2014-чу шарахь 20 шо кхечира Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса Нохчийчу шайн эскарш хьовсийна. Цу тIеман Iалашо яра Нохчийчохь «конституцин къепе юхаметтахIоттор».
Ма-дарра аьлча, Ельцинна а, цуьнан гонна а луург дара Нохчийн Республикан президент Дудаев ЖовхIар воха а вина, цуьнан метта Соьлж-ГIалахь тайнаган Iедал хоттор.
Цу хенахь цу Iалашоне ца кхечира Оьрсийчоьнан куьйгалхой. Шина шаранна бахбелла тIом бирзира Хасавюртахь барт а беш. Мелла а Iалашоне кхечира Кремл 1999-чу шарахь болийначу ШолагIчу тIамехь. Карарчу хенахь Нохчийчоь кхоччуш шен олалле эцна лоруш ю Оьрсийчоьно.
Делахь а 2014-гIа чекхдолуш ГIуран-беттан 4-чу дийнахь Соьлж-ГIалана тIелатар дича, дуккха а наха хеттара юха а жигаралла гайта буьйлабелла-те герз а карахь къайлах лелачу Iедалшна дуьхьал йолчу тобанийн декъхашхой аьлла. И хаттар цкъачунна жоп доцуш дуьсуш ду.
Ткъан хIун Iалашо хилла цу нехан? Чабаев Лемас теллира и хаттар.
Чабаев Лема: "Соьлж-ГIалахь хиллачух жамI деш, къастамбан хала ду. Стенна, хIун Iалашо йолуш чубаьхкина хилла гIаттамхой? Церан ду бохучу аьзнашка ладоьгIча, Кадыровс Iедало бусулбанаш, аьлча а, дин шайна ма-гарра лелон гIерта мажош лелаен кегий нах а, хьиджабашкахь лела мехкарий а хьийзош хилар ца лайна, беккъа дIа бекхам а бина, бала баьхкина нисло уьш.
ТIаккха хаттар хIоттало ларамза: стенна яц гIаттамхойн, цхьана декъанна аьлча, нохчийн гIаттамхойн, я тактика а, я стратеги а, кхачийна-те хьалха Оьрсийчоьнан эскаршца тIемаш боьлхучу хенахь, Iалашонаш кIоргга а хIиттош, уьш кхочушъян шайн ницкъаш арабохуш хилла баьччанаш?
Деккъа дIа, шайца шаьш мунафикъаш олучу Кадыров Рамзанан гонерчу нехан синош а хьош, балар бен ца дисина-те гIаттамхойн?
Хьалха халкъана кхетош хуьлура шаьш бечу тIемашкахь шайн Iалашонаш гIаттамхоша, хIинца дац гуш дехьара-сехьара Iанийна цIий бен кхин хIумма а"...
Цхьаболчу говзанчашна хетарехь, тIемалой меттахбовлар доьзна ду Имарат Кавказ тобан куьйгаллехь хиллачу хийцамашца.
2014-чу шеран Охан-бутт юккъеболуш гIаттамхоша KavkazCenter интернетан агенталлехула хаам бира Кавказ Имаратан хьалханча Умаров Докка кхалхарх а, цуьнан метта суьлийн дешна стаг Кебеков Iеласхаб хаьржина хиларх а лаьцна. Амир Iела Абу-Мухьаммад а олу цунах.
Цул 4 бутт хьалха, нохчийн тIемалойн куьйгалхоша Байтукаев Аслана а, Саидов Махрана а Умаров дIевшах велла аьлла хаам бинера. Цара дийцарехь, иза хиллера 2013-чу шеран Гезгмашин-баттахь.
Кавказан Имаратан векалша Iораяьккхина Амир Умаров Докка кхалхарх а, дIавуллуш гойтуш а йолу видео. Иза яьккхина де а, Умаров дIавуллу де а ду, цара гайтарехь, дахначу шеран гуьйренан Гезгмашин-беттан 7-гIаниг.
Гулбеллачу накъосташа, царех цхьаъ ву тIеман баьчча Саидов МахIран, Умаров дIаволлале, цуьнан дакъа а гойтуш, дуьйцу, юьстахарчу тIемалочо беъна кхача биинчул тIаьхьа велла виъ гIаттамхо шаьш хьалхо дIавоьллина, ткъа Амир царел тIаьхьа, халкъе шена кIинтIера далар а доьхуш, дIавелира, бохуш
Интернетехь гучуяьллачу видеонна тIехь Кебековс дийцира шена муха го Iедалшца къийсам дIабахьар. Цо юьхьарлаьцнарг ду Къилбаседа Кавказерчу бусулба наха джихад дан деза оьрсийн Iазапхошна дуьхьал бохург. Имаратан керлачу куьйгалхочо кхайкхам бира къайлаха идеологин болх баре. Цо ша дуьхьал ву элира Iожалхоша, шаьш а лоьлхуьйтуш, тIелетарш дарна, къаьсттина зударша.
2014-чу шарахь жимма лахделира Къилбаседа Кавказехь тIеман хиламашкахь байинчу нехан терахь. Нагахь 2013-чу шарахь шина а агIор байинарш 529 стаг хиллехь, стохка церан терахь дара 325 стаг. Кхеташ ду, территори йоккха хиларна а, тIеман тобанаш алсам хиларна а цу нахах ах сов Дагестанехь байина хилар.
