом бахьана долуш мухIажираш бевлла нах. Jamestown Foundation тобано ларарца 30 000 нохчо ву Францехь, 25 000 ву Австрехь, 17000 ву Бельгехь.

((http://www.jamestown.org/programs/nc/single/?tx_ttnews%5Btt_news%5D=40559&tx_ttnews%5BbackPid%5D=687&no_cache=I)

Цул сов дуккха нохчий бу бехаш Туркойчохь а.

Муса Абу-Юсуфа ша Аль-Аксан Катибат ("Аль-Аксан биргада") олучу тобанера ву боху. Цу тобанна юкъахь бу дуккха а нохчий а, Оьрсийчохь дехачу кхечу къаьмнийн векалш а.

ДIадаханчу кIиранах Маршо Радионо тоьшаллаш далийра «Ал-Аксан биргада» (Katibat Al-Aqsa) Кобанехь хиларх лаьцна.

(http://www.rferl.org/content/islamic-state-chechens-umar-shishani-kobani/2664645I.html)

Цу тобанца йоьзначу сайташа Кобанера сурташ даржийна интернетехь. Даханчу кIиранах зорбане даькхинчу цхьана суртана тIехула яздина ду «курдийн халкъана вовза веза хIара стаг, дуккха а бераш байлахь дитина кху стага, дуккха а нехан зударий байина кхо» аьлла.