ТIемалой гучубевлла Итум-Кхаьллахь

Нохчийчоь -- Итум-Кхаьлла боьду некъ, 05Манг2010

ТIемалой лоьхуш тIеман операци дIахьош бу Нохчийчура ницкъаллин структурийн белхахой ломарчу Итум-Кхаьлла кIоштахь. Даханчу Шоьтан дийнахь цигахь тIемалоша, къело а йина, лазийнера шиъ полицин белхахо.
Гухой олучу эвлан йистехь талламаш беш волу и шиъ эскархо иккхинера некъаца йоьллинчу мини тIехь. ХIинца, и тIелатар дина нах корор Iалашо а хIоттийна, цу кIошта хьажийна бу иттаннаш полицин а, кхин йолчу а ницкъаллин структурийн белхахой. Цара хаш хIиттийна шайна тIемалой дIасалела аьлла хетачу меттигашкахь.

Говзанчаша дийцарехь, Итум-Кхаьлла кIоштахь нохчийн тIемалой ганза дуккха а хан яра. Дукхахьолахь цара тIелатарш деш йолу меттигаш ю Нажин-юьртан а, Веданан а кIошташкахь.

Иштта кху тIаьхьарчу масех дийнахь талламан операциш дIахьош бара Нажин-юьртана гонахарчу хьаннашкахь Соьлж-ГIалара хьовсийна болу тIеман ницкъаш. Цара лоьхурш яра вежарша ГакаевгIара Хьусайна а, Муслима а куьйгалла деш йолу тIемалойн тобанаш.

Кху деношкахь тIемалоша тIелатар динера Дагестанан дозанца йогIуш хиллачу Оьрсийчоьнан эскархойн тобанна. Офицалан болчу хаамца, цигахь хиллачу тIематасадаларехь тIемалоша, герзаш а тоьхна, чевнаш йинера цхьана эскархочунна.

Цул тIаьхьа тIемалой Дагестанан доза долчу агIор дIабахана бохуш, чIагIдо Нохчийчурча полицин векалша.