Нохчийчоьнан куьгйлхочо 2014-чу шарахь кхин а чIагIйира ша республикехь дIахьош йолу политика. Цо тIаьхьа ца тоьттуш чекхдоккху жимма а шен Iедална реза вацар гайтинчу нахаца доьзнарг. Царах вара, масала, нохчийн юкъараллан жигархо Кутаев Руслан. Соьлж-ГIалахь нохчийн къам махках даьккхина 70 шо кхачарна хьажийна Iилманан конференци дIаьяхьна дукхаханялале Кутаев 4 шо хан а тоьхна чувоьллира Хьалха-МартантIерчу суьдо. Цунна бехке диллинарг дара наркотикаш лелор.
ДIадаханчу шарахь гуттар а чIогIа Украинех дIакъаста гIертачу Донецкана тIехIоьттинера Кадыров Рамзан. Цо цавашарца хьехадора хIоразза а Украинин Iедалш. Кадыровс бакъдеш дацахь а, хаамийн гIирсашна дуккха а тоьшаллаш карийна Нохчийчура тайп-тайпана ницкъаллин структурашкара нах Украинехь сператисташна гIортор еш тIемашкахь хиаларан.
2014-чу шарахь пачхьалкхал арахьа вуно чIогIа жигара бевллера Оьрсийчоьнан пропагандийн гIирсаш. Нагахь пачхьалкхан чоьхьа Кремло ницкъаца шега лодогIуьйтуш хиллехь, махкал арахьа цо шена хьалха Iалашо хIоттийнера адамаш кхерон.
Гойтуш ю Одесса. Лор ву оьрсийн демонстранташ къелхьарбаха гIерташ цу гIаларчу профсоюзийн цIачура 40 стаг ле.
«Сой лор хиларе терра, сихха цхьана стагана гIо дан тIеведира со. Иза кIелхьара ваккхалур волуш вара. ГIо дан ведира со. Амма со сацийра Украинехьа болчу радикалаш-нацисташ», - бохуш яздо цхьаммо шен Facebook йолчу агIон тIехь, украинахой сийсаз беш. Цу йозанах байракх йо Оьрсийчурча юкъараллин жигархоша а, зорбанан гIирсаша а, президент Янукович Виктор даржера воха а вина Iедале деана керла Украинин Iедал муха ду гойтуш.
«Цхьаммо кIоршаме теттина дIавахийтира со, кестта суна а, кхечу жуьгташна а шаьш дан деззарг дийр ду аьлла», - бохуш яздо цу стага-лоьро.
Дера-милла а оьгIазвохуьйтур волуш ма-ду цу стага дуьйцург. Амма кхузахь цхьа хIума ду. Уьш берриш а пуьтуш бу. «Одессера доктор» ван а вац. И истори зорбане яьккхинчу стага пайда эцна Одессина 2000 километр генахь Оьрсийчохь Кхарачой-Чергазойчохь вехачу цергийн лоьран суртах.
( http://www.rferl.org/content/guardian-op-ed-quotes-cryptic-odesa-doctor-seen-as-hoax/25385076.html )
Пуьтуш гучубаьлча Фейсбукера и агIо гучура дIаяьккхира авторо. Амма цуьнга хьажна доцуш иза шуьйра яьржинера интернетехь. Цул сов, и истори яьржира Малхбузерчу зорбанан гIирсашкахь. Шен материалехь иза ялийра Гардиан газетерчу журналисто Пилгер Джона.
http://www.theguardian.com/commentisfree/20I4/may/I3/ukraine-us-war-russia-john-pilger?CMP=twt_gu
Кремло ахча луш болу зорбанан гIирсаш глобалан кепара болх бан буьйлабелира 2014-чу шарахь. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан телевизионаш емал йора Малхбузе Оьрсийчоь цIена, хаза, дика, кхиаме хиларна цунна иза бекхам бан гIерташ йолуш санна. Малхбузе гойтуш яра цхьа эхь а, иамн а, яхь а йоцу адамаш деха меттиг санна. Амма уггаре а цаьрга лалуш доцург дара Оьрсийчоьно шен олаллехь хетачу пачхьалкхашна Малхбузе Iаткъам бан гIерташ ю бохург.
Москохо Рашша Тудей телекомпани шорйина ца Iаш, керла хаамин агенталла кхоьллира, цхьаболчара дуьйцуш ма-хиллара, керла информацин тIом боло.
Цундела хууш дац, Одессера доктор интернетера бозбунчулла ду, я Оьрсийчоьнан Iедалша ахча а делла охьаховшийначу наха бина болх бу иза.
http://www.buzzfeed.com/maxseddon/documents-show-how-russias-troll-army-hit-america ).
Амма, гарехь, бала а боцуш инернетера эладиттанаш дуьйцуш болчу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан зрбанан гIирсашна башхалла а дац, и путьташ кечбинарг милла хилча а.
Нохчийчура хьал а, нохчийн кхоллам а тидаме эцча, 2014-чу шарахь дуьненехь а, Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а хилла хиламаш билгалбохуш ву политкан эксперт, историк Вачагаев Майрбек.
Вачагаев Майрбек:
Your browser doesn’t support HTML5
Иштта бара дIадаханчу шарахь хилла цхьаболу бIаьрла хиламаш.