Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран Къилбаседа Кавказехь йолчу урхаллан кьуйгалхочо Цуканов Алексейс кхайкхам бина оьрсийн юстицин министралле, Нохчийчура а, ГIалгIайчура а Iедалх йоьзна йоцучу организациш муха дойуш ду шайна махкал арахьара луш долу ахча бохучунна таллам бе аьлла.
Цунна хетарехь, иза оьшуш ду цу вовшахтохараллашка экстремизман гIуллакхаш лелан ца дайта. Дозанал арахьара мехкашкара гранташ оьцуш йолчу организацийн векалша дIахьедарш до, шаьш кхоьруш дац цу тайпачу талламах бохуш. Цунах лаьцна Маршо Радионо къамел дира Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитетан куьйгалхочуьнца Бадалов Русланца.
20 эзар сов Iедалех йоьзна йоцу вовшахтохараллаш а, тобанаш а, юкъараллаш а ю Оьрсийчохь. Царан юкъахь дIоггара дукха яц дозанал арахьара мехкашкара гIо-накъосталла хуьлуш ерш. Царах ю Бадалов Руслана куьйгалло деш йолу Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитет цIе йолу, тIом боьдуш дан амал доцуш бисинчу нахана гIо дан мухIажираша кхоьллина йолу организаци.
ХIун ю грант, хьа луш ду и ахча, стенна луш ду иза аьлла, хаьттира оха Бадалов Руслане.
Бадалов Руслан: «ХIора шарахь дехар до оху кху дуьненчохь йолчу и гранташ луш йолчу юкъараллашка. Масала, кху шарахь цхьа грант елла тхуна. Цуьнан гIоьнца 2000 ца кхочуш болчу мухIажирашна дан дезаш долу гIо-накъосталла дан дагахь ду тхо.
Цу юкъахь ду юридикан агIор латкъам беш гIо дар а, царна,орца даккха дезаш хилча, орца даккхар а. Цу балхана хьажийна ду оха и ахча».
ХIун эр дара ахьа, прокуратуран векло динчу дIахьедарх? ХIинццалц, цхьа а деш Iуналла а доцуш, болх беш дар шу?
Бадалов Руслан: «Цхьа беламе хIума хета суна иза. ХIунда аьлча, кIорггера оха лелош дерг а, тхо муьлш ду а ца хуучу нахана моьттур ду, цкъа а, цхьаммо а таллам а ца беш, организацеш ю тхан. Тхан органицази дийнахь а, буьйсанна а таллам беш а ю, дийнахь а, буьйсанна а тхуна ладугIуш а ду. Кхечанхьа хьежо ахчанаш а дац тхан».
Ткъа хIинца прокурорашна дIагайта кехаташ долуш дуй хьан?
Бадалов Руслан: «Шо даладелча статистикан урхалле а, юстицин министралле а, ял яккхаран полице, массо а меттиге хIора кварталехь дIалуш отчеташ ю оха. ХIора денна банкехь ладугIуш бу тхоьга. ФСБ а ю, прокуратура а ю, ерриг а сервисаш а ю. Тхо догуш хIумма а дац. Цхьана а хIуманна дага оьшуш дац тхо».
Муха нисло шу санна адамийн бакъонашларъярхойн а, Iедалан урхаллийн а юкъаметтигаш?
Бадалов Руслан: «Оцу прокуратуро 6 шарахь экстремизм лелош ву, экстремистийн гIоьнчий бу, къоманна юкъахь питанаш даржош бу аьлла, цIе а кхоьллина, болх бан ца дуьтуш дара тхо. ТIеххьара бакъо тIе а яьлла, уьш харц луьш хилар гучуделира. Бакъдерг дийцича, болх бан-м ца дитира тхо».
Дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо леррина низам тIеэцна дозанал арахьара мехкашкара гранташ оьцучу вовшахтохараллашна уьш кхечу пачхьалкхийн агенташ хиларна къера хилар тIедуьллуш долу. Шу реза дуй шаьш агенташ хилар даре дан?
Бадалов Руслан: «Массо а агIора а чIогIа харц хIума ду цара лелош дерг. Тхайна тIе доцург хIунда лоцуш ду оха? Тхан кепекан мах хир бац. Оха лелош дерг цхьа дош а хеташ, тхоьгара гIо-накъосталла а оьшуш, и гIо-накъосталла кара а деш лелачу нехан мелчIогIа дог дохор ду оха».
ХIун тIаьхьало хир ю аьлла хета хьуна, и низам кестта болх бан доладелча. Шу дIачIогIур ду цара?
Бадалов Руслан: «Цара тIеэцна болчу сацамашца гIуда тохар а, 6 баттана дIалацар а, цултIаьхьа чуволлар а ду. Куьйгалхочуьнан шен жоьпалла ду. Иза долуш ду. Амма и процесс йолаелча а бен, цара муьлха организаци къастор ю (хууш дац). Амма и низам бахьана долуш, жимма а, хIинца аса деш долу къамел а цхьана, бахьана а дина, иза коча олла йиш йолуш бу-кх уьш».
Бадалов Руслан санна прокуратуран талламах кхоьруш бац кхин болу а Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а болх беш болу бакъонашларъярхой. Царна юкъахь бу Мемориалан а, Нохчийчоьнан бакъонашларйон центран а, ГIалгIайчура Машран а, кхин йолчу а организацийн белхахой. Шайн хьулдан хIумма а дац бохуш, чIагIдо цара.