Хьайбах – къеггина билгало ю ШолгIа Дуьненан ТIом боьдучу 1944-чу шарахь вайнахана тIебоьссина хиллачу бохамна. Берия Лаврентийн омарца, ломара охьа а биссийна, цIера бохучарах дIатухуш хьелур бу аьлла, Хьайбахехь божална чохь 700 сов стаг вагийнера НКВД-н белхахоша. Цу адамаллина дуьхьал динчу зуламах лаьцна деккъа цхьа жайна ду зорба тоьхнарг. Цуьнан авторех цхьаъ ву Гаев Саламат.
Хьайбах -- и дош, мьулххачу нохчочунна хилла ца Iаш, цхьа жимма а адамалла шеца йолчу стагана, лазаме дош ду. Иза, ерзаза чов ю. Цуо сахьийзадо хIинца а. Иза дицдалийта гIерта, хIума хилла дац бохуш. Иза хилла а ду, цунна шорта тоьшаллаш а ду. Нохчийн къоман бух лоручу Нашхарчу Хьайбахехь хилларг юха а карладоккхуш, Маршо радиога дийцира «Хьайбах. Таллам дIабоьдуш бу» цIе йолчу жайнин авторх цхьаъ волчу Гаев Саламата.
Гаев Саламат: «Хьайбах, оцу Нашхахь йолчу ялх юьртах, йоккха хилла ю. 50 керт а йолуш, хIора кертахь 8-10 доьзалхо а волуш хилла иза. Массеран чохь шишша салти хилла. Iуьйранна ялх сахьт ма даьллинехь, тIе герз а лаьцна, нах арабаьхна цара. ТIедогIуш луо а долуш, зударий а, бераш а когаш берзина, арадаьхнера цара. Майданехь дей-буьйсий даккхийтина царга. ТIаккха, зударий а, бераш а доьлхуш хезаш дара бохура, буожарша деш зуькар а дара бохура. Цаьрга геннара чу хьоьжуш, лаьтташ дукха нах хилла, дIа а левчкъина. Тхан чуьра 14 стаг вагийна цигахь, биснарш новкъахь белла. ГелагаевгIара бохуш Роьшни-чуьра бу уьш, церан 39 стаг вагийна цигахь. Дудийн Мусийн Джовхаран ненан нана а ягийна цигахь, ненан ши шича а вагийна Дудаев Джохаран»
Радио Маршо: Хьайбахехь динарг 1980 шераш чекхадовлалц дийцар дихкина хилла. Иза ларамаза айдинера инарло Кашурко Степана, хIета хиллачу тIеман декъашхойн гIуллакх къастош хилла волчу.
Гаев Саламат: « ХIара (цхьа журнал дIа а луьстуш) Хьайбахехь нах багийна волу Гвишиани ву. Тамашийна дерг хIун ду? Хьажал, Газуев Бексолта, Газуев ГIезамахьма, дай кIанттий ву. Оцу ден итт кIанттий, итт йоIIий хилла. Воккхах верг, Бексолта 22 шо долу, тIаме вахана шен лаамца. Шен кIант цига вахча, да тIаьхьа воьду цунна, шен говрахь, шен гIирсаца. Украинехь Деснахь Зазадоккху баттахь 8 дийнахь да кхелха, оцу баттахь 12 дийнахь, 1943 шарахь и кIант а воь цигахь. Кхеран цIахь йисина йолу наний, виъ ваший, пхи йиший Хьайбахехь багабо-кх. Итт стаг вагарво церан чуьра. ХIара шиъ турпалхорй санна велла ву. Цуьнан дIегIаца хи чекх ца долу тIоьрмиг а карабой, чохь карийна цIе - Къилбаседа Кавказехь йолу Хьайбах лоху инарло Кашурко Степана. Партин Обкоме Докка (Завгаев) волче кхочу иза. Вукхуо Хьайбах яц олу цуьнга. МВДехь (Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллехь) а, КГБехь (Пачхьалкхан Кхерамазаллин Комитетехь) а олу изза. ТIаккха, занкъ олий, ван а вогIий, беркеманца кхуза охьа хуу иза. Цу меттехь тIехьаьвдда долу и бераш, кхин охьа ца догIуш, итт минотехь оцу Хьайбахе воьду иза. Цигахь цара акт хIоттийна, хIума дира».
Радио Маршо: Нохчий буохочу хенахь республикан юстицийн министран гIовс хилла волу Мальсагов Зияуддина хьалха багийна, божална чу боьхкина болу нах. Хилларг шен бIаьргаш хьалхара дIа ца долуш, Казахстанехь Хрущев Никитина тIекхаьчна хилла иза, и гIуллакх а эцна. Иза цхьаъ хилла ца Iийна, нах багош теш. Оцу наха дийцинарг бухе а дуьллуш яздина ша, Хьайбахех лаьцна долу и жайна, бохуш кхин дIа а дуьйцу Гаев Саламата.
Гаев Саламат: «Хьайбахехь хилларг а, кханалера Къематде а цхьа терра хIума ду. ТIаккха, кхо де даьллачул тIаььхьа, цига тIе а дахана, хьаьвсира шаьш, бохуш дийцира Ампукаев Сайд-Хьасана а, Гамаргаев Ахьмада а, тхан ден вашас Гаев Жандара а, Гаев Ясос а, Гаев Джанхота а, Пийсанов Ахьмада а, Эльжуркаев Рукъмана а. Шаьш вовшахкхеттарг вара боху 25 стаг. Кхаа дийнахь шина бусий хийца а луш, и болх ца балуш, са ца даккхалуш, Iаламат чIогIа хала дара бохура цара. ПетIе цIе йолчу 18 шо долчу цхьана йоьIан корта бара бохура, тIера цхьа чо а марцаза. И корта дIа а хIоттийна, шайн дог гIелдала дуоладелча, цуьнга а хьоьжуш, иштта болх бира шаьш, бохура цара. Гуонаха салтий богIу, я ца богIу хьажа, нах а хIиттийна хилла цара. Маситта дийнахь оцу чIожехь даьгначу жижгийн хьожа дIа ца елира, бохуш дуьйцура цара. Кхечу къоме лалур дара аьлла ца хета суна иза».
Радио Маршо: Хьайбахехь хилларг хьовха, нохчийн къам дуохочу шарахь цхьана дийнахь дийца а ца дийцина, юха кхин цхьа шо даллалц, дицдой латтадо иза. Историк волчу Нашхоев Мурадана хетарехь и санна дерг гуттар а дуьйцууш хила дезаш ду, кхин дIа йолчу ханна ца хилийта.
Нашхоев Мурад: «Советан Iедал дуй, коммунистийн партии юй, уьш цIанбан гIерта тахана. Харцонах бакъдерг а дина лелаш ду Iедал. Цундела, Хьайбах а ца хилла, важа а ца хилла, олу. Хилла. Вай арадаьхначул тIаьхьа Чиллан беттан 24-чу дийнахь Шелахь дIахоттийнера мунда «Сий ду, нохчийн зуламхошца къийсам латточу эскархошна» аьлла. Иза аса йиллина ма яц. Оцу бухе дехкина а дара чурташ. Хьалха-Мартан тIехь а 1956 шарахь, изза мунда хилла дIахоттийна. Вайн хьаькамаша вай берийн бераш Iехош ду. Дукха хан яц, берашка хаттар делира «Вай мац арадаьхна?» аьлла. Цхьаммо боху Гезгмашин баттахь 1940 шарахь, вукхо боху ГIуран баттахь 1941 шарахь. Эхь дац иза? Хьан а, сан а, Iилманчийн а бу бехк».
Радио Маршо: Кханалерачу, тIекхуьучу чкъуран дуьхьа, нохчийн къам дуохадар а, Хьайбахехь 700 сов стаг вагор а дицдан мегар дара, олу цхьаболчу наха. Амма, мел гIертарх иза далур дац, жимма а, нохчочуьн дог-ойла шеца йолчу стаге.