Керла дац, амма тахана гуттар а чIогIа даьржина хIума ду Кавказехь куьйгалхой а, церан доьзалш а базбеш жайнаш арахоьцуш, иллеш-эшарш лоькхуш а. Кхолларалле даьккхича, цхьа а, тIаьхьало хир йоцу и исбаьхьалла билгалъйоккху, шаьш, Iедалан мукъ карахь болчара. Цара деза а, даккхий а совгIаташ ло цу тайпа яздархошна а, эстрадин векалшна а.
Иштта, артисташ гIуллакх деш бу криминалан авторитеташна а, олигархашна а.
ХIун бахьана ду и тайпа кхолларалла тахана ехаш хиларан, иза яржаран? Хьанна оьшу иштта кхолларалла?
Далдаев Шамхан:
Ма хазахета суна вай цхьанакхетар
Муха ду дахар, тхан ламанхо?
Тахана хьо волче веана со.
Майра а ву хьо, са онда а ду хьан
Хьох теша хьан нана а.
Шен кIантах воккхавеван веза Ахьмат-хьаьжа а.
Суна хаьа, хьо Нохчийчоьнан кIант ву!
Маршо радио: Дуьххьара Нохчийчоьнан куьйгалхочунна йиш лекхначех вара Далдаев Шамхан. ТIамо йохийначу республикехь ахча дала меттиг яцара. Амма, шен дагахь хьекъале гIулч яьккхинера цо, ахчанаш карахь долчу Iедалхочунна и йиш а лекхна.
Цул тIаьхьа, бертиг яьстинчу галин чура санна, Iана яхара, республикин куьйгалхочуьнна яьхна эшарш.
Де-буьйса а, садаIар а доцуш, ша-ша тIаьхьависарна а кхоьруш, иллеш даха буьйлабелира нохчийн артисташ. И тайпа жанр кхолла хала ца хиларал совнаха, кIоргера говзаллаш хьашт яц. Оцу иллешкара дешнаш ша дерш вовшахтоьхча, нохчийн маттера халла, цхьа бIаь дош гулдала там бу.
Бакъдерг ала деза, Кадыров Рамзанна шена а товш яцара нохчийн эстрада. Нохчийн эстрадин проблемаш а, уьш къасторан некъаш а дийцаре динера даханчу шеран Гуран баттахь. Цигахь вистхиллачу республикин куьйгалхочо элира, "сихха гIарабовла луучу иллиалархойн кхолларалла нохчийн къоман гIиллакхашца йогIуш яц. ХIора а могIа, шеца кIорггера маьIна хила дезаш бу» аьллера цо. "Бевза-безачарга а, Даймахке а, акхарошка мукъа а болчу безамах ца локхуш, баккхийчу нехан вовше болчу безамах лаьцна ю ша йолу эшарш".
Гуламан жамI деш цо Културан министраллина тIедиллира дешнийн авторийн а, иллиалархойн а репертуарана анализ ян говзанчийн кхеташо кхоллар.
Кхузахь гал мила ваьлла хаац. Министралла нийса ца кхетта я шаьш, артисташ бу бехке. Уьш, массо а, цIаьххьаша, шайн Кадыровга а, цуьнан доьзале а болчу безамах лаьцна эшарш лекха буьйлабелира. Цкъацца цуьнга шега дешнаш а олуьйтуш. Кадыров Рамзанна дена лерина а локху. Цуьнан нанна Айманина а локху. Кхин а дуккха а ю уьш. Аса программехь лелийнарш, интернетехь карийнарш ю.
Шена, Рамзанна муха хета оцу тайпа кхолларалла аьлла, Маршо радионо телефон туьйхира цуьнан зорбан-секретаре Керимов Iаьлвига. «Шена оцу тайпа эшарш хезна а яц» элира Керимовс.
МогIарерчу нохчийн хIун ойла ю цу хьокъехь? Генахь Iачу нохчийн хIора а хIусамехь ду цIера деана аудио я видео диск. Делахь а, дукхах болчара шаьш хIинцалерчу нохчийн эстраде ла ца дугIу элира.
Фатима: Дукха хьолахь аса ладугIуш йолу нохчийн эшарш вайн Даймахках лаьцнарш ю, хьалхалера иллеш ду. Бакъдерг дийцича керла эшарш суна ца евза. Аса я ла а ца дугIу цаьрга.
Маршо радио: Дукха хенахь дуьйна Европехь ехаш ю Мадина. Хьалхалерчу иллиалархошка ладугIу шаьш, бохуш дийцира цо Маршо радиога.
