Бан болх боцу нах коьртачу декъана хенах бовлуш Iедал ду махлелош. Къаьсттина иза хьакхалуш ду Къилбаседа Кавказерчу бахархойх. Советан Iедал доьхначхьана цу гIулкхо гIо деш бехаш бу Оьрсийчохь эзарнаш-эзарнаш доьзалш. Амма кхузахь доьхнарг ду и нах Iедалхошна безаш цахилар. Цундела сих-сиха дехкарш до Iедалша, цу нахана шайн болх бан новкъарло еш.
Амма уггара Iедалхошна сурт талхош берш бу некъашца а, урамашца а цхьацца сурсаташ духкуш болу нах. Цаьрца дIахьуш болу къийсам мал луш бац Iедалхойн мел хала зама еача а.
Дукха хан йоццуш ГIебартойн-Балкхаройчоьнан Iедалша леррина кхеташо дIаяьхьира республикан некъашкахь кхерамазалла хилийтарна хьажийна йолу. Бина болу сацам бара стаг цецвоккхур болуш. ГIебартойн-Балкхаройчохь дIасалела кхераме ца хилийта дIабаха беза некъан йистошкахь цхьацца сурсаташ духкуш болу нах аьлла, бара иза.
Меттигера бахархой дог доьхна бара и гIуллакх бахьана долуш. ХIунда аьлча дIоггара токхе дахар доцучу цу республикехь дукхах болчера кхин аьтто бац шайн доьзалшна рицкъ даккха йохк-эцар ца лелийча.
Цунна далахь а, тахана а бу и нах шайн-шайн меттигашкахь лаьтташ. Ткъа Iедалан сацамо аьтто бина цаьргара хуьскаш йохуш лелачу полицин духар доьхначу нехан. Цу кеппара хьал лаьтта Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашкахь а.
Аджиева Марианна Кхарачой-Чергазойчохь ехаш ю. Некъаца хIума юхкуш болу нах бацахьара дан амал а доцуш яра ша бохуш, дуьйцу цо.
Аджиева Марианна: «Аса сурсаташ оьцу некъаца хIума юхкучу нахера. Аса даиман а цаьргара оьцурш бу стоьмаш а, хасстоьмаш а. Жижиг а, шурех дина сурсаташ а аса цигахь ца оьцу».
Аджиева Марианнас жижиг некъаца хоьвшинчу нахера ца эцахь а, иза дац, жижиг цигахь дац бохург. Сихвелла воьдучуьнан, я балхахь-хьаттахь хьевеллачуьнан даиман а аьтто бу некъаца махбечу нахера шена оьшург эца. Ткъа некъаца болх бечу махбархойн ца деза шаьш лаьттачу меттигах ахча дала а, мах барна Iедална ял яла а.
Иштта дара тIаьххьалц Нохчийчохь а. Дуккха а нахана дага а догIуш, тIе етташ бомбанаш а йолуш цхьаъ-шиъ зуда карайора муьлххачу а кIоштIахь, цхьацца сурсаташ духкуш лаьтташ. Ткъа цхьайолчу, масала, Мескер-эвлана йистехь биъ некъ къастачохь ерг санначу меттигашкахь, цкъа а юхуш яцара некъаца йолу базар.
Иза чIогIа мехала а дара тIом бахьана долуш кхерчах бевллачу пекъаршна а, цу тIаманна юкъаозийна болчу нахана а. Цу зударшна хIотто богIу сийлахь хIоллам хIинца а хIоттоза бу Нохчийчохь.
Ткъа зама хийцаелла Нохчийчохь а. Кхо-диъ шо хьалха, жигарчу боларца Нохчийчоь юхаметтахIотторан белхаш доьлхуш, цу кхахьарна юкъабахара кегийра махбархой. Уьш шайн мисси кхочуш йина боьвллачух тера ду.
Тахана, некъаца яьшкан тIе хIуманаш а ехкаина, махбеш нах карор бац Нохчийчохь бохуш, дуьйцу тIаьххьалц йохк-эцар лелийначу Дагмарас.
Дагмара: «Хьалха-м хилара. Дан хIума ма-дацарий неха. ХIинца санна яьржина туьканаш а, базарш а яцара. Мичча а, охьа а ховший, шайн хIума йохкара, шайна рицкъ даккха олий. ХIинца иза дIадаьлла. ХIинца некъан йистошка хоьвшина нах бан а бац, я уьш цига хоьвшина бита а ца буьту».
Ткъа аьтто буй-те базарахь меттиг каро? Оьшучунна хецна йолуш юй уьш?
Дагмарас дуьйцу.
Дагмара: «Меттигаш шортта йолуш ю. Амма ара, хьайна лууче охьа а хиина, хIума-м ца йохкуьйту. Ял яла а деза хьан цIахь схьайоьллуш ялахь а хьайн туька. Важа туьканаш дIакъоьвлина. Кехаташ а доцуш, ял а ца луш шайна ма-луъу схьайиллина йолу туьканаш яц».
Хууш ма хиллара, кега-мерса хIуманаш йохка ара бовлурш уггара гIийла бохку нах бу. Iедалшна ял а, Iедалхошна кхаъ бала а дезча доьзална пхьор латто рицкъа сов ца долу цера. Цундела дукхах болчу кегийрачу махбархоша дитина и гIуллакх.
Уьш лаьттинчу Нохчийчурча урмашкахула керлачу дахаран дайша дIахIиттийна куьзганех лепаш йолу кхузаманахьлера туьканаш. Ткъа селхана жижиг доттуш зударий лаьттинчу меттигашкахь ирх яхана чиркашца йогуш йолу ресторанаш.
Нохчийчурча Iедалша бинчу хаамца, стохка республикехь болх беш вара 45 эзар 300 сов шен долахь гIуллакх долу стаг. Царах дукхах берш бу йохк-эцар лелош.
Амма церан болх аттачех бац. Охан-бутт болалуш республикехь кхоьллинчу лерринчу комиссино дIачIегIира бIаьннаш туьканаш а, кафеш а, кхин йолу хIумакхоллу меттигаш а.
Юха а болх бан буьйлабала церан долахой декхарелахь бара комиссин декъашхошна карийна долу кхачамбацарш дIадаха. Амма Кавказский узел олучу интернет агенталло дийцарехь, Нохчийчурча махбархоша латкъамаш бора и гIуллакх шайгара кхаьанаш дахар Iалашонца долийна ду бохуш.
Хаьттича, цхьа а хир вац йохка-эцарехь низам хIотторна дуьхьала. Амма хIинца а тIеман Iовжамах боьвлла боцучу мискачу нахана цу кепара дехкарш дар ондда тохар ду.
Цундела кхузахь цхьа хIума дага догIу.. Махкахь 30-40 процент бахархой, бан болх а боцуш, хене бовлуш хилча, некъаца хIума йоьхкина а, цхьанна а зуламе ца бовлуш, шайн доьзалш кхаба гIерташ болу нах, баркалла а бохуш, бита а мегар дара, муьлххачу а халонаш Iоьвшинчу меттехь иза деш ма-хиллара.