ТIамо НеI Етта Нохчийчохь

Нохчийчоь-- Нохчийн лаьмнашкахь дIадоьлхуш ду тIематасадаларш.

Кху тIаьхьарчу хенахь оццул дукха ницкъаллин структурийн белхахой цхьанаметта байина бацара Нохчийчохь. Цо аьтто бора меттигерачу Iедалийн тIемалойн ницкъ бац шайна дуьхьало ян, бохуш, чIагIдан.

ДIадаханчу кIирнах хиллачо юха а шеконе диллина Нохчийчура тIеман хьал кхоччуш дIадирзина бохург. Цу хеннахь Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанца хилларг билггала хIун ду хууш дац хIинца а.

Дагестанерачу Казбекан а, Нохчийчоьнан Ножай-юртан а кIоштийн дозанца тIематасадар дIадоьдуш а долуш, Маршо Радионца зIене боьвллачу, цу тIамехь дакъа лоцуш ду шаьш аьллачу, тIемалоша дийцира Iедалан цIарах герз лелочу нахах 4 стаг вийна, масийтта лазийна шаьш, аьлла.

ТIемалошна юкъахь долу дараш а дийцира цара. Шайх цхьаъ вийна кхин цхьаъ лазийна, бохуш, бара уьш. Амма тахана, и тIематасадар дIадирзинчулла тIаьхьа, хууш ду дараш шина а агIора алсам хилар.

Шена тIе тидам бохуьйтуш кхин цхьа хIума а ду. Iай, Чиллан-баттахь лаьмнашкахь диллина кIорга ло а долуш, тIемалой а, царна духьала лаьтташ долу полицин а, эскаран а дакъош а жигаралла гойтуш ца хьулу, лела атта долу хан тIекхаччалц, аьлла, собар деш. Амма кхузахь хилларг ша лаьташ ду.

Офицало дийцарехь, цу тIематасадаларехь дакъа лоцуш хилла тIемалойн кхо тоба, шиъ дагестанхойх а, цхьаъ нохчийн тIемалойх а лаьтташ йолу. Цу тайпаниг хIинццалц хилла дацара, бохуш, дуьйцу Маршо Радион аналисто Бабицкий Андрейс.

Бабицкий: "Цо гойтуш дерг ду цу меттехь тIемалойн тобанаш гулялар алсам долуш хила мега, бохург. Цу тайпана коопераци вайна хIинццалц гина яцара, Басаев а, цуьнан тобанаш а Дагестанна чуяхарх лаьцна йолу эпизодаш вай ца йийцича."

17 полицин белхахо цхьана талламан операцехь вуьш хилча, уьш кхоош бац, аьлла, ойла кхоллало, бохуш, дуьйцу Оьрсийчурча вевзаш волчу тIеман а, къайлахчу сервисашкахула а эксперт волчу Солдатов Андрейс.

Солдатов: "Со кхеташ вац, техникан гIирсех пайда хIунда ца оьцу цу кепара лаьмнаш а, хьаннаш а йолчу меттигашкахь тIом беш, бохучух. ХIунда оьшуш ду цигахь пайда эца, схьагарехь, ледара Iамийна болчу полицин белхахойх? ХIунда аьлча, байина нах буьстича, гуш ду цу нехан тIеман гIуллакх хаар лахара хилар."

Нохчийчоь – Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана дийцарехь, Ножай-юртIан кIоштIахь хиллачу тIеман операцехь цара вийна 7 тIемало. Амма и хаам шеконе билла бахьанаш ду, аьлла, хета Мемориал цIе йолчу бакъонашларярхойн центран белхахочунна Черкасов Александарна, хIунда аьлча, хьалха Нохчийчоьнан Iедалша шаьш байина тIемалой бу, бохуш, схьаоьхьуш хилла болу нах, уьш тIемалой хиллий-те, аьлла, шеко кхуллуш хиллан дела.

Черкасов: "Вайна хууш дац уьш тIемалой бу, я тIемалой бу, аьлла, дIакхайкхийна нах бу. Вайна, хьул дан аьтто а боцуш, билгала гуш дерш ду ницкъаллин структурийн дараш."

ДIадаханчу Шоьтан дийнахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Нургалиев Рашида президенте Медведев Дмитрийга хаам бира Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанехь дIаяьхьначу операцех лаьцна.

Оццул эшам хиларна министар даржах вохо мега, аьлла, хеташ хиллехь а, Нургалиевна и цхьанакхетар дIадирзира, даиман а санна, цхьа а вон тIаьхьало йоцуш.

Медведевс омра дира байинчеран доьзалшна гIо де, ткъа лазийначарна дарба де, аьлла а. Иза цо дуьххьара деш дац, изза бахаьана долуш, ша мехкан куьйгалхо волчу кху 4 шарахь.