Мадина: Дагаев Валидан иллешкий, Димаев Iелин хьалха хиллачу иллешкий ладугIу аса. Димаев вешин Iамарбекан иллеш а хазахета суна. Дукха дацахь а, атта кара-м ца до уьш. Таханлерчу эстрадех цхьана агIора самукъа а ца долу, ладогIа дог ца догIу. Бакъдерг аьлча, хIара ву аьлла, эстрада ала а, схьаэца цхьа а вац. Цигахь хIинца бисна а бац (лакха хууш берш).
Маршо радио: Интернетах жигара пайда оьцучу Мадинана хезна а, ютюб чохь гина а ю, хIокху программехь вай юьйцуш йолу кхолларалла.
Мадина: Массо а, ша-ша хьалхаэккха а гIерташ, паччахь хастошший, цунна хазахетарг дуьйцушший, цуьнан нана хестош, цуьнан да хестош, цуьнан йиша хестош, цуьнан бераш хестош... лоькхуш йолу эшаршший, царна дохуш долу иллешший суна дош ца хета. Вайна хаа ма хаьий цара уьш мел даггара лоькху, стенна сатуьйсуш цара уьш лоькху а.
Маршо радио: Арахь бехачу нохчашна тахана халуо ду, ненан мотт Iамочу жайнашца. ЦIа воьд-воьдучуьнга, берашна нохчийн маттахь долу жайнаш дахьа, олуш хеза. Иштта, нохчийн маттахь йолу эшар-хIума хазийта а, цIера дискаш кхоьхьу тIехь концерташ йолу.
Мадина: ХьастагIа Туркойчу яхана яра со гергара нах болче. Церан луларчу нохчий болче даханера тхо. Кхо йоI ю церан, кегий бац уьш. Схьа мел гойтург (дискаш, кассеташ) оцу "паччахьана" яьхний, цуьнан йишина яьккхиний, вукхунна яьккхиний... оцу эшаршка ла а доьгIуш, хевшина Iаш бара уьш. Оцу нене хаьтти аса, деллахь, кхин хIума яц хьан царна ладогIа? Ахьа ца аьлча царна хуур ма дац. Иза лортIехь ду моьттур ма ду хьан берашна, аьлла. Цо боху, "деллахь, кхузара туркойн эшаршка я ингалс маттарчу, я оьрсийн эшаршка ладоьгIуьйтучул а, шена гIоли хета эли цо, вай цIера Нохчийчура эшаршка цара ладегIар. Вай ма ду уьш", аьлла.
Соьга хаьттича, уьш вайн цIера, вай нохчийн эшарш яц уьш. Нохчийн иллеш дац уьш. ХIунда аьлча, нохчий цкъа а вовше - стаго стагана иллеш лоькхуш ца лелла, зуда зудчунна эшарш лоькхуш ца лелла, иллеш яздеш ца лелла.
Цхьана хIуманах цецъяьллера со, Рамзанан йишин йоI яра Рамзанан йоIана йиш локхуш иза йина де даздеш бара уьш. Церан цIераш дага ца йогIу суна, уьш суна хаа а ца хаьа. Бакъду, цо дуьйцуш хилларг "ма хаза ю хьо, ма хьекъал долуш ю хьо, ма мерза ю хьо, ишта хаза латтийла хьо, вуьшта латтийла хьо" бохуш, цо иза дуьйцуш вуо хилера суна. Нехан наха лекхна ца Iаш, шен чуьра, шен цIийца, шен цхьана нанас йинчу йишин йоIа цуьнан йоIана юха а, цхьана хIумане сатуьйсуш лоькху. Со бакъ ца хила а там, делахь а, суна ишта аьлла хета-кх. Цхьана тайпана я култура кхиош ю, я хьажахь, хIокхуо ма хаза илли яздина, хIокхуо ма хаза эшарш локху ала, тIаьхьарчу хIокху итт шарахь ваьлла стаг вац (Нохчийчохь). Вайна гуш ду иза.
Маршо радио: Мацах цкъа, Советан заманахь, лаахь ца лаахь бераша дагахь Iамо езаш яра, Сийлахь Революци йинчу Ульянов Владимирна (Ленинна) яьхна байташ. Деза денош тIекхачарх гIайгIа хилара. Берийн хораш лекхара – сийлахь Ленин, къоман да, малх, иштта дIа кхин а дешнаш долу эшарш. Субботникаш йора цуьнан цIарах. Цунах лаьцна а, цо яздина а боху жайнаш, хIора библиотекехь хила дезаш дара. Геннарчу ломара эвлахь газ а, хи а дацара, амма, эвлан библиотекехь цуьнан томаш яра. ХIолламех лаьцна аьлча, уьш, мел дIабаьхча а, чекх ца бовлуш, наха, хир хаьдда, битина. Кхузткъе итт шарахь айина лелийна и стаг, къиза диктатор хилла хилар тIечIагIдина историно. Цунах лаьцна жайнаш арахецна яздархой хьанна дагабогIу тахана? Цу луьрчу заманахь бохка ца белла яздархой, дуьненан классикана юкъабахана.
Нохчийчура артисташ боцурш, Оьрсийчура республике баьхкинчара а лоькху Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а, цуьнан берашна а эшарш. Ур-атталла, нохчийн маттахь а цхьана. Басков Николайс, Юлиана а, аз ца хиларна Оьрсийохь цхьанххьа а ца кхойкхучу Лель Катяс, Левкина Настяс а лекхна.
Билан Димех лаьцна аьлчи, тамаша бу, хIара йиш цо ша локхуш елахь. Делахь а, балдаш детташ, хелха-м вуьйла, ша иза локхучуха.
http://www.youtube.com/embed/kDrxUsHlO8I?rel=0
Ала деза, тахана нохчийн маттахь эшарш а лоькхуш, Нохчийчоь хесточу Оьрсийчура оцу артисташа, тIемаш боьлхучу муьрана цкъа а, цу тIамна дуьхьала дош аьлла ца хилар. Карахь микрофонаш йолу нах бара уьш. Боккъалла а похIма долчу стагана цхьа а кхерам бац, муьлхха а тIом емалбан – нохчашна дуьхьала хуьл иза я папуасашна дуьхьала.
Оьрсийчурниш, Нохчийчу а больхуш, Нохчийн республикан Къоман Артистийн цIераш а, кхин йолу, шайна йогIург а эцна, дIабахнехь, Узбекистанерчу йишлакхархочунна санна цигахь виса цхьаннена а ца хиъна.
Советан режимо индустри кхион гIиртинчу, цу республикан цхьана генарчу, къечу провинцера схьаваьлла ву, Санджей олу цIе схьаэцна волу узбек.
Иза иштта вуьйцу Маршо радион узбекийн сервисан журналисто Бабаджанов Шукрата.
Бабаджанов: Цхьаннена а вевзаш вацара иза. И саннарш дуккха а бу. Оха цунах лаьцна дийццалц, Узбекистанехь иза вевзаш цхьа дА вацара. Нохчийчохь вевза хир ву иза, амма Узбекистанехь-м ца вевза. Цкъа а хезна вац иза цигахь. Узбекаш, массо а аьлча санна, эшарш локхуш ма бу.
Ишта локху цо:
Рамзан, хьо Нохчийоьнан дог ду,
Хьо тешам бу нехан,
Лом санна онда ву,
Имам санна нийса ву.
Дала ларвойла хьо, бохуш локху цо.
Тхоьца ша динчу къамелехь, Кадыров Рамзан эвлаяъ хета шена элира цо. Иза жима а ву, 33 шо ду цуьнан, иштта дIа кхин а, бохуш дийцира цо.
Маршо радио: Шен сил а дукха, къоман артистан цIе езаш вара Санджей. Амма, Узбекистанехь иза цунна лур яцара.
Бабаджанов: 2010-чу шеран Оханан баттахь дара иза, шен сил а дукха, къоман артист хила лууш вара Санджей. Оха цуьнца къамел дечу хенахь цо элира, оццул чIогIа лиънарг кхочушхилла шен. Рамзан Ахматовича шен куьйга Нохчийчоьнан къоман артистан цIе елла, бохуш.
Маршо радио: Нохчийчохь кхиаме волчу узбеке къамел деш, шаьш хаьттира боху Бабаджановс.
Бабаджанов: Билггал Нохчийчоь, Кадыров Рамзан хIунда хаьржинера ахьа? - аьлла хаьттира оха цуьнга.
Керланашка хьожуш, Нохчийчохь керла маьждиг схьадоьллуш гира шена бохуш дийцира цо тхоьга. ЧIогIа доккха маьждиг, Европехь а доккхачех долу. Иза чIогIа хазахетта хилла цунна, цо дийцарехь. Юха, вижина Iаш, гIан гинера шена боху. ГIенах, ша Нохчийчохь, оцу маьждигана уллехь гина. Оцу маьждигана дехьа агIора йоккха аре яра боху. Цу аренгахь соло-концерт луш гина цунна ша. ТIаккха, малИк деана Рамзанан аматах. Цу малика элира шега боху: "Хьан ша-дерриг а нислур ду хьуна». Стиглара тIеIенаш деши а хилла. Иштта дIа кхин а...
Iуьйранна самаваьлча, шен нене дийцира ша боху и гIан. Чай молуш Iаш хIаршиъ а долуш, нанас аьлла: "Сан кIант, Нохчийчу гIо".
Нохчийчу воьдуш, кеманна тIехь, цIерпоштана, автобусана тIехь - хаац суна - хIокхуо керла йиш язъйина. «Рамзан - Нохчийчоьнан дог», цIе йолу.
Маршо радио: Санджейна гина гIан мел бакъду, цунна шений бен ца хаьа. Амма, дийца нийса а, шега ладугIур долу стаг лаха а хиина цунна.
Бабаджанов: Цо ша дийцарехь, иза Рамзанца доттагIалла долуш ву. Цхьана шарахь соло-концерт дIаяьхьна цо Нохчийчохь. Ша йиш локхучу хенахь массо хьалагIовтту, боху цо. Белха а боьлху. Массар а олу боху: "Хьажахь, ма дика узбек ву хIара, тхан хьоме президент веза хIокхунна".
Цкъа хьалха, шех Узбекистанера хьаша - олура боху. ХIинца и саннарг цхьаммо а ца олу. "Тхан Санджей, нохчийн Санджей" олу боху.
Маршо радио: Узбекистанехь хIунда бацара Санджейн гIаравала аьттонаш?
Бабаджанов: Цхьа доза ду (кхоллараллехь). Оцу дозанна тIе ца кхачавелла иза. Узбекистанехь чIогIа йоккха ю конкуренци. Цуьнан Iалашо хIун ю аьлчи, иза цигахь ахча даккха лууш ву. Цу ахчанах Каримов Исламах лаьцна йиш язъян лууш ву иза. Оцу гIуллакхана ахча оьшу. Нохчийчохь иза даккхар гIоли хета цунна. Цхьана диктаторера даьккхинчу ахчанах кхин диктатор хестор ву цо - Каримов Ислам. Лечкъа а ца деш, цо ша дуьйцуш ду иза.
Маршо радио: Узбекистанехь, ур-атталла, ловзаре йиш лакха а ца кхайкхина волчу Санджейс лелочух башха цец ца волу узбекийн журналист. ПохIма доцчарна а деза ахча аьлла, цо дийцира.
Бабаджанов: Дукха хан йоццуш, боккъалла а хилла хIума ду хIара - консерватори чекх а яьккхина, чIогIа похIма долу, Италехь гран-при а яьккхинчу, цхьана вевзачу артисто йиш лекхнера цхьана мафиозих лаьцна - Салам Iабдувалиевх. 90-чу шерашкахь нах а, машенаш а лечкъийна ву иза. Къуйн хьалханча ву иза.
Ташкентера ву и Салам IабдуВалиев. Цунна лерина яьккхина йиш лекхнера цо. Цул тIаьхьа цуьнан карьерехь проблемаш юьйлаелира. Лицензи а дIаяьккхира. Узбекистанера ведда, Казахстане вахана иза. ХIинца керла хIума ду-кха иза, хьал долчу нахана эшарш лекхар.
Тхоьца къамел дечу хенахь эргIадъоьхуш вара иза: "Со цхьаъ хIунда хилла бехке? Басковс, Урганта, Москохара кхин а дуккха а йишлакхархоша а ма лекхна цунна эшарш. ТаIзар дан ша хIунда хаьржина?" - бохуш, эргIадъэхара иза. Дукха хан йоццуш тхуна интрвью еллера цо. Миска, велхха воллуш вара.
Суна хетарехь, ахчанца доьзна ду и хIума. Нохчийчохь, вуно дукха ахчанаш ду. Пиар - массанхьа а пиар ю. Африкехь а ю иза пиар.
Маршо радио: Бабаджанов Шукрата хьехош волу йишлакхархо IабдулIазиз Карим ву. 2005-чу шарахь къуйн авторитет волчу Абдувалиеван кIанта зуда ялийначехь леккха йиш, цо ша яьккхина хилла. Цу юкъахь ишта дешнаш дара –
Сали-ака, хIара йиш хьуна лерина ю,
Хьан дахар тхуна массарна а масала ду...
Пачхьалкхан дезчу деношкахь Узбекистанан Iедалхой а хьовсуш дIахьучу концерташка а, телевизионехь а, радиохь а гучувалар дихкина IабдулIазиз Каримана. Карарчу хенахь Казахстанерчу ресторанашкахь эшарш лоькхуш ву иза.
Пачхьалкхан концерташ ша ерзош Iедал ду Узбекийн президентан Каримов Исламан. Артисташ болчче хьала а волий, хIора йишлакхархочуьнга куьг а кховдош, баркалла олу цо. Цу гIиллакхан доккха маьIна до узбекийн йишлакхархоша.
Шайн агIора, пачхьалкхан деза денош тIекхачале цара кечамаш бо, патриотийн эшарш кечъеш. Мукъамаш тайп-тайпана хилахь а, дешнаш кIоргера лехьийна ца хуьлу. Масала, ишта:
Сирла стигал ю хьуна тIехула,
Хьекъале султан а ву хьан, Узбекистан, Узбекистан...
ХIара дешнаш, хIара дуьне санна шира ду. Кхин ду, царах моз хьанна тарло? – бохург.
(ХIара программа эфирехь хилла ГIадужу беттан 2-чу дийнахь, 2011-чу шарахь)