2012 шо чекхдолуш оха къамеле кхайкхира Нохчийчохь хьовха, ерриг а Советан пачхьалкхехь вевзаш хилла волу актер Омаев Дагун а, шен бералла Сибрех дIадаьхьна йолу 80 шаре яьлла йоккха стаг Индербиева Зараъ а, Нохчийчохь вевзаш волу поэт, яздархо Уциев Абу а.
Уггаре а шайн дахарехь шуна дагахь лаьттина шо муьлханиг дара аьлла, дара оха цаьрга делла хьалхара хаттар.
Шен хенахь нахана вуно хазахеташ а, уьш хIинца а тидамца хьоьжуш а ю Омаев Дагун коьрта турпалхо а волуш яьхна цхьамогIа кинош. Цундела далахь а, и шен кхиам хилла шо уггаре дагахь лаьттина шена бохуш, дийцира цо.
Омаев Дагун: «Со Юккъерчу Азехь кинош йохуш, жигара дакъа а лаьцна, ах шо а даьккхина, цIа веана 1972 шо хета суна, сайна иза кхиаме дара аьлла. Цхьа а бала а бацара. Доьзалца дерриг а дика дара. ЦIахь, юьртахь, дерриг а дика дара. Гергарнаш дийна бара».
«Горская новелла» кино чохь Цицо цIе йолу акха газа хуьлу Омаев Дагунан турпалхочуьнан доттагI. Иза баккъалла а ахьа караIамийна йолуш санна сурт хIутту. Бакъ дарий иза?
Омаев Дагун: «Иза соьца «ловзучу» хенахь иза ловзуш яц. Корта ма туху цо. ХьалагIоттий бен ца туху цо иза. Цундела хьалагIуьттуш ю иза, суна корта тоха. Ткъа со дIакхоссалора, ловзуш сой волуш санна».
ШолгIа хаттар дара оха Омаев Дагуне делларг, даханчу шарахь хиллачух хIу латто луур дара хьуна хьайн дагахь аьлла. Цунах лаьцна доцца элира Дагуна.
Омаев Дагун: «Кху шара могашалла дика йоцуш вара со. Кху дIадаханчу шарахь кхиамца операци йина суна дегана. Аштаркхнехь операци йина. ХIинца вуно дика ву со».
Дуккха а Нохчийчура бахархошна санна, цкъа а дицлур доцуш деара 1994-чу шеран ГIуран-беттан 31 де Омаев Дагунна а. Президентан цIанна уллехь долчу тIекъелдинчу цIенош чохь яра иза шен хIусамца веха петар. Иза, чим а хилла, егира цу дийнахь. Омаев Дагуна дагалуьйцу.
Омаев Дагун: «Дукхах болчара шайн догIанаш соьга схьаделлера. ЦIе елира хIусамах. Сан библиотека цу чохь яра. Араяккха аьтто боцуш йисинера иза цигахь. Во хьал дара цу хенахь. Лаккхарчу Кхеташонан депутат волуш зорба тухуш йолу книгаш оьцуш вара со.
Кхоам хета суна цу библиотеках, иштта кхоам хета сайн хиллачу чIерий луьцучу гIирсах а. Цул сов, сайх лаьцна яздина хилла газеташ а, журналаш а, кхин дерг а дайра сан».
ХIора стеган дахарехь цхьа мукъам, цхьа илли, цхьа эшар хилла хир ю, цо дог реза хиларца дагалуьйцуш. Цу хьокъехь дара оха Омаев Дагуне делла кхоалгIа хаттар. Даиман а ша ладугIурш Магомедов Султанан иллеш дара бохуш, дуьйцу Омаев Дагуна.
Омаев Дагун: «Суна чIогIа хазахетар Магомедов Султана лоькхуш долу иллеш. Ас кино йоккхуш дакъалаца воьдуш, сайн дог ир-карахIотто сайца хьора Магомедов Султанан иллеш».
Индербиева Зараъ Соьлж-ГIалахь ехаш ю. Бераллин шераш Сибрех даьхна цо, кхечу шен нийсархоша санна. И бахьана долуш делахь а, шен дахарехь самукъадала меттигаш къезиг яра бохуш, дуьйцу цо.
Индербиева Зараъ: «Диина дуьне дац аса, сайх лаьцна дийцича. Со дуьненчу а ялале да тIамтIе вигинчохь вайна сан. Сайн 6 шо долуш нана елла сан. Кхо класс Семипалатинскехь яьккхина аса.
"Елка" яра аьлла цхьана а синкъераме тхо дигна-м дац. Оьрсийн мотт лелабора оха школехь. Амма тахана аса лелош берг нохчийн мотт бу. Iама а Iемина-кх суна нохчийн мотт».
Даханчу шарахь шен дахарехь хиллачух лаьцна а элира Соьлж-ГIалара йоккхачу стага Индербиева Зараъа.
Индербиева Зараъ: «Даханчу шарахь сайн дахарехь хIун хийцамаш хилла ца хаа суна. ХIара бу аьлла хилла хийцам бац сан. ХIинца кегийнаш а бац баш могашалла йолуш, сан могашалла а ю Дала схьаелларг».
Дуккха а вайнехан баккхийн зударий санна гIийла дуьне диинчу Индербиева Зараъа шен дагах кхеттарг дара «Дала ма лайла вай, кIентий» цIе йолу Дидигов Билу-Хьаьжас олуш хилла илли бохуш, дуьйцу.
Цуьнан дешанийн автор ву Яралиев Юсуп. Ткъа ша Дидигов Билу-Хьаьжа бакъдуьнене дIавахана бохуш, яра Индербиева Зараъ. Цуьнан иллега ладугIуш йоьлхуш Iийра ша Нохчийчохь тIом баьлча бохуш, дагалуьйцу цо.
Индербиева Зараъ: «Оцу Билу-Хьаьжас локхуш хилларг хазахета. «Дала ма лайла вай, кIентий» бохург локхучу хенахь хIокху со хьошалгIахь йолчу доьзалан нана а, со а елхара-кх. «Дайн махкахь каш доцуш ...» бохуш, цо и йиш локхуш йилхина ю-кх тхойшиъ. Далла дуьхьал дIаяхана иза а ю, кхузахь Iаш со а ю».
Уциев Абу поэт а, яздархо а ву. Цул сов, пародиш а язъйо цо нохчийн поэташа язйинчу байташна. Уггаре а шен дахарехь ирсе деана шо 1993-шо дара бохуш, дагалуьйцу Уциев Абус.
Уциев Абу: «1993 шо. Иза Нохчийчохь тIом хилале хилла зама яра. Цу хенахь суна уллехь, тIекхача а, марзо эца а аьтто болуш, сан накъостий бара – Хатуев Iабдул-Хьамид а, Ахмаров Рамзан а, Ахмадов Iийса а, кхиберш а.
Иза уггаре а мерза хан яра. Цул тIаьхьа еанчу замано дерриг а дохийра, хIаллак а дира. ДоттагIий а дIабаха. Уьш тахана боцуш бу. Накъостий а дIасабахана бу".
Уциев Абус кху дIадоьдуш долчу шарахь шен дахарех хилачух иштта элира.
Уциев Абу: «Дахначу шарахь сан доттагIех тIаьххьара дIавахана волу Хатуев Iабдул-Хьамид редактор а волуш, кечдина стихийн кочар дара сан «Шерийн зераш» аьлла. Иза а, «Дицдина ЖовхIарш» аьлла кхин цхьа книга а зорбане елира.
Вевзаш волчу композторца Даудов Рамзанца цхьаьна зорбане даьккхира оха «Дашо латта» цIе йолу къоначийн а, бевзаш болчу авторийн туьйранаш а, дийцарш а, пъесаш а тIехь а йолуш кхин цхьа кочар а.
Кхин цхьа хIума а ду. Кху даханчу шарахь Хатуев Iабдул-Хьамидан байташ тIехь йолуш 280 агIонах лаьтташ йолу книга а кечйина аса. Иза зорбане яккхар шена тIелаьцна Хатуевн накъост хиллачу, цуьнан юьртахочо Солтахмадов Хьамида».
Поэт а , яздархо а волчу Уциев Абус иштта дуьйцу шен дегах кхеттачу иллех лаьцна.
Уциев Абу: «Сайн дахарехь суна дагахь лаьтташ долу илли иштта ду. 1999-чу шарахь Нохчийчохь боьдуш тIом болуш Москох цхьана дийнахь, сайн накъостий-журналисташ болчехь со гIайгIане хиина Iаш дийкира Хатуев Iабдул-Хьамидан дешнаш тIехь яздина долу «Бусулба сан Нохчийчоь» цIе йолу илли.
Цу чохь хиллачу оьрсаша а, кхечу къаьмнех болчу наха а, хьала а гIиттина, ладуьйгIира цуьнга. Цул тIаьхьа, суна тIе а богIий, дешнех шаьш ца кхетахь а, цуьнан авторо цу чудиллина долу са гуш ду шайна, иза ду коьртаниг, олура цара соьга. Оцу кепара декна и илли чIогIа дагах кхетта суна».
ТIаьхьо Димаев Iелас олуш долу и илли, кар-кара а оьцуш, лакха долийра Оьрсийчохь бевзаш болчу эшаршлакхархоша Юлиана а, Басков Николайс